ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Синбахамаллин министран хьалхара гIовс хIоттийна Кадырова Iайшат


Кадырова Iайшат
Кадырова Iайшат

Културин министран хьалхара гIовс ю мехкан куьйгалхочун йоккхаха йолу йоI Кадырова Iайшат. Кадыров Рамзана бина и хаам шен Телеграм-каналехь. Нохчийчоьнан куьйгалхочо бахарехь, уггар а чолхечу проекташца болх бина, куьйгаллехь лаьттина, шеца доккха зеделларг долуш ю 21 шо долу Кадырова Iайшат.

Иштта, цо билгалдаккхарехь, дуккха а пачхьалкхашкахь лору коллекцеш арахоьцучу модан цIийнан коьртехь хилла ю иза, дерриг дуьненна дIагайтина цо нохчийн гIиллакхаш а, ламасташ а.

Кадыровс яздо, шен йоI Нохчийчоьнан филармони кхиорехь а доккха дакъа лаьцна ю, бохуш. Кху шеран Зазадокху-баттахь мидал елира Iайшатна, республикана динчу гIуллакхашна.

Кадыровс чIагIдарехь, синбахамаллин (културан) министран Дааев Хож-Баудин лааме хьаьжжина, тIеэцна бу и сацам.

Нохчийчуьрчу Firdaws ("Фирдаус") модан цIийнан куьйгалхо ю Кадырова Iайшат.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG