ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

КIира: муфтийн кхерамаш, Кадыровна питанаш, лаьцна блогер, Чимаевн рекорд


Оршот
Нохчийчоьнан Динан урхаллан цIарах вистхилира муфтий Межиев Салахь, шен къамелехь IАДАТ телеграм-каналан модераторна Тепсуркаев Салманна таIзар дина нах бакъ а беш, Британехь вехачу нохчийн оппозицин политике Закаев Ахьмаде кхайкхам а беш. Пачхьалкъан "Грозный" телеканалан инстаграмерчу сайте хIоттийнера дIаязйина видео.

Нохчийн муфти Межиев Салахь
Нохчийн муфти Межиев Салахь

"Вайн зударий аьшнашбеш, уггар а дастаме къамелаш дина боьха хIума ю иза (Салман). Вайн наха иза лаца а лаьцна, шайн чIир эцна цуьнгара, ван ма веззара сийсазвеш",- боху видео тIехь муфтийс. Иштта Межиевс хьахийна, кху деношкахь оппозицин IАДАТ телеграм-каналан модератор ша ву тIейогIучу хенахь аьлла, дIахьедина Закаев Ахьмад а. Муфтийс кхерам тесна цунна, "хьо каронза вуьссур вац" аьлла. "Со церан да ву аьлла, охьахиина хьо, Закаев, цаьрца хила там болуш хIума ю хьо. Ахь муха до нохчийн къоман цIарах къамел, масийтта шо хьалха дуьйна хьайн гергарчара а цхьана долара ваьккхина волчу? Хьо тайпанан а вац, тукхуман а вац, хьо хIумма яц аьлла, дIахадийна волу хьо, ахь муха до къамел? Далла кIелхьара ваьлла ваха меттиг болуш ма вац хьо, жоп доьхур ма ду хьоьгара. Цу тIехь шеко яц! ", - аьлла, дIахьедо Межиевс. ТIаьххьарчу масех дийнахь Нохчийчуьрчу хьаькамаша цхьабоса дIахьедарш дира, Закаев кеп-кепарчу дешнашца емалвеш. Бахьана делира царна, оппозицин политико Гезгмашин-беттан 8-чу дийнахь IADAT-каналехула къамел дар, махкара вахархо, каналан жигархо Тепсуркаев Салман сийсазвеш яржинчу видеоца доьзна. Хилларг вуно эхье хIума ду Кадыровн Iедална а, дерриг нохчийн къоманна а, бохура Закаевс.


Шинара
Тепсуркаев Салманна иэхье таIзар дарх лаьцна хеттарш дира Оьрсийчоьнан Iедале Европан адамийн бакъонашкахула йолчу кхело. Иштта ю кхело шега "Iазапна дуьхьалояран комитето" деношкахь хьажийначу латкъаман хьокъехь яьккхина хьалхара гIулч.

Каляпин Игорь
Каляпин Игорь

Дуьненаюкъарчу адаман бакъонаш Iалашъяран а, коьртачу маршонийн а Конвенцин "Iазап дехкар" а, "Адаман паргIато" а дакъоша къастийна бакъо талхорах лаьцна бу хеттарийн чулацам. Бакъоларъярхоша сихонца Оьрсийчоьне жоп дехар а, Тепсуркаев волу меттиг билгалъяккхар а, цунна кхерамзалла хилийтар а дехнера Страсбурге. Европан кхело орзаца доьзна Тепсуркаев вадорах а, "Кадыров Ахьмадан полке" иза кхачорах а йолу материалаш ехна бакъоларъярхошка а, пачхьалкхе а. Кху кхаарин дийнан сарале жоп шега дIакхачор тIедожийраа Европан кхело. Гезгмашин-беттан 7-чу дийнахь дуьйна махкарчу Iедалхойн каравахна Тепсуркаев Салман шен цIийнах кхетанза ву хIинца а, цкъачунна хууш дац цунах хилларг а.


Кхаара
Оцу юккхехула дийца даьккхира Нохчийчуьрчу хаамийн гIирсаша, республикан куьйгалхочунна Кадыров Рамзанна дуьхьал кечдеш питана ду Малхбузерчу цхьана пачхьалкхехь аьлла. Оцу гIуллакхана леринчу къайлахчу лабараторешкахь цуьнан маска ю яйтина бохуш бара "Чечня Сегодня" агенталло бина и хаам.

Кадыров Рамзан, Делимханов Адам, Даудов Мохьмад
Кадыров Рамзан, Делимханов Адам, Даудов Мохьмад

Цуьнан информацица, Кадыровн сибатехь йина маска гойтуш видео яьржина социалан машанашкахь. Къаьстина и хаам eldit_net инстаграмерчу аккаунтера зорбан гIирсаша схьаэцна хилар. Видеона буха яздина ду, "Шолхаг" ("Двойник") аьллачу кодан цIарца Европехь Кадыров Рамзанна дуьхьал кечъеш операци ю аьлла. Маска йина йолуш лаьтта, "цуьнах пайда а оьцуш, провокацеш лелон нах бу лоьхуш", яздо REGNUM агенталло. Билгалдаккха догIу, яьржина информаци бакъйеш, официалан гIирсашкахь тоьшаллаш цахилар.


Еара
Австрин полицино лаьцна, Венера Мурад цIарца вевзаш волу нохчийн блогер, Асламханов Мурад а, цуьнан 29 шо долу ваша Мухарбек а аьлла, даьржира еарин дийнахь. Бинчу хаамца, бакъо йоцуш герзаш лелорна бехкевеш ву ши ваша.

Асламханов Мурад
Асламханов Мурад

Дуьххьара полици хеттарш дан кхайкхинера ши ваша кху деношкахь, цигахь гучудаьллера полисхошна, оцу шингахь герз хилар. Хаттам бинчул тIаьхьа маьрша битинера вежарий. Делахь а, кхаарин дийнахь АсламхановгIеран хIусамах хьовса баьхкинчу Iедалхоша лаьцна, вигинера ши ваша. 39 шо долу Асламханов Мурад бехкевина иштта, Нохчийчоьнан куьйгалхочун Кадыров Рамзанан а, цуьнан гонан а Австрехь беха гергарнаш бойъур бу ша аьлла, кхерамаш тийсарана. ТIаьххьара ша дIаязйинчу видео тIехь блогеро дIахьединера, Кадыровн а, парламентан спикеран Даудов Мохьмадан а, вице-премьеран Висмурадов Абузайдан а гергарчу нахана ша бекхам бийр бу, нагахь санна, шен даймахкахь бехачу гергарчу нахана тIе цара куьйгаш хьахь аьлла. Асламханов гоьвелира, Нохчийчоьнан куьйгалхочуьнга Кадыров Рамзане Австрин набахтера цо кхайкхамбича. Блогеро сийсазе къамел динера Кадыровга, цо а, цуьнан гоно а махкахошкахь латточу Iазапна тIехула. Шен шога къамелдарх цо кхетийра "Нохчийчоьнан куьйгалхочун кеп яра ша схьаэцнарг, цо иштта луьра до бахархошца къамел" аьлла. Австрин Iедалхоша сацам бина хиллера, Асламханов шайн пачхьалкхера аравоккхуш, Оьрсийчу цунна депортаци ян. Иза Оьрсийчоьне дIа ма ло аьлла, акци вовшахтоьхнера Австрерчу Грац гIалахь. Уьш тешна бара, Оьрсийчу жимачу стагана депортаци яхь, цуьнан дахарна кхерам бу хиларх. Кху деношкахь IАДАТАН модератор Тепсуркаев Салман сийсазвеш, таIзар динчул тIаьхьа юха а махкарчу Iедале вистхилира Асламханов, нах ма хьийзабе аьлла.


ПIераска
Ткъа, Францерчу Дижонехь лаьцна Нохчийчуьра ши вахархо. Къилба Африкерчу наркотикаш юхкучу нахаца хиллачу тийсадаларшна тIехула лаьцна и шиъ. Ниццехь веха 30 шо долу вахархо а, Доль олучу коммунехь веха 30 шо долу жимстаг а ву вуьйцург.

Франци, Дижон
Франци, Дижон

Кхел хиллалц лаьцна латтош ву и шиъ, яздо France Info гIирсо, гIалин прокуроран Матэ Эрикан дешнашна тIетоьвжина. Итт шерашка кхаччалц хенаш кхачайо цу шинна. Дижон гIалахь Мангал-беттан I2-I5-чу деношкахь, нохчийн цхьана жимачу стагана йиттича, нохчашний, Африкера схьабевллачу бахархошний юкъахь дов иккхира. Ницца гIалин мэрана Эстрози Кристианна арз дира кхеле францхойн "Лига прав человека" органиацино, цо массарна а хезаш "динан къестамаш барца доцург кхолларна". И кхайкхам бина, байначу баттахь мэро Дижонехь хиллачунна тIехула Францехь беха нохчий наркобизнесца боьзна бу аларна, яздо Францин хаамийн гIирсо.


Шотт
Соьлж-ГIалин мэрихь дIаяьхьначу кхеташонехь сацам бина, буьйсанна итт сахьт даьллачул тIаьхьа уллохь воккханиг а воцуш, гIалин юккъехула дуьйладелла лела бераш лоьцуш, рейдаш дIаяхьа.

Буса берашна тIехь Iуналла ца даро диканиг дохьур дац аьлла бу Iедалхойн хьажам. Иштта, шаьш толлур ю аьлла буса, берашна езаелла компьютеран клубаш а цхьана, цигахь ловзучу царна тIекхача тарло аьлла, хетташ", - дIахьедина шахьаран мэрин векалша. Старопромыслан кIоштан прокуроро а, полисхоша а дакъалаьцначу кхеташонехь билгалдаьккхина, тIекхуьучу чкъураца беш болу кхетош-кхиоран болх жигара баккха беза аьлла.

КIиранан де

КIира дирзира, Лас-Вегасехь дIаяьхьначу UFC Fight Night 178 турнирехь нохчийн латархочо толам боккхуш. Швецин цIарах леттачу 26 шо долчу спортхочо Чимаев Хьамзата вуьрхIийттолгIачу секундехь Миршерт Джеральд нокауте а вохуьйтуш. Чимаевн профессионалан спортехь карьера йолаелчхьана иссолгIа толам бу цо баьккхинарг, ткъа UFC-хь кхоалгIа.

Чимаев Хьамзат
Чимаев Хьамзат

Миршертца тасаваларна иштта промоушенера 50 эзар долларшкахь бонус кхаьчна Чимаевна. MMA Junkie гIирсо билгалдаккхарехь, 66 дийнахь латархойн чемпионаташкахь хIара кхоалгIа толам бу Чимаевс баьккхинарг. Цундела, 105 дийнахь Чимаевс баьхначчул толамаш хиллачу Уоркер Джоннин рекорд хIоттийна цо. "ХIара къаьстина, башха кIант ву. ХIара тайпа хIума суна дайна дац", - аьллачу дешнашца мах хадийна Чимаев Хьамзатан UFC-н куьйгалхочо Уайт Дана.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG