ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

ММА-н латархо Вахаев Iумар лаьцна Петарбухахь


Санкт-Петербургехь полицино лаьцна ММА-н латархо, Оьрсийчоьнан грэпплинган чемпион волу Вахаев Iумар, яздо Комсомольская правда газетано. Хаамийн гIирсашкахь еарин Iуьйранна яздира, кхаарин сарахь Южный олучу шоссена уллорчу цIийнан хьалха герзаш деттарх полицин декъе хаам кхачарх. Ницкъахошна, дийцинчу адресца схьакхаьчча карийна "ППО 539 10" тIеяздина ши гильза, экспертизе яхьийтинера.

"Герзаш деттачу юкъанна уьйтIахь лаьтташ ши машен хиллера:"Лада Приора" а, "Мерседес Бенц" а. Мерседес сацийча, оцу чохь хиллера Нохчийчуьра бахархой, ву царлахь гоьваьлла спортхо а", - аьлла, хаамбина "КП-Петербург" ресурсе полицин декъерчу хьостано.

28 шо долу Вахаев воцург а, 25 шарера 29 шаре ваьлла кхи а кхо стаг хилла цу чохь. Уьш берриш а полицин декъе дIабигина, протоколаш хIиттон а, хулиганалла лелорна бехкзуламан гIуллакх доло а.
Герзаш деттар толлуш ду, иштта къасто хьийза хиллий ММА-н латархо инцидентана гунахь.

2017-чу шарахь Петарбухарчу Московский олучу кIоштахь цхьана ресторана хьалха кегийрхойн тобано йитттинера ММА-н латархочунна, Оьрсийчоьнан грэпплинган чемпионна Вахаев Iумарна. Тергамчаша дийцарехь, самукъадоккхучу клубера араваьлла Вахаев машенаш лаьттачу паркинге воьдучу заманчохь, цунна тIевеанера ши жимстаг. Эххар а церан дар-дацар даьлла, латарца дIа а доьрзуш.

«Красноярскан хаамаш» газетано яздарехь, латале хьалха Вахаевс травматикан герз тоьхна хилла шена чугIертачун некха юккъе.

Оьрсийчоьнан грэпплинган чемпион а ву Вахаев Iумар, ишта ММА-н латархо а ву. 20I3-20I4-чу а шерашкахь 4-зза толамаш баьхна цо кеп-кепарчу латаршкахь. ТIаьххьарчу хенахь Петарбухахь ваха хиинера иза.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG