ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Финлянди: шен дахар кхерамна кIел хиларх хаам бина нохчийн оппозиционеро-блогеро Ломаевс


Тахана, ГIадужу-беттан 10-чу дийнахь арадаьллачу Финляндерчу Uutiset ("Керланаш") газето яздо шайн пачхьалкхехь вехачу Ломаевн дахар кхерамна к Iел хиларх лаьцна. Цо Оьрсийчуьра а, Нохчийчуьра а Iедал емалдо, цундела цуьнга претензеш ю Нохчийчоьнан куьйгалхойн, яздо газето.

Ломаевга Оьрсийчуьра кхаьчначу информацица, ах миллион кхайкхийна иза вейта, зулам дан гIертачарна хьаьа цуьнан Iусаман а, белхан а адресаш.

Бутт хьалха, Гезгмашин-беттан 10-чу дийнахь, Ломаев вен гIоьртина стаг лецира Финляндехь. Оцу хьокъехь нохчочо ша бира Маршо Радиога хаам. Финляндерчу низаман урхалло ха хIоттийна цунна тIе.

"Дерриг а дийца йиш яц, юкъара аьлча, тхо толлуш ду цунна кIелоярх долу гIуллакх, оцу белхан тобан куьйгалхо ву со. Тхуна хууш ду Австрехь а, Германехь а, Швецехь а, Францехь а нохчий байъина хилар а, оцу зуламнашна тIехьа лаьтта нах а билгалбевлла", - аьлла Финляндин полицин урхаллин векала Ихаксинен Микас меттигерчу Yle телеканалехула.

  • Ломаев Мусас канал леладо Ютубехь, критика йо Нохчийчуьрчу Iедална. Кавказ.Реалиина ша хьалхо еллачу интервьюхь цо дагалецира 2004 шарахь ша Соьлжа-ГIалахь Iедалхоша вадор а, террорна бехкевар а, шена тIехь гIело яр а. Цунна тIехь Iазап латторах лаьцна алссам довзийтира ша дийна йолуш журналиста Политковская Аннас.
  • Бутт хьалха Европан адамийн бакъонашкахула йолчу кхело шен сацамца Оьрсийчоь бехкейина Ломаевна гIелоярна, тIедожийна 50,5 эзар евроца цунна компенсаци ян.
XS
SM
MD
LG