ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

ГIалгIайн жигархо вер: ларамза хилла ду, я иза вен Iалашо хилла?


ГIалгIайчоь, Наьсара
ГIалгIайчоь, Наьсара

Вийначу жигархочун Ведзижев Юнусан дакъа дIадолла схьа ца ло ГIалгIайчуьрчу ницкъаллийн структураша. Адвокато Оздоев Басира бина цунах лаьцна хаам.

Карарчу беттан 16-чохь иза лоцучу заманчохь вийна ву Ведзижев. Нохчийчоьнца латтанаш хуьйцуш бинчу бертана дуьхьал хиларца гоьваьллера иза дуьххьара.

Ведзижевн гергарчарна хетарехь, иза вен тIаьхьабевллера цунна Iедалхой. Оцу гIуллакхца болчу цакхетамех яздо Кавказ.Реалиино.

Стохка Зазадокху-баттахь дуьйна бIаьрг тIехIоьттинера полисхойн Ведзижев Юнусна, ГIалгIайчоьнан Нохчийчоьнца латтанаш дIасадоькъуш барт хиллачул тIаьхьа Магасехь хIиттийначу митингашка иза ваьлча.

Кху шеран Чиллан-баттахь ВедзижевгIеран хIусамах хьовса баьхкира. Юнусан хIусамнанас дийцарехь, герзашца чубогIу нах гича, ша вен дагахь бу уьш аьлла хетта иза, вада гIоьртира. ТIаккха герзаш детта буьйлабелира ницкъахой. Гайх а, куьйгах а, когах а хIоьънаш кхетта, чевнаш йира Юнусна.

Цул тIаьхьа полисхоша дIахьедира, жигархочун цIа чохь дуккха а герз карийнера шайна аьлла. Бакъду, тоьшаллаш ца гайтира цара, билггал тIеман герз хиларх.

Ведзижевс чIагIдора, шен туьканахь бакъо а йолуш ша духкуш хилла имитацин герз дара иза аьлла.

ТIаьхьо полисхоша дийца даьккхира, ша духкуш хилла имитацин герз боккъал а долчу тIеман герзе дерзош чоь хиллера цо кечйина аьлла.

Иштта даредора цара, 23 автомат а, Калашниковн пулемет а, карабин а, "Борз" тапча-пулемет а, 12 тротилан шашка а, ши граната а, йиъ кеп-кепарчу маркехь тапча а, иштта, тайп-тайпана патармаш а дехира шаьш Ведзижевн цIийнах аьлла. Ткъа жигархо къар ца ло, и дуьйцу герз цара шена тесна дара бохуш.

Мангал-баттахь жигархочо дIахьедар дира видео а йоккхуш, экстремизмна дуьхьало латточу Центран белхахой ша вен лууш бу аьлла.

Иштта, цо чIагIдора, камераша дIаязйина хилла видео ю шегахь, цу тIехь гуш ду полисхоша шен хIусамера еза хIуманаш а, ша духкуш хилла имитацин герз а чуьра араоьцуш. Къаьстина, оцу герзан мах масех эзарна тIера цхьа миллион ах миллион сом гергга хилар а.

Кхин а цхьа бутт баьлча, карарчу шеран Товбеца-баттахь, Юнусан хIусамнанас гIо дехнера ГIалгIайчуьрчу омбудсмене, амма цуьнгара кхин жоп ца хилира цунна.

Оцу заманчохь Хорова Мариама хаамбира Кавказ.Реалиига, ша Оьрсийчоьнан Талламан комитете яларх, РЕН ТВ канална арз деш. Телехьожийлан йоьдучу эфирехь цуьнан цIийнда тIемало ву аьлла, дIакхайкхийнера цара.

ГIадужу-баттахь ша шолгIа лаца гIортталц Iедалх ведда лийлира Ведзижев. Кавказ.Реалиина еллачу интервьюхь дIахьедира цо, ша лаца гIортар 2018-2019-чу а шерашкахь митингехь хилар ду, амма шена дагахь а дацара, террорхошца уьйраш хилла аьлла, шена бехкаш дохкур хилар.

Лерина операци я ларамза хилларг?

Ша веле масех де хьалха инстаграмерчу шен аккаунтехь пост зорбане яьккхира Ведзижев Юнуса, ша вен гIерташ бу аьлла, хаамбеш.

ГIадужу-беттан 16-чохь суьйранна хаамийн гIирсашкахь яздора, Наьсарахь дIаяьхьначу спецоперацехь " ВАЗ-2106 машенна урхалла деш хилла тIемало вийна" аьлла. ТIаьхьо билгалделира, вуьйцург Ведзижев вуйла.

Чоьхьарчу гIуллакхийн министралло хаамбарца, полисхоша жигархочун машен сацийнера, цул тIаьхьа эккхийтар а хуьлуш, машен егира аьлла. Масех минот яьлча кхаьчначу орцанхоша дIаяйира цIе, амма аьтто ца белира машенлелорхо кIелхьарваккха.

Ведзижевн хIусамнанас бехкебе ницкъахой шен цIийнда верна.

"Велла вац, вийна ву. Машен ша шех ца иккхина, цара эккхийтина ю. Гинчара а дуьйцура, цкъа хьалха герзаш дийлира бохуш. Массарна а дика хууш ду, машен чохь волчу цунна хьалха герзаш тоьхна, цул тIаьхьа машен эккхийтина", - аьлла, дIахьедо Хорова Мариама.

Ведзижев билггал Iаш хиллачу цIийнах а, тIаьххьарчу беттанашкахь иза хьулвелла ваьхначу хIусамах а талламаш бина, амма хIуммаъ а карийна яц.

"Барам боцуш вер ду"

Кавказ.Реалиина комментари яла реза ца хилира Ведзижевн адвокат Оздоев Басир, хIунда аьлча, цуьнан гIуллакх хIинца а листина далаза ду.

Жигархо верах лаьцна дийца дуьхьал хилира цуьнан хIусамнана а. ХIокху хьолехь шена хала ду цунах лаьцна дийца элира цо.

"Яблоко" регионалан декъан куьгалхочо Муцольгов Руслана Кавказ.Реалиица хиллачу къамелехь дIахьедира, гIалгIайн протестийн боламан байъинчу жигархойх Ведзижев шолгIа ву аьлла. 2018-чу шеран ГIуран-баттахь вийра Росгвардин эскархоша Хашагульгов Муслим.

"Опора России" юкъараллан организацин декъан куьйгалхочо Оздоев Мохьмада "барам боцуш ду цуьнан вер" элира. Бен дац, митингца доьзна хиллехь а, ца хиллехь а аьлла хета цунна.

"Харцонах халкъ Iалашдан бакъо а, ницкъ а белла, амма оцу юкъанна нах бойъуш, Iазапаш лелош, нуьцкъаша ахчанаш дохучу нахана шога таIзар дан догIу", - боху Оздоевс.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG