ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Украинан бIаьхо Окуева Амина йийна 3 шо кхечи


Окуева Амина
Окуева Амина

Украинан бIаьхо, лор Окуева Амина йийна кхо шо кхечи тахана. 2017-чу шеран ГIадужу-беттан 30-чохь Киевна гергарчу Глевахехь цабевзачу наха герзаш диттира шен цIийндеца Осмаев Адамца цхьаьна иза чохь йолчу машенна. Коьртах кхеттачу герзо йийра Окуева.

Евромайданан декъашхо яра Окуева Амина. Дебальцево маьрша йоккхуш дакъалаьцна ю иза. Иштта, Луганскан кIоштахь тIеман декхарш кхочушдина а ю.

Украинин чоьхьарчу гIуллакхийн министран (МВД) хьехамча лаьттинчу, "Народный фронт" фракцин халкъан депутато, карарчу хенахь МВД-н куьйгалхочун гIовс волчу Геращенко Антонна хетарехь, иза еран коьрта верси ю Украинерчу хьолана оьрсийн къайлаха сервисаш дестабилизаци ян а, Нохчийчоьнан куьйгалхочун Кадыров Рамзанан гоно Осмаевна бекхам бан а.

Къоман полицин куьйгалхочо Клименко Игора а, Киеван кIоштан полицин хьаькамо Небытов Андрейс а дийцарца, Окуева Амина ерна шеконаш йолуш лаьцна, хьалха дуьйна Украинан вахархо волу, Дагестанера схьаваьлла стаг аьлла.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG