Оьрсийчоь машарбархой хIажош ю Ломан Карабахе. Путин Владимира а, Алиев Ильхама а, Пашинян Николас а цхьаьна кечдинчу дIахьедарна тIе куьгтаIийна, оцу регионехь тIемаш сацош. Ткъа Бакухь толам базбеш хиллехь а, Ереванан бахархоша ямартло санна тIеэцна шайн премьеро бина сацам, яздо Рейтерс агенталло.
Оьрсийчоьнан машарбархой новкъабевлла Ломан Карабахе. Шинарин Iуьйранна Ил-76 транспортан кеманаш тIемадевлира Ульяновскера. Цунах лаьцна хаам бина Оьрсийчоьнан тIеман министралло.
Оцу регионе хьажош ву 2000 гергга эскархо а, 400 сов тIеман техника а. Уьш цига дIакхачор доладелира, Оьрсийчоьнан а, Азербайджанан а, Эрмалойчоьнан а хьалханчаша цхьане барт беш дIахьедарна тIе куьгтIийначул тIаьхьа.
Оцу документца а догIуш, Лахьан-беттан 10-хь буьйса юккъеяьлча болх бан йолаелла буьззинчу барамехь герздеттар сацоран а, берриг а тIемаш сацоран а раж.
Ново-Огаревехь волчу Оьрсийчоьнан президенто Путин Владимира иштта элира бинчу бартах лаьцна: "Азербайджанан Республика а, Эрмалойчоьнан Республика а юьсуш ю шаьш карарчу хенахь дIалоцучу позицешкахь. Ши агIо тIеттIаIотталочу меттигашкахь Ломан Карабахехь а, Ломан Карабах Эрмалойчоьнан Республикица хотталучу коридораца а дIахIоттош ю Оьрсийчоьнан Федерацин машарбаран контингент.
Чоьхьара цIераболвла дезна нах а, мухIажираш а цIаберзор бу Ломан Карабахе а, цунна гонах йолчу кIошташка а, Цхьаьнакхеттачу Къаьмнийн Вовшатохараллан мухIажаршкалу волчу Лаккхарчу Комисаро Iуналла а деш.
Хуьйцуш бу йийсаре лецна эскархой а, кхин болу лецна латтош болу нах а. ДIалуш ду кхелхинчеран декъий.
Йостуш ю регионера къевлина лаьтташ йолу ерриг а экономикан а, транспортан а зIенаш. Транспорт дIасалеларна Iуналла латтор ду, юкъахь дакъалоцуш Оьрсийчоьнан Дозанан сервис а йолуш.
Эрмалойчохь тIом сацоран дIахьедарх лаьцна хаамаш тIеийцира яккхийчу дуьхьалонан акцешца а, къепедацаршца а. ЭргIадбахна Ереванан бахарорхой чулилхира Iедалан а, парламентан а гIишлошна.
Цара тIедожорца доьхург дара мехкан премьер-министр Пашинян шайца цхьаьнакхетар, цара иза ямартхо ву бохура. Парламентан спикерна йиттина, ткъа оппозицино дIакхайкхийна, шаьш и барт юхабаккхийта гIертар ду аьлла.
Шен агIор Пашиняна дIахьедина, шен кхин некъ бацара аьлла: "ХIоьттинчу хьолехь сан цхьа а шанс яцара кхин сацам тIеэца. Ас иза хIунда дина а, хIун бахьанаш дара кху тIаьхьарчу баттахь хиллачунна тIехьа латташ а бохучух кхето дагахь ву со. Сан дан йиш яц иза хIинцца, цхьа бахьана долуш – тIемаш сацор коьрта Iалашо ю, ткъа ас цхьаъ дIахьедахь, цо кхерам бохьур бу адамийн дахарна".
Азербайджанехь дIаяханчу буса адам самукъадаьлла дара. Бахархой тIемаш сацор даздан арабевллера урамашка. Цхьане дина дIахьедар махкахь тIеэцна, Бакуно, шеко а йоцуш, толам баккхар санна.
Бакухь вехачу Хейбетов Джахуна, масала, иштта элира Рейтер агенталле шена хетачух лаьцна. "Ас корта охьатаIа бо кхелхинчу эскархойн доьзалшна а, наношна а хьалха. Тахана вай доккхаде аьтто бу, церан бераша шайн цIий Iанор бахьана долуш. Царна хьалха корта охьатаIа бо ас, кхин сан ала хIумма а дац".
Азербайджанан президенто Алиев Ильхама Карабахера дов дIадерзорехь Оьрсийчоьно ша тапа дакъалацар билгалдаьккхира. Цо баркалла элира Путин Владимирна дакъалацарна. Алиевс билгалдаьккхира, бина барт богIуш хилар, Азербайджанан а, Эрмалойчоьнан а халкъийн лаамашца
Республикан лидеро иштта билгалдаьккхира Туркойчоьнан президентан Эрдоган Реджепана дакъалацар а. Цо дийцарехь, регионехь хир бу туркойн машарбархой а.
Ломан Карабахехь тIемаш буьйлабелира Гезгмашин-беттан 27-хь. Шина а агIоно дIахьедарш до шайн дуьхьалончийн эскархошна юкъахь даккхийн дараш ду, бохуш. Ткъа байъинчеран терахьаш ду эзарнашкахь. Азербайджанан аьтто баьлла Шуша дIалаца. И гIала ю регионехь мехала стратегин меттиг.