ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Туркойн эскархой Карабахехь хир бац, хаам бо Кремло


Путин Владимир а, Алиев Ильхам а
Путин Владимир а, Алиев Ильхам а

Кремлан сайта тIехь шинарин дийнахь зорбане даьккхина Ломан Карабахехь тIемаш совцош Оьрсийчоьнан а, Азербайджанан а президентийн а, Эрмалойчоьнан премьер-министран а дIахьедар.

Цуьнан текст доккхачу декъана цхьаьнайогIуш ю хьалхо "Спутник-Армения" телеканало йовзийтинчу текстца, цхьа дукха баккхий боцу хийцамаш балахь а, яздо Маршо Радион Оьрсийн сервисо. Ша аьлча, Кремло зорбане яьккхинчутекстехь билгалдоккхуш ду, Эрмалойчоь а, Ломан Карабах а хуттуш йолу Лачински олу коридор "юьсуш хилар Оьрсийчоьнан Федерацин машарбаран контингентан Iуналлехь".

Документехь аьлла ду герзаш деттар 0 сахьт даьлча Лахьанан-беттан 10-хь сацош хилар а, Азербайджанна Лачински а, Кельбаджарски а, Агдамски а кIошташ дIаяларх а, Ломан Карабахехь а, Лачински коридорехь а шина агIонан эскархой гергабахар долчу шуца 1960 эскархо-машарбархо дIатарвеш хиларх а лаьцна. Хьалхо хаам бинера Оьрсийчоьнан эскархошца а, техникица а кеманаш дахарх лаьцна уьш дIатарбечу меттигашка.

Азербайджанан президенто Алиев Ильхама Путин Владимирца видеозIенехула къамелдеш, дIахьедарна тIе куьг таIадале (дIахьедарна тIе куьгаш таIийра дистанцин кепехь) оршотан сарахь иштта дIахьедар дира, "таханлерчу дийнан дIахьедаран пунктех цхьаъ ю Оьрсийчоьно а, Туркойчоьно а дIахьура йолу машарбаран миссси" аьлла.

Шина президентан къамел дIаяздина аудио зорбане яьккхина Азербайджанан президентан сайта тIехь. Алиевца къамел деш Путина цуьнан дешнаш харц ца дира, делахь а Кремлан сайта тIехь зорбане даьккхинчу документа тIехь туркойн машарбархой хьахийна бац.

Карабахехь дIатарбийр буй туркойн машарбархой аьлла, шега хаттар дича, Кремлан зорбан-секретаро Песков Дмитрийс шинарин дийнахь "бац", аьлла, жоп делира. Делахь а, цо бакъдира кхаа пачхьалкхан лидерша дийцаре дина хилар, Туркойчоьно дакъалоцуш Карабахан юьстаха мониторинган центр хирг хилар. Песковс дийцарехь, иза дIатаръярца доьзна хаттарш - ша кхин барт бан безаш гIуллакх ду.

Зорбане даьккхинчу дIахьедарна тIехь иштта пункт ю: "Бина барт конфликтан агIонаш кхочуш баран эвсаралла лакхаяккхар Iалашонца кхуллур ю герзаш деттар сацорна терго йон машарбархойн центр". ХIара аьлла, Туркойчоь цигахь хьахийна яц.

Карабахехь конфликт йоьдуш Туркойчоь тIехIоьттира Азербайджанна, цуьнан бакъо ю и конфликт ницкъаца дIаерзо аьлла.

Кхаа пачхьалкхан лидерша цхьаьна дIахьедар тIеэцарх лаьцна хиира оршотан сарахь, Ломан Карабахехь а, цунна уллехь йолчу кIошташкахь кхиамца тIемаш деш тIедоьдуш Азербайджанан эскарш а долуш.

Эрмалойчохь тIом сацоран дIахьедарх лаьцна хаамаш тIеийцира яккхийчу дуьхьалонан акцешца а, къепедацаршца а. ЭргIадбахна Ереванан бахарорхой чулилхира Iедалан а, парламентан а гIишлошна.

Цхьамогг1а оппозицин ницкъаш кхайкхамаш бо Пашиняне, премьер-министран дарж дита бохуш. Ша Пашиняна дIахьедина, шен кхин некъ бацара т1ом сацон а бен, арми яра машарбарехьа аьлла.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG