ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Нохчийн туризман сатийсам? Цхьана Кадыровна бен оьшуш яц "Ведучи" курорт


Совдегар Байсаров Руслан а, Нохчийчоьнан куьйгалхо Кадыров Рамзан а
Совдегар Байсаров Руслан а, Нохчийчоьнан куьйгалхо Кадыров Рамзан а

ГIосалазийн курорт "Ведучи" шорйийр ю кестта – цигахь гIишлош тIеян йолош ю, дIахьедина Нохчийчоьнан кукьйгалхочо Кадыров Рамзана. Оцу сацаме веара Кадыров Нохчийчу Генарчу Малхбалера президентан векал Трутнев Юрий веана а волуш. Дуьззина кхеташ дац, стенна эшна Трутневна Нохчийчоьнан балакхача, амма махка веъча иза вигира "Ведуче", иза цунна тан а тайра.

Хьаша Нохчийчуьра дIавахначул тIаьхьа телеграм-каналехь анонимаш бевлира, Оьрсийчоьнан экономика кхиоран министран гIовса Бабич Михаила курорт шоръяр юкъахдаккхийтина аьлла. Амма иза бакъдеш гучуяьлла яц информаци кхечу хьасташкахь.
"Ведучи", ца хеддаш, аьхка а, Iай а туристашна латтийта гIертар – иза боккха болх бу, бина баккха а атта доцуш. 2010-чу шарахь болийра гIосалазийн некъаш цигахь бахка. Юьхьанца къастийна Iалашонаш дуккхаза а хийцаелира: 19 трасса буьллур бу бехира болх болочу заманахь, ткъа ца биллира шиъ бен, нохчийн бIаьвнийн хеьсапехь хIиттор ю баьхна аьнгалин хIусамаш а йисина кехат тIехь.

Проектана ахча доьхуш латтийначу къовсаме хьаьжча, нохчийн лаьмнашкахь данделларг а ду доккха хIума: тоъал дика ши хьешан цIа, юьстахо лаьтта пхи гIишло (аьнгалийн бIаьвнийн метта). Дика бацахь а, тIулган некъ а бу "Ведуче" биллина – цунна асфальт билла дагахь ду Iедал. Дукха хан йоццуш гайтира цигахь биллина гIосалазийн керла трасса – башхачу гIирсах бина хиларе терра, дерриг а шарахь, ло ца хиларх а, хехкабала аьтто лур бу цо спортсменашна. Ло кIезиг Iуьллучу меттигна карийна дика вариант ю иза.

"Ведучи" – Нохчийчоьнан туризман коьрта проект ю. Иза вуно чIогIа оьшу Кадыров Рамзанна, махкахь туризм чIагIъелла гайта гIерта иза. Бакъду, и курорт хIинца тIех оьшуш а вац совдегар Байсаров Руслан (Forbes журнало 2019 шарахь хIоттийначу "Оьрсийчуьра уггаре дукха бахам болу 200 совдегар" олучу рейтингехь ву иза – Редакцин билгалдаккхар). Иза вара Итон-Кхаьллан лаьмнашкахь Кадыровн лаам кхочушбан болийнарг а, кредиташ лохуш дIабаьхьначу белхан а хьалханча. Цо 2018-чу шеран аьхка "Ведучи" олучу шен бахаман ерриг а 100% акцеш дIайоьхкина махкахь тIех вевзаш а воцчу совдегарна Махамаев Адамна. ХIинца веккъа и цхьаъ ву курортан да, "Ведучи" эцале цуьнан долахь яцара цIаста доккхуш йолу цхьа компани бен, яра иза экономикан зона лоруш йолчу Ведучи юьрта язйина.

Тамаше сурт ду цигарчу 2013-чу шарахь туризман кластер "Ведучи" йиллархьама юкъаяьккхинчу экономикан зонин резиденташца дерг а. "Къилбаседа Кавказан курорташ" сайта тIехь цхьаъ ву гайтина резидент – Локтионов Анатолий. Иза ву курортан куьйгалхо, резидент хIоьттина 2014-чу шарахь, капитале 11 901 миллион сом а диллина. Иза юьхьанца ван а вара "Ведучи" компанин инарла директор, амма хIинца цуьнан долахь бахам бац, кхечу, Пятигорскехь йолучу компанин дакъа доцург. Дац карош информацин дуьненахь Байсаровн я Махамаевца а, я Локтионовца а зIенаш хилар гойту тоьшалла.

"Ведучи" компани ша дIайоьхкина хиларе терра, сацийна Байсаров Руслана Внешэкономбанкан куьйгалхошца къамелаш дар а, курорт шоръян оьшу ахча лехар а. 2011-чу шарахь болабелира берриг а болх - "Ведучи" пачхьалкхо инвестицийн программе а хIоттош, ахчанаш довр дацарх цо гаранти кхайкхийча. Внешэкономбанко ша 10,2 млрд сом кредит ло 9 шарна Байсаровга аьллера. 120 объект яра хIетахь Къилбаседа Кавказехь ян кечъеш, ахча лур ду бохура 38 167,65 млн сом, некъашна, коммуникацешна шайнна къастош а дара 1 милллиард гергга. Амма цул тIаьхьа ГIирма яккхарца доьзна проблемаш гIиттира пачхьалкхехь, ахча кхоон юьйлира Москва.

2014-чу шарахь Кадыровс дийхира Медведевга Внешэкономбанкан куьйгалле "Ведучи" курорт йилла ахча далийтар – хIунда аьлча, банко проект къобал ца йинера, пачхьалкхо ахчанна гаранти а дацара лойла. Байсаровн компанино Внешэкономбанке кехаташ хьовсийра хьалха дехначул кIезиг кредит доьхуш - 8,4 млрд сом. Банко ца делира жоп, рогIерчу шарахь ойла йийр ю, элира.

2016-чу шарахь ша "Ведучи" проекте хьожуш ю, иза ян 1,8 млрд сом кредит дала тарло ша, бохура. Шо доьрзуш ша-къастийначу "Ведучи" экономикан зонехь билгалвелира веккъа цхьа резидент (Локтионов Анатолий, гарехь), ткъа 2017-чу шарахь оцу зонина тиллира "пачхьалкхера уггаре а эвсараллах эшна объект" цIе. Нохчийчуьрчу экономика кхиоран министралло берриг а бехк дIахьажийра ахча даллане а ца деллачу Внешэкономбанканна тIе. 2018-чу шарахь шен бизнесера "Ведучи" дакъа дIадоьхкира Байсаровс таро йолчу нахалахь хезна а воцчу совдегарна.

Мухха а нисделлехь а, 2020-2014 шерашкахь тIеян езаш ю Ведучехь гIишлош. Дерриг а хIоттийначу Iалашонан лорах дIадоьду, оьшу ахча цига дуккхаза а лахдина кхаьчнехь а. Ткъа 2025-чу шарахь рогIера кхоалгIа мур богIур бу курорт шаръян. Цкъачунна хууш дац, "Къилбаседа Кавказан курорташ" цхьаьнакхетаралла дагахь ю я яц "Ведучи" шарахь 180 эзар турист воьдучу курортан куьце ерзо, 719 стаганна цигахь болх нисбан, Iалашонехь ма-хиллара, 2041-чу шарале пачхьалкхан бюджетан инвестицешкахула дайъина ахча меттахIотто.

Оцу хенале "Ведучи" (теорино дийцарехь) ша еш дайъина ахча меттахIоттийна ер ю курорт. Кадыров Рамзанан кхочур ду 65 шо, Путин Владимиран – 89.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG