ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Нохчийчоь: догIа тоьхна туризм


"Ведучи" курорте веана хьешашца Нохчийчоьнан куьйгалхо Кадыров Рамзан, 2018 шо
"Ведучи" курорте веана хьешашца Нохчийчоьнан куьйгалхо Кадыров Рамзан, 2018 шо

"Ведучи" курорт йина чекхъяккха ахча хьажо лууш ву Кадыров, амма цкъачунна хьеший кхойкхуш бац Нохчийчу.

Кеста "Ведучи" курортана тIехь белхаш дIаболош шолгIа мур болор бу – мел лахара а, мехкан куьйгалхо ву ишта дегайовхо йолуш, яздо "Кавказ.Реалиино". КIира хьалха республике кхайкхира цо, "Ведучи" курорте хьажа а, ахча проектана оьшуш хиларх тоьшалла чIагIдан а, Оьрсийчоьнан Iедалан векал Трутнев Юрий. Нохчийчохь карантинан раж малйинчул тIаьхьа хир долуш цу церан цхьаьнакхетар.

Кадыровн лаамийн проект

Итт шо а ду Нохчийчохь "Ведучи" курорт ян йолийна, масийттазза схьа а йиллира иза. Дуьххьарлера презентаци хилира 2010-чу шарахь, шолгIа – 2013-чохь, юха 2015-чу шарахь кечам бира шуьйра даздаршца иза схьаелла.

Оцу "барамашка" богIура репортераш а, сноубордхой а, когсалазаш хоьхкурш а, иштта хилира цигахь актер Джигурда Никита а, рэпер Тимати а.

Бакъду, ша бакъйолу презентаци дIаяьхьира 2018-чу шарахь. Курортан официалан сайта тIехь бина хаам бу, "Ведучин" ши шо кхаьчна аьлла.

2014-чу шарахь ерриг Оьрсийчохь хIоьттина кризис ца хиллехь, Кадыров Рамзанан лаамийн проект тоххарехь чекхъяьккхина хир яра. Яккхийчу проекташна ахчанаш хьежор сацийра хIетахь, Къилбаседа Кавказерчу курортийн коьртачу кредиторо, Внешэкономбанко. Цо Нохчийчоьнна лур ду аьллачу ахчанан барам хийцалора. Масала, 2011-чу шарахь банко 10,2 миллиард сом лур ду аьллера, ткъа 2014-чу шарахь бизнесхочо Байсаров Руслана 8,6 миллиард дехнера Внешэкономбанкера. 2016-чу шарахь кхин а лахбеллера цуьнан барам - 1, 8 миллиард сом. 2013-чу шарахь 7,17 миллиард соьмана пачхьалкхо гарантеш елира курортан проектана, амма ахча дохка таро ца хилира, хIунда аьлча, Внешэкономбанкех чекх ца елира проект.

Эххар а, 2014-чу шарахь "Ведучи" курортах информаци карла а яьккхина, юха а дIахьейира. Цу тIехь язйина яра лаьмнашкахь когсалазаш хехка 16 трасса а, 10 эзар квадратан метар тIехь йохкаран а, самукъадаккхаран а объекташ а, говрийн манеж а, вертолетан майда а, 560 машен дIахIоттон паркинг а. Проектехь мел оьшу хийцамаш ша биннашехь, ВЭБ банко ахча ца ло бохуш, латкъамаш бинера Кадыровс хIетахь премьер-министр хиллачу Медведев Дмитрийга. Делахь а, ахча банко ца делира.

2016-чу шарахь инфрастурктуран объект яцара цигахь хьалайина, ткъа кхоьллина белхан меттиг - бархI яра.

Карарчу заманчохь курортехь болх беш ю ши отел. Томехь йолу чоь лаца йиш ю 2 500 соьмах. Бу цигахь когсалазаш хохку масех трасса а. Стохка Iай схьабиллира цигахь, дуьненчохь а уггар беха трасса.

Курортан сезон йолаяла гена дац

Бакъду, атта дац Нохчийчу кхача. Пачхьалкхехь цхьа мохк бу иза, республике вогIуш коронавирус яц аьлла, карахь кехат-тоьшалла оьшуш. Нохчийчу кхаьчначул тIаьхьа шина кIиранах карантинехь латтаво.

"Кавказ.Реалии" порталан корреспондентаца хиллачу къамелехь "Архыз" курортан менеджеро дийцира, шаьш хIинца а карантинехь хиларх лаьцна.

"Тхуна тIехь урхалла дийриг цхьа компани ю. Нагахь санна, "Архыз" болх бан йолалахь, Нохчийчоь а схьайоьллур ю", - аьлла цо.

Хьешан хIусамаш – долара организацеш ю цундела шайн лаамехь йиш ю церан туристаш дIатарбаран низамаш хIиттон. Курорташка болх болабайтарх дийцарш деш ду хIинца а.

"Цара болх болийча, шина кIиранчохь карантинехь хан яккха дезар хир дац. ХIинца пурба делла, медицинан лицензи йолчу отелашкахь нах дIатарбан, цигахь ши кIира лардан деза цара. Амма жимма собар дича гIоле ду", - аьлла, тIетуху "Архызан" менеджеро.

Ткъа "Ведучехь" йолчу хьешан хIусамийн цу кепара лицензеш яц. Билггал курорташ маца схьайоьллур ю цахаарал а сов, кхин проблемаш а лаьтта кхузахь. Курорташкахь адам ца хилча, цхьана а кепара барамаш бац цигахь хIиттош.

"Адамаш ца хиларна, цигахь шун самукъа ца дала там бу", - аьлла хета менеджерна.

"Ведучи" проект йина а ялийтина, республике лелачу туристийн терахь лакхадаккха Кадыровн лаам белахь а, хьалхе ду дийца, маца йолалур ю сезон бохучух лаьцна. ХIинцца бен ца долийна Нохчийчохь диттина дозанаш малдан, комендантан сахьт юха а даьккхина. Амма республике чувогIучун карахь COVID-19 вирус яц аьлла, йинчу тестан жамI хила деза.

"Пачхьалкхехь а уггар шога карантин яра тхо долчехь. Цхьанхьа садаIа дахарх лаьцна хьехадойла а дац. Со-м хIинца а балха араяла йиш йоцуш ю", - дийцира "Кавказ.Реалиига" Соьлж-ГIалин яхархочо.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG