ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

"Аймани" метта "Шаймани". Хьанна болх беш ю Нохчийчуьра цензура


Нохчийчоь. Оьрсийчоьнан президентан Путин Владимиран а, нохчийн лидеран Кадыров Рамзанан а суьрташ лаьцна лаьтташ ду адамаш Лахьан-беттан 4-хь Соьлж-ГIалахь, Халкъан цхьааллин де даздарна леринчу митингехь.
Нохчийчоь. Оьрсийчоьнан президентан Путин Владимиран а, нохчийн лидеран Кадыров Рамзанан а суьрташ лаьцна лаьтташ ду адамаш Лахьан-беттан 4-хь Соьлж-ГIалахь, Халкъан цхьааллин де даздарна леринчу митингехь.

Нохчийчоьнан куьйгалхочо Кадыров Рамзана, Куршлой гIалахь керла йина берийн ловзаран центр схьайоьллуш, тIедожийра цигахь дехкинчу Капитан Америка санна болчу туьйранийн турпалхойн сурташ бакъ болчу нохчийн турпалхойн сурташца хийца аьлла.

"ВКонтакте" социалан машанерчу шен агIонехь цо дийцира, ша инспекцица Куршлойн гIалахь ечу лекхачу гIишлойн комплексе а вахна, иза йина яьлла хиларан таллам бан а ваханера, "цхьа кIеззиг нисдарш а дира ша берийн ловзаран меттигаш кечъярехь" аьлла.

Ма-дарра дийцича, хьан цIе ю Аймани, Ма-дарра дийцича, сан цIе ю Гилани.

Цхьана гIишлонан пенаш кечдинера Marvel паналлан безаш болчу турпалхойн Капитан Американ а, Торан а, Аьчкан стеган а сурташца.

Гайтаман сурт
Гайтаман сурт

"Кхоьллина йолчу оцу персонажийн сурташ дIадаха деза, иза фантазеш ю. Дахка цига вайн баккъалла а болчу турпалхойн сурташ. Вайн динан а, халкъан а исторехь бу дуккха а хьакъболу турпалхой, масал эца а, эца догIу а. Ткъа моьтту уьш бен кхин турпалхой а бац", - элира Кадыровс шена гонахбевллачу Ӏедалан гӀуллакххошка.

Нохчийчоьнан куьйгалхоша оцу кепара чулацам болу шайн лаам гайтар дуьххьара хуьлуш дац. Дийцарехь, генарчу 1991-чу шарахь йозуш йоцу пачхьалкх ша дIакхайкхийна Нохчийчоьнан хьалхара президент Дудаев ЖовхIар реза воцуш хиллера, берийн бешашкахь а, юьхьанцарчу классашкахь а лелочу дешаран книжкашка а, цхьацца дешаран пособешка а, доьшучу туьйранашка а бIаьргтоьхначул тIаьхьа.

Цигах дикачу агIор турпалхой санна дуьйцурш хьакхийн херсеш а, пхьагаалан кIорнеш а, кхин долу а турпалан лелар доцу дийнаташ хиларна, ткъа борз – нохчийн къоман символ – даиман а аьтто боьхнарг а, цхьа пекъар санна гойтуш хиларна а.

Борз, гайтаман сурт
Борз, гайтаман сурт

Делахь а цу хенахь гIуллакх цензуре ца делира, и тайпаниг Нохчийчоьнан исторехь хьалха хиллехь а, масалла 1983-чу шарахь.

Советан зама йолчу хенахь школехь дешначарна дагадогIур хир ду хIора шарахь дешархоша макалатура гулъеш хилла хилар. Ширачу газеташна а, тетрадашна а, картонна а, книжкашна а, кхин долчу кехташна а юкъахь наггахь карайора вуно мехала литература.

Цхьана дийнахь, иштта ерриг эвлара схьагулйинчу макалатури юкъахь суна карийра, нохчийн маттахь йолчу литературан дешаран книжкашна т1ера схьаяьхначу агIонийн дийна оьла. Иза дара 19-чу бIешарахь ваьхначу вевзаш волчу гуьржийн яздархочун Казбеги Александран кхоллараллах лаьцна дакъа.

Хууш ма-хиллара, Казбегин "Отцеубийца" (Да вийнарг) а, "Циция" (Цици) а романийн тоьлла агIонаш лерина ю нохчийн дахарна, ткъа "Элисо" дийцар дерриг а ду гуьржийн яздархо вуно дика хиллачу нохчех лаьцна. Казбегина дика девзаш хилла нохчийн дахар а, гIиллакхаш а, евзаш хилла церан амалш.

Гуьржийчоь, Казбеги Александрна хIоттийна хIоллам (статуя)
Гуьржийчоь, Казбеги Александрна хIоттийна хIоллам (статуя)

Цунах лаьцна яздо гуьржийн литературан говзанчо Лагвилава Арзакана Белоусенко Александран электронан библиотекехь маьршша еша зорбане яьхначу Казбеги Александранк ромашна а, дийцаршна а йинчу аннотацехь. Цуьнца цхьаьна цо хоуьйту ешархо къиза Iехалур хиларх лаьцна, нагахь цо йоьшуш йолу Казбегин роман а, я дийцар а 1970 шо тIекхачале зорбане даьккхина делахь, хIунда аьлча, Нохчийчоьнах а, нохчех а лаьцна тексташ царна юкъара… дIаяьхна хиларна.

Нохчийн халкъана депортаци йинчул тIаьхьа, Кремло бина хадам - нохчех лаьцна цхьа а дика дош цаалар – низаман кепехь а бара, дуьхьал дош ца далош массара а кхочушбеш а бара.

"Масала,"Отцеубийца" (Да вийнарг) романна юкъара орамашцана дIадаьккхинера Гуьржийчуьра бевдда коьрта турпалхой Начо а, цуьнан нускал а, ткъа иштта доттагI а луларчу Нохчийчу кхачарх а, цигахь уьш вуно дика, тергамца а, гӀайгӀа беш а тIеэцарх а лаьцна дийнна дакъа.

Вуьшта, Казбегин "Дагалецамашкахь" цхьа меттиг ю сема цензорша йитина - "буьйсанна хезаш хилар юьгучу говрийн бергийн тата"... Иза хIунда йитана бохучунна т1аьхьакхиа хала дац.

РогIера голатохар хилира историн 1980-гIа шераш дуьйлалуш. КПСС-н (Советан Союзан Коммунистийн партин) инарла-секретаран дарж КГБ-н хилла гIантда Андропов Юрий хIоьттича, шайн болх жигарабаьккхира цензорша, Казбегин кхолларалла юха а юхьарлацарца.

Андропов Юрий (юккъехь)
Андропов Юрий (юккъехь)

Цу кепара юха а цIанйира нохчийн маттахь йолу литературан дешаран книжка, цуьнан кхоллараллех лаьцна агIонаш юкъара дIаяхарца.

Делахь тахана хьал хийцаделла юха а. 10-чу классан учебнико нохчийн литературан юьххьехь лаьттинчу Арсанов СаьIид-Бейн, Мамакаев Мохьмадан, Ошаев Халидан, Гадаев Мохьмад-Селахьан, Исаева Мареман, Музаев Нурдин, иштта царел тIаьхьа юкъабаьхкинчу яздархойн Эдилов Хасмохьмадан, Гайсултанов Iумаран кхоллараллашца цхьаьна дешархошна Iамайо Казбеги Александран произведенеш а.

Цу кепарниг, оццул яккхийн масштабашкахьь ца динехь а, хилира кху заманан Нохчийчохь 2010-чу шарашкахь. Цензура йинарг яра 19-чу бIешеран Нохчийчоьнан истори Iамош пайда оьцу пособи. Цензорша доккха сакхт лерира цуьнан авторша, 19-чу бIешарехь ваьхна вевзаш волу нохчийн динда, шайх Кишиев Кунта-Хьаьжа Сибрех бала лайначул тIаьхьа 1867-чу шарахь бIаьста велла аьлла яздар. Оцу хаамехь дIоггара башха доьхна дуьйцуш хIумма а дацара, нагахь цу хаттаран бух хьуна бевзаш бацахь. Дерг хIун ду аьлча, Нохчийчохь цхьана а ден бакъо яц шайх велла аьлла дийца.

Кишиев Кунта-Хьаьжа
Кишиев Кунта-Хьаьжа

Кавказ.Реалиино яздарехь, историн а, легендин а чулацам болуш долу Кунта-Хьаьжех лаьцна дуьйцург а, аьлларг а бакъдолуш санна тIеоьцуш ду. Цхьа а хIума дац шеконе дуьллуш. Шеконе юьллуш яц цхьа а цуьнах лаьцна юьйцу цхьаъ вукхуьнца ца йогIу факт а. Шеконе йохкуш яц телевизионехула а, зорбан гIирсашкахула, цхьацца динца йоьзначу мероприятешкахь а, Iедалан сруктураш Iуналла а деш, юьйцу истореш.

Цундела цкъа дуьххьара "нисъяр" Iалашонца дешаран пособеш дIагулйира школашкара, ткъа цул тIаьхьа сацам бира иза школан программина юакъара дIаяккха.

Наггахь беламе хуьлу, республикан куьйгалхочунна Кадыров Рамзанна хьастабала гIертачу Iедалехь болчу наха лелориг. Цара шайн лаамехь хуьйцу цхьадолу дешнаш а, цIераш а, аларш а, дуккха а шераш хьалха зорбане девллачу дийцаршкахь а, байташкахь а.

Иштта, иттех шо хьалха 5-чу классан дешаран книжки юкъара дIаяьккхира "Рамзан" цIе, масаллина ялийначу предложенехь "Рамзан цIе йолу кIант" аьлла вуьйцург, вониг деш хилла персонаж санна хьахийна хиларна.

Изза хилира поэтан Ибрагимов Лёмин "Ма-дарра" байтехь хьахийначу "Аймани" цIарах а. Дуьххьара иза зорбане йоккхуш цуьнан кеп иштта яра.

Ма-дарра дийцича, хьан цIе ю Аймани,
Ма-дарра дийцича, сан цIе ю Гилани.

Поэтана хуийла дацара кхана хиндерг. Цундела 2005-чу шарахь зорба тоьхначу байтанчийн гуларна тIехь и байт зорбане яьлча, цхьа а вацара цу кепара кегийра хӀуманаш тидаме оьцуш.

Амма хенан йохалла хийцамаш бан безаш хьал хIоьттира. "Ма-дарра" байтан турпалхочух йира, наггахь а бен туьллуш йоцу, амма рифмаца йогIуш йолу Шаймани. Бакъду, цхьа а бахьана дара аьлла ца хета ц1е хийца.

Муьлхха а кхетамчохь волчунна хаьа, поэто юьйцург я Оьрсийчоьнан турпалхочун Кадыров Ахьмадан ц1арах регионан юкъараллин фондан президент Кадырова Аймани цахилар а, я лакхохьа хьахийнарг Нохчийчоьнан куьйгалхо Кадыров Рамзан цахилар а.

Ша лаьтташ ду дешна боцучу эшарш лоькхучу артистийн кхоллараллехь цензура чIагIъярца доьзнарг. Стохка, 2019-чу шеран аьхка Нохчийчоьнан пачхьалкхан "Грозный" телеканало сюжет гайтира шен эфирехь, културан министро Дааев Хож-Бауддис, филармонехь болх беш а боцуш, шайн лаамехь эшарш лоькхучаьргара бехкаш дохуш.

ХIора иллиалархочун композици магийна хила еза, дерриг а нохчийн менталитетан гурашкахь хилийтархьама кхоьллинчу леринчу комиссино аьлла, дIахьедира министро.

Нохчийн иллиалархой, гайтаман сурт
Нохчийн иллиалархой, гайтаман сурт

Синбахамаллин министраллаца боьзна а боцуш, амма "шаьш артисташ лору нах" ловзаршка ма кхийкха аьлла, кхайкхам бира Дааевс. Музыкех цхьана а кепара кхетам а, хаарш доцу и нах хьакъ бац, элира министро, ловзаршкахь иллеш ала. Делахь а, цу тайпа дехкарш конкуренци дIаяккха Iалашонца юкъаялийна цензура лору нах, кIезиг бац республикехь.

Наггахь нисло нохчийн Iедалхоша цензурица доьзнарг махкал арахьа а лелош. Цкъацца шаьш юьхьарлаьцначу Iалашоне кхача аьтто а болу церан. Цунна масал ду Москвахь арахецначу дешаран пособица нохчийн Iилманчаша а, Iедалхоша а дIабаьхьначу къийсамца йоьзна истори. Юьйцург ю, Москван пачхьалкхан университетан хьехархой Вдовин Александр а, Барсенков Александр а авторш а болуш арахецна Оьрсийчоьнан 1917-2009 шерийн истори. Цу тIехь, ма-дарра аьлча, бакъ дина лоруш дара нохчийн а, гIалгIайн а къамнашна депортаци яр.

Истори цу тайпа кхеторна, нохчийн историн Iилманчаш хилла ца Iаш, дуьхьалбевлира республикера Iедалхой а, ткъа иштта Нохчийчоьнан омбудсмен Нухажиев Нурди а.

Нухажиев Нурди а ( аьрру агӀорхьаpa), Кадыров Рамзан а
Нухажиев Нурди а ( аьрру агӀорхьаpa), Кадыров Рамзан а

Цо шен дIахьедаршкахь билгалдаьккхира, авторша Вдовина а, Барсенковс а историна фальсификаци йина, ткъа нохчийн къам сийзасдина, бохуш.

Эххаре а Оьрсийчоьнан Федерацин Юкъараллин Чоьнан къаьмнийн юкъаметтигашкахула комиссино кхайкхам бира, и книга лелор дехка деза аьлла, цуьнан текстехь къаьмнашна юкъахь хьагI-гамо яржоран билгалонаш хиларна.

Нохчийчохь винчу Оьрсийчуьрчу яздархочо, публициста, политикан жигархочо Садулаев Германа "Эхо Кавказа" сайта тIехь иштта комментарий йира хиллачун: "Академин эскарш юхахьаьдира, Iилмаанан гIирсаш а эгош. Хогвартсаа ( "Гарри Поттеран" паналлера бозбуунчийн дешаран заведени)хьалаоьллира кIайн байракх. Авторша а, факультето а яздира дохкодовларан кехат, даре дира шайн гIалаташ, дош делира шаьш арахецна книга яржор сацо.

Садулаев Герман
Садулаев Герман

Амма "Со нохчо ву" книгин автор волчу Садулаевс критика йира Нохчийчуьрчу Iедалхошна а, "кхайкхаза оцу гIуллакхна юкъагIоьртинчу нохчийн халкъан сий лардархошна а", оцу кепара толам боккхуш Iедалшка латкъамаш барна. Тиранаш к1ехьарбахар а, репрессеш бакъяр а баккъалла а тамехь доцу г1уллакх ду. Делахь а мухха а б1ег1ийла доцуш нисделла хилларг, бохуш вара яздархо.

"Дуьйцуш ду, хьалха нохчийн Iедал дара дош аьлча дешца, кхерамна кхерамца, тоьхча тохарца жоп луш. Харцдерг дийцича жоп лора бакъдолчуьнца, Iовдалаллана - хьекъалца, тӀехтохам т1еэцара кхин а ира дош аларца жоп луш. Ткъа кхузахь, нислуш дерг ду, Iедалшка латкъамаш бина хилар а, кхелаца кхерамаш тийсар а", - аьлла хета цунна.

Смотрите перевод этой статьи на русский язык.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG