ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Путинна йоI ярх лаьцна яздийриг харцдо Кремло


"Проект" сайто "Путинах "чIогIа тера" бер динчу зудчух лаьцна арахецна материал "теша вуно хала" карийна Кремлна.

"[Иза] шатайпа, кхетий шу, провокацин гIурт бу, кхин сов хIума а дац. ЛартIахь йолчу материале а ца кхочу ", – дIахьедина журналисташка президентан пресс-векала Песков Дмитрийс ("Медузера" цитата). Ма-дарра аьча, ца хIоьттина иза комментари яла.

"Кхеташ ду, иза цхьа хаам бу, амма бух бац цуьнан, факташуа диллича, деккъа багахь алар бен дац. Кхеташ ду, керла кхин материалаш а евр ю, иза вайна ца хаьа, хила торуш ду иза а. Тидам тIеберззол, комментари ял хIума дац кхузахь, – аьлла Песковс.

"Проекто" Лахьан-беттан 25-чу дийнахь зорбане яьккхина, президентана Путинна хьалха дуьйна евзаш йолу Кривоногих Светлана иза вевзаш хиларна йолчух тера ду миллиардер, аьлла. Материалан авторша чIагIдарехь, 2003-чу шарахь президентах "вуно тера "йоI йина цо, цул тIаьхьа Путинан доттагIий буьйлабелла Кривоногаян доладан.

Песковс хьалха а элира, хаамна комментари еш, шена цкъа хезна дац Кровоногаях лаьцна. Амма юй иза хезна, евзаш президентана, ца хаийтина Песковс. Я журналисташа а ца хаьттина цуьнга иштта.

Путин Владимира лаамза йо шен доьзалх лоций комментари. Нахана а хезаш цо цкъа а ца яьхна шегахь хиллачу зудчо йинчу Мариян а, Катеринин а цIерш.

В 2008-чу шарахь Путинан а, гимнаст йолчу Кабаева Алинин а ловзар хила тарло аьлла "Московский корреспондент"таблоид дIакъевлира цо и хаам бина хан ялале, ткъа бизнесехь проблемаш лилхира газетан долахо волчу Лебедев Александран.

2017-чу шарахь президента дуьххьара хаийтира шен берийн бераш дуйла. Ша 30 шарахь цхьаьна ваьхначу Путина Людмилица дIасакъастарх лаьцна а, йоцца, ца ваьлла, йира цо комментари, амма цкъа а ца дийицна ша цхьалха дIахьочу дахарх лаьцна.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG