ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

"Вагнеран ЧВК" компанин талламан ротан хиллачу командира арахецна мемуараш


Шема, Шеман эскархой Пальмрехь, Заз. 27, 2016
Шема, Шеман эскархой Пальмрехь, Заз. 27, 2016

Вагнеран ЧВК (Долара тIеман компани )олучу тIеман компанин талламан ротан хиллачу командира Габидуллин Марата арахецна ша ахчанах лаьцна тIемало волуш бинчу балхах лаьцна шен дагалецамаш.

“В одну реку дважды” (Цхьана хи чу шозза) книга араяккха план ю «Наемник» цIе йолчу зорбантан. Авторо дуьйца ша Шемахь тIемалочун гIуллакх дарх лаьцна. Цо чIагIдарехь, иза дакъалоцуш хилла «Исламан пачхьалкх» тобан тIемалошкара Пальмира гIала схьайоккхуш а, Дейр-эз-Зорехь хиллачу тIемашкахь а. Габидуллинан интервью зорбане яьккхина «Медуза” сайто, ткъа Маршо Радион Оьрсийн сервисо цу юкъара эпизодаш хаьржина. Оьрсийчоьнан Iедалша бакъ ца до Вагнеран ЧВК олу компани хилар а, Шемарчу тIамехь цо дакъалацар а.

Габидуллин гIуллакх деш хилла Вагнеран ЧВК-хь 2015-чу шарахь дуьйна. Цо чекхяьккхина Рязанера лаккхара десантхойн командирийн училище, 1997-чу шарахь цунна хан тоьхна хилла колонехь яккха, Татаренков Владимир цIе йолчу мехах адамашдайархочун тобанан декъашхо хиларна. Дагалецамийн авторо болх бина гIаролхо санна, амма ша 9-чу классехь дуьйна тIеман карьера ян лууш вара, боху цо. Вагнеран ЧВК-хь цкъа дуьххьара могIарера салти хилла иза, ткъа гIуллакх дина волуш - хилла талламан ротан командир. 2016-чу шарахь Зазадоккху-баттахь, чIагIдеш ма хиллара, дакъалаьцна Габидуллина «Исламан пачхьалкх» тIемалоша дIалаьцна хилла Пальмира маьршайоккхуш, цигахь еза чов йина цунна.

Вагнеран ЧВК тIемашкахь дакъалоцуш хилла Оьрсийчуьрчу эскархошца а, Шеман армица. Габидуллина чIагIдо ша Хмейниме тIеман базехь Iийна, тIеман операцехь дакъалоцуш болу а, шемахойн эскархой Iамош болу а Оьрсийчуьра эпсарш а гина шена, бохуш. Цуьнца цхьаьна тIеман Iалашонаш хIиттош хилла мехах лаьцначу тIемалошна, ткъа арми тIом беш яцара, боху цо. Цунна тIом бан доьналла долуш ца хета Шеман арми. Оьрсийчоьнан арми тIемаш боьлхуш хьалха лаьтташ яцара, боху цо.

“Десантхой а, хIордан гIашсалтий а - мало ен муцIарш ю, оцу базехь махьаро букъош бу уьш. ТIеман командировкера цIабоьрзу уьш бустийна а, малх лаьцна а", - боху Габидуллина. Цо чIагIдарехь, Хмейнимера а, Оьрсийчуьра а госпиталш юьзна яра ЧВК-н тIемалойх, 2017-гIа шо долалуш дуьйна шайна луш долу герз ледара дара, чIагIдо цо. Цкъа Оьрсийчоьнан тIеман кеманаша ларамаза тохар дира Вагнеран тобан декъашхошна, дуьйцу авторо.

Чов хиллачул тIаьхьа цунна дарба дира Подмосковьерчу тIеман госпиталехь. Габидуллинна чов хиллера Пальмира схьайоккхуш хиллачу тIамехь, граната а иккхина. Цул тIаьхьа цунна дарба дира Подмоковьехь йолчу кхоалгIачу Вишневскийн цIарахчу Юккъерчу тIеман клиникан госпиталехь, чIагIдо цо. Цигара иза, цо дийцарехь, дIавигира Петербургерчу, Reuters агенталло Путин Владимиран гонаца а, цуьнан йоIан бизнес-партнерца а юзучу, доларчу дарбанан хIусаме. Цо тIе куьг таIийначу контрактехь аьлла дацара, чов хилахь, дарба дийр ду аьлла, ткъа шена гIо дарна иза баркалла бохуш ву бизнесхочунна Пригожин Евгенийна.

ЧВК тIемалой декъахь бу Шемахь дезиртир хьийзоран, чIагIдо цо. 2017-чу шарахь интернетехь гучуяьллера Шеман эскархо къиза вуьйш яьккхина видео. Цунна йиттира, коьрта баьккхира, белаца куьйгаш дехира, бензин а тоьхна, вагийра. “Новая газетан” аьтто белира иза динарш Вагнеран ЧВК тобан декъашхой хилар къасто. Габидуллина чIагIдарехь, адамаш дайаре а, Iазап латторе а кхайкхинарг вара ша Вагнер - ЧВК-н командир Уткин Дмитрий, кхиболу Шеман эскарера бовда дагахь болу эскархой кхерор Iалашонца. Габидуллине дийцинера ЧВК-н куьйгалхочо ша яккхийтина хиларх лаьцна и видео.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG