ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Нохчийчохь модин сезонан хит - "муфтийнчух тера куй"


Нохчийчоьнан муфтий Межиев Салахь-Хьаьжа
Нохчийчоьнан муфтий Межиев Салахь-Хьаьжа

ЧГТР Грозный телеканало сюжет гайтина Нохчийчоьнан муфтийс Межиев Салахь-Хьажас а, Соьлжа-ГIалин полицин урхаллин куьйгалхочо Ирисханов Аслана а бусалба духар никIаб лелочу меттигерчу масех йоIана довдеш яьккхина видео. Оцу хуьлучуьнга бIаьргтоха балийна бара оцу йоIарийн гергарнаш а.

Межиевс хаийтира никIаб ерриг юьхь къовлу Iаьрбийн зударийн духар хилар а, иза лелор тIехь цахилар а. Цо бахарехь, деа а бусалба мазхьабо а боху изза. ТIекхуьу чкъор кхета деза, никIаб Iаьрбийн Iадат хилар, зударшна дино иза лело тIедожош доцийла, бохура муфтийс.

Соьлжа-ГIалахула никIабаш а йоьхна зударий ша лоьлуьйтур бац, иза лелор нохчийн Iадатехь а, дино хьоьхуш а дацарна, никIаб лелораш Iаьрбийн мехкашка дIабаха беза, аьлла Ирисханов Аслана.

«Хьехамаш» бина бевлча, телеканало гойтучу мехкарша никIабаш дIаехира шайн яххьаш тIера, тIехьовсийна телевизионан камераш а йолуш.

Амма хIинца вай дуьйцург кхин ду. Дуккха а жайнашна тIера а, лоруш болчу бусалба динан Iеламан наха дийцинчунна а тIетевжаш, тоьшаллаш а далош, кхетош-кхиоран къамел деш муфтийс сих-сиха тIе пIелг хьажабора шен куйна. Иза бара механа беза боцу бовха, куьйга бина боца чо болу Iаьржачу басахь месала ала мегар долу куй.

Муфтий Межиев Салахь-Хьаьжа а, Нохчийчоьнан куьйгалхо Кадыров Рамзан а
Муфтий Межиев Салахь-Хьаьжа а, Нохчийчоьнан куьйгалхо Кадыров Рамзан а

Кху деношкахьарахь жимма шелъяларна, эр вай, "муфтийнчух тера" болу куй Нохчийчохь ша ма ярра бренд хилла дIахIоьттина, ткъа цу тайпа куй мел лелош волчух, баккъалла а, иза модица вогIуш ву ала мегар ду. Дийцарехь, куй моде болуш хилар дуьххьара хааделларг вара Устрада-гIалара цхьа вахархо. Цо сихонца дан долийра "а-ля муфтий" куйнаш, пайда а хилла цунна оцу гIуллакхах.

Нохчочун куй, говзанчаш дийцарехь, хила а хилла, хIинца а бу божарийн духаран мехала мехала дакъа. Амма, хууш ма хиллара, уггар лоруш берг бу нохчаша холхазан куй. Иза тоьлла хила безаш бу, ткъа нохчаша ахча ца кхоа до иза оьцуш.

Нохчийчьура воккха стаг, гайтаман сурт
Нохчийчьура воккха стаг, гайтаман сурт

Холхазан куй лелоран язйина йоцу бакъо хилла. Лекха а болуш, хила ма безза холхазан куй лело хьалхе ду шена аьлла хетачо, лелош хилла лохо болу, я лергаш долу холхазан куй. Ткъа ша а ву къонаха аьлла, холхазан куй а тиллина араваьлларг, аьшнаш веш цахиллехь а, амма цо лелориг беламе хеташ хилла.

Муфтийс лелош болу куй оцу кепара бу ала мегар делахь а, иза дукха оьзда куй бу, бакъболу беза холхазан куй цуьнан духаршна юкъахь белахь а.

Нохчийчоьнан муфтий Межиев Салахь-Хьаьжа
Нохчийчоьнан муфтий Межиев Салахь-Хьаьжа

Гарехь, иза мадаре хиларо а, механа беза ца хиларо а дина "муфтийнчух тера" болчу куйнах нахана юкъахь тахана даьржина духар.

Юккъехула аьлча, хьехамаш бан дIахIоьттича ша ма варра кинотурпалхо санна куц долчу муфтийс хуьйцуш леладо кхечу тайпана коьртатуьллурш: кхакхан куй а, месал куй а, жаIуьнан куй а ткъа иштта малхбалерчу пачхьалкхашкахь щуьйра яьржина лело, ламаз деш къаьсттина вуно бӀегӀийла йолу пес.

Нохчийчоьнан муфтий Межиев Салахь-Хьаьжа
Нохчийчоьнан муфтий Межиев Салахь-Хьаьжа

Цхьацца турпалхойх а, бевзачу нахах а, кхечу персонажех а тарбала гIертар даьржина Нохчийчохь Ичкери пачхьалкх дIахIуттучу хенахь дуьйна. Соьлж-ГIалахь а, кхечу гIаланашкахь а, ярташкахь а ган тарлора оцу хенахь еха Iаьржа тӀаьрсиган еха плаш лело кегийрхой. Уьш моде евллера Дудаев ДжовхIар веанчу хенахь. Цо лелайора, къаьсттина ша президент хаьржинчу хенахь кеманхойн инарлан духар. Ткъа цуьнан коьрта элемент яра цу тайпа плащ.

Нохчийчоьнан президент хилла Дудаев ЖовхIар
Нохчийчоьнан президент хилла Дудаев ЖовхIар

Дудаевн бедарийн кхин цхьа дакъа дара цо дукхачу хьолехь лелош йолу шляпа. Оцу хенахь митингашкахь а, цхьацца кхечу дуккха адамаша гуллочу акцешкахь даьхначу сурташ тIехь ган аьтто бу тайп-тайпана хенаш йолу шляпанаш техкина а, Дудаев ЖовхIаран санна мекхаш дитина а болу нах

Кхин цхьа турпалхо вара цхьаболу нах цо лел-лелорг лело лууш болуш. Иза вара нохчийн тIемалойн хьалханча, цхьана хенахь Ичкерин премьер-министр а хилла Басаев Шемил. Нохчийчохь хьалхара тIом боьдуш цо лелош бара Iаьржа тIергIан тайх буьйцина куй. И тайпа куйнаш чIогIа баьржинера Нохчийчохь, цу тайпа куй боцург, модина дукха тIаьхьависна а моьттуш. ТIаьхо (аьхка) Басаевс лелийра "афганка" олу шляпа (панамка) а, НАТО эскархойн духаран дакъа долу тIеман кепка а, берет а.

Басаев Шемил
Басаев Шемил

Нохчийчоьнан президент хиллачу Масхадов Асланах моде баьлла бисира холхазан лергаш долу куй - цуьнах иза воьлла хир вара Советан Армехь ша гIуллакх деш хиллачу хенахь дуьйна. Делахь а цу тайпа куьйнаш лело буьйлабелира коьртачу декъана шайн хьалханчо лел-лелорг лело лууш болу цуьнан гонера нах.

Нохчийчоьнан президент хилла Масхадов Аслан
Нохчийчоьнан президент хилла Масхадов Аслан

Амма кху тIаьхьарчу 10 сов шарахь Нохчийчохь уггар воккха модахо ву ала мегар ду республикан куьйгалхо Кадыров Рамзан, цо ша "модник" вац, шен ша-тайпа стиль ю бохуш иза валахь а.

Нохчийчоьнан куьйгалхо Кадыров Рамзан
Нохчийчоьнан куьйгалхо Кадыров Рамзан

Кадыровс дуьххьара лелийра ша-тайпа сталинан хенара санна, амма малхбалера колорит йолу, коч-хечий, тайп-тайпана кепаш йолу куйнаш, ша-тайпа куц долу кучамаш, гербаш йолуш а (ахбутт седий санна), йоцуш а, бустамаш болу тIаьрсакан кастом а, иштта дIа кхин а. Бакъдерг дийцича, Кадыровн духарш шайн бедаршна юкъахь хилийта таро йолуш нах дукха хир бац, цуьнан гонахбевлла лела Iедалхой дIабаьхча. Цундела Нохчийчоьнан куьйгалхочуьнан гардеробера дукхахаболчу нохчийн эца таро ерг ю цхьа пес. Иза Кадыровс, даима аьлча санна, шеца лела а йо, иза лара а лору, шен устазо Кунта-Хьаьжас иза лелийна хиларна.

Оьрсийчоьнан премьер-министр Медведев Дмитрий а (аьрру агIорхьара), Нохчийчоьнан куьйгалхо Кадыров Рамзан а
Оьрсийчоьнан премьер-министр Медведев Дмитрий а (аьрру агIорхьара), Нохчийчоьнан куьйгалхо Кадыров Рамзан а

Цундела лело аьхна а, механа дIоггара беза а боцу муфтийс Межиев Салахь-Хьаьжас лело куй шен метта моде баьлла тахана Нохчийчохь, цхьаболчу "вон меттанаш долчу" наха цуьнан куй лергинчу норкех бина бу, бохуш хабарш дийцахь а. Амма иза иштта хилча а, даима а буьсуш бу луучунна цуьнах тарбина я и санна, делахь а механа борах болу куй эца болу харжам.

Хара материал еша аьтто бу оьрсийн маттахь кхузахь:

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG