ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

КIиране юхахьаьжча: цхьаъ ду динчу зуламах жоьпалла Нохчийчохь а, Чехехь а, амма коьрта тема - пандеми


Лахьан-бутт, 30, оршот

21 шо даьлча а лоьцу тIемалой Нохчийчохь

ФСБ-н Нохчийчуьрчу урхалло лаьцна Шелковскан кIоштарчу Оьрза-ГIалина гергахь 1999-чу шарахь Оьрсийчоьнан эскарна тIелетта хиларна ши стаг лаьцна Нохчийчохь - Идалов Асламбек а, Идалов Саламбек а.

Цара т1амехь дакъалаьцна баьччийн Басаевн а, Хаттабан а тобанашкахь, аьлла ю информаци. Уьш лоьцуш ФСБ-на накъосталла дина полицин, Росгварди декъан белхахоша.

1999-чу шеран ГIадужу-беттан 4-чу дийнахь Оьрза-ГIалина уллехь хиллачу тIематасадаларехь вийра 15, чевнаш йира 28 Оьрсийчоьнан эскархочунна.

  • Адвокаташа а, бакъоларъярхоша а дечу тоьшаллица, тIемалой хиларна бехкебеш жоьпе ийзиначу наха дукха хьолехь кхелашкахь хаам бо, шайга ницкъаша дареш дайтина, олий.

ГIуран-бутт, 1, шинара

НикIабаш кхин лелайойтур яц

Нохчийчоьнан муфтийс Межиев Салахьа а, Соьлжа-ГIалин полицин урхаллин куьйгалхочо Ирисханов Аслана а довдина бусалба духар никIаб лелочу меттигерчу 7 яхархочунна. Сюжет гайтина "Грозный" телеканалехула.

Межиевс хаийтина никIаб ерриг юьхь къовлу Iаьрбийн зударийн духар хилар а, иза лелор хьашт дацар а. ТIекхуьу чкъор кхета деза, никIаб Iаьрбийн Iадат хилар, зударшна дино иза лело тIедожош доцийла, аьлла муфтийс.

Соьлжа-ГIалахула никIабаш а йоьхна зударий ша лоьлуьйтур бац, иза лелор нохчийн Iадатехь а, дино хьоьхуш а дацарна, никIаб лелораш Iаьрбийн мехкашка дIабаха беза, аьлла Ирисханов Аслана.

Г1уран-бутт, 2, кхаара

Керла Шо даздийр ду пандеми елахь а

Нохчийчоьнан Iедал Керлачу Шеран барамаш дIабахьа кечлуш ду, лоьруш дац вирус яьржина хилар. "МБХ медиано" гойту пачхьалкхан цIарах эцарш дечу порталехь Нохчийчоьно кхайкхийна тендор.

Документаша бахарехь, ГIуран-беттан 25-31-чу деношкахь хир ду даздарш "500 а, сов а стаг чухаон леринчу концертан чоьнашкахь". Концертана Нохчийчоьнан Iедалан комитето къастийна 4,1 млн сом.

ГIуран-бутт, 3, еара

Карантин лар ца ярна - гIуда

Коронавирусах халкъ Iалашдеш дина тIедахкарш лардеш боцчу бахархошна даккхий гIуданаш деттар ду, аьлла мехкан парламентан спикера Даудов Мохьмада. Цо тоьшалла дарехь, COVID-19 цамгар юха а цIеххьана сиха яржайоьлла Нохчийчохь.


ГIуран-бутт, 4, пIераска

65 шо сов долу нах цIахь Iан беза

Махкахь коронавирус юхаяьржина хиларна, Нохчийчоьнан куьйгалхоша хоьху 65 шарал сов хан йолчу нахана, маьждигашка ца лелаш, цIахь совцар. Муфтиято шен инстаграмехь а бовзуьйту оцу хьокъехь хьехам.

Муфтис Межиев Салахьа дехна баккхийчаьрга ца эхар "алссам нах гуллуче, хуьлда иза зуда ялийна меттиг, тезет, къаьстина пIерасканан джума-ламаз". Маьждигаш дIа ца къовлийта гIерта шаьш, цундела оьшу и хьелаш лардан, аьлла цо.

"Ушармин батальонера" бIаьхо Молдован каравелла Украино

Украинан Кхерамзаллин Урхалло, пачхьалкхерчу Инарла прокуратурин сацам кхочушбеш, Молдован каравелла ГIалгIайчуьра схьаваьлла, Украинерчу "Ушармин батальонехь" гIуллакх дина волу Акиев Руслан.

Оцу хьокъехь кечдинчу документо тIетовжар до иза "Интерполехула" лохуш хилла хиларна. 2018-чу шеран юьххьехь Киеверчу аппеляцин кхело лаьцначуьра дIахийцира Акиев, иза хIуманна а бехке вац аьлла (иза лаьцнера 2017-чу шарахь цигарчу Днепран кIоштан кхелан сацамца). Молдовера кхаьчна хилла Акиев Украине. Оьрсийчохь иза бехкево тIеман тобанехь леларна а, пассажирийн автобусна тIелатарна а.

Австрехь "талор ца дайта" лаьцна нохчо

42 шо долу Оьрсийчоьнан махкахо Австрехь теракт ян дагахь хилла аьлла Австрерчу Iедална. Цунах лаьцна яздо меттигерчу Heute таблоидо, Рид-им-Иннкрайс гIаларчу прокуратурана тIа а тевжаш. Дийцарехь, иза теракт ян дагахь хилла ГIуран-беттан 11-чу дийнахь, хенал хьалха набахтера ша араваьлийтар нислахь.

Вуьйцург ву Ибрагимов Мохьмад. 2017-чу шарахь Ибрагимов (Абу Хьамза а олура цунах) чувоьллира Австрин кхело, 7 шо хан а тоьхна. Прокуратуро цунна бехкедиллира террорхойн декъахь хилар а, Гуьржийчохь пхи вахархо вер а.И зуламаш Абу Хьамзас дина бохура 2012-чу шарахь, Гуьржийчуьрчу Лопота чIаже шеца 17 нохчо а вигина, уьш Дагестанехула Нохчийчу бига гIертачу юкъанна.

Ткъа Абу Хьамзас, мелхо а, ша Оьрсийчоьнан къайлахчу сервисан (ФСБ) агент а волуш, тIемалойн тобанна юкъавахийтина вара, оцу тобане шен Iалашо кхочуш ца яйта, чIагIдора талламчашка а, кхелехь а. Прокуратура дагахь ю, яздо газето, Ибрагимов хенал хьалха араволуьйтуш хиларна латкъам бан я иза лаца, дерартаци яллалц набахтехь латто.

ГIуран-бутт, 5, шотт

Карабахехь тIом бина нах йийсарера мукъабохуш бу

Ша-шех пачхьалкх кхайкхийначу Карабахерчу конфликтехь дакъалаьцначу эрмалойн а, азербайджанхойн а агIонаша бартбина шаьш лецна хилла массо а эскархой мукъабаха. Хьалхо хаам баьржира, агIонаша Дуьненаюкъарчу ЦIен ЖIаран комитете дIакхачийна лецна латточу эскархойн, аьлла.

Ломан Карабах къуьйсучу Азербайджано а, Эрмалойчоьно а рогIехь тIемаш болийра кхушара Гезгмашин-беттан 27-хь. Дуккха а адамаш а, техника а хIаллакъеш, лаьттира баттахь сов.

Лахьан-бутт, 6, кIиранде

Донбассехь тIом бинчу чеханна хан тоьхна Прагехь

Прагин Лакхарчу кхело хийцина Украинан территори тIехь тIом бинчу Чехин вахархочунна хьалхо дина хилла таIзар. Оцу хьокъехь хаам бина "Европера бакъдерг" ("Европейская правда") ресурсо, Чехерчу Украинан векала Перебийнис Евгенис Фейсбукехь довзийтинчунна тIе а тевжаш. ЦIахь а Iаш, динчу зуламах кхаа шарна бехкала вуьгу сацам бинера аьхка Кафка Павелна Ческе Будейовице гIалин кхело.

Амма прокурора а, кхелан сацамна резавоцчу ша Кафкас арз хьажийра лакхарчу инстанце. Прагин Лакхарчу кхелан сацамца набахтехь доккхур ду цо щена хьалхарчу кхело кхайкхийна хилла кхо шо.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG