Перевозчиков Валерий
Нохчийчоьнан куьйгалхочо Кадыров Рамзана са яккха хоьхкуш лелийна Европера говраш йисина финансех хаьдда – Американ Шататаша а, Европан Берто а санкцешна бухавахийтина церан да. Къайленехь, аьлча а, декларацешка ца яздеш лела "говрийн ахча" дуьххьара довзийтира масех шо хьалха коррупци толлучу "Трансперенси Интернешнл – Оьрсийчоь" цхьаьнакхетаралло.
Муха дирзира Нохчийчоьнан куьйгалхочун хьал баккъал а мел ду, стенах гулло зер? Оцу хьокъехь Кавказ.Реалиигашен интервьюхь дуьйцу "Трансперенси Интернешнл – Оьрсийчоь" хьукматан инарла директоран гIовса Шуманов Ильяс.
"Доза тоьхначу кепара долу Оьрсийчоьнан низам"
– Нийсса ши шо даьлла Кадыровс миллионашкахь къайлахьош долу говрашкара хуьлу ахча Iарадаьккхина, таллам бовзийтина. Оцу хьокъехь ахь кехат хьажийра коррупцина дуьхьалоечу президентан урхалле. КхидIа хIун хилира цунах?
– Нохчийчоь Оьрсийчоьнан субъект елахь а, Кремло а, тIехьожучу урхаллаша а шатайпа юкъаметтигаш латтайо цуьнца. Цигахь Оьрсийчоьнан низамаш цхьана декъанна бен лелаш дац. Яздира дера оха-м президентан администрацига, Кадыровс шен бахам ма-барра ца гойту декларацешкахь, аьлла, ткъа жоьпаш даьхкира: дерриг а нийса ду, низамехь ду.
Политикан гIара эккхарх кхоьруш хиллачух тера дара прокуратура
Политикан гIара эккхарх кхоьруш хиллачух тера дара прокуратура а, тергамза битира тхан таллам, я ша а ца теллира. Оха Iуьйранна бовзийтира тхайн таллам, ткъа сарахь-буса официалехь жоп даийтира Кадыровн пресс-векала,"дерриг дика ду, са ма гатде" бохучу маьIнехь. Суна хетарехь, кхин а доьхна хир дара, цхьа а тидам боцуш, иза дитинехь.
– И тема юьхьаръэца кхераме дацара шуна?
– Кхераммий? Дера бара, иштаниг муха доьрзу вайна гина ма дуй –къинтIеравалар дехарца я кхечу кепехь. Цундела кIезиг хуьлу Нохчийчуьра хьал талла лаам. Коррупци кIезиг зуьй, ца хьейо, нах боьлла, царна ишта а хаьа хIун ду хуьлуш дерг, ткъа ша тема хьеян кхераме ду. Тхан таллам могIарчех бацара, доьналла оьшуш болх бара иза.
"Доьзалан коррупци"
– Ерриг а Къилбаседа Кавказ хьахош хилча, олийла дуй цигахь коррупцин шен башаххала ю?
– Ду дера, Кавказ – иза шен ламасташца еха, консервативан, юкъарлонаш шайлахь лелаш регион ю. Цигахь нахана вовшех дерг вуно дика хаьа, лаккхара ду цигахь доьзална кхочу дакъа. Цуьнга хьажжина ду коррупцица лерг а – ахча-бохча лелачохь гергарчарна озабезамаш бар, гергарнаш даржашка хийшор. Аь вай цунах "доьзалан коррупци".
Къаьсттина дика го иза бусалбанашна юкъахь – шатайпа "юкъара экономика"
Тайп-тукхамалла леларал сов, трайболизм а лела цигахь – юьртахоша вовшашна аьттонаш бар. Къаьсттина дика го иза бусалбанашна юкъахь – шатайпа "юкъара экономика". Цуьнан башхалла хаало АрашуковгIар, КоноковгIар, кхин дуккх а болу гергарчу нехан машанаш тидаме эцча.
Билгалдаккхар: Арашукову Рауль бехкево зуламийн маза кхолларна. Раулан кIентан, экс-сенаторан, бехке дуьллу ши стаг вейтар, зуламхойн тоба вовошахтохар. Каноков Арсен - ГIебарта-Балкхаройчохь президент Iийнарг, сенатор, "Форбс" журналан версица иза ву хьолахойн могIаршкахь 185-гIачу меттехь.
– Цхьаболчарна товр дац хьан къамел, эр ду, "тхан гIиллакхаш ду уьш, ма гIерта хийца". Дукха нах бу иштта бехаш. Хьуна муха хета,
– Дац иза ишта. Масала, Кавказхошлара цхьана кхечу нехан гоне кхочу стаг, цо юьхьанца шен махкахо лоху, ца карийча, тоам бо гонах болучу нахах, царех дIаоь, тIеоьцу дахарехь, леларехь бухара кеп.
Ца еза дера хила ламасташ кегдан Iалашо. Цхьа доьзал санна бехачу гергарчу нахаца дуккха а ду диканиг, цара вовошашна гIо до кху халачу дахарехь, аьттонаш кховдабо. Иза дика ду, дуккха а бу ламасташ онда долу бусалба мехкаш, иштачу меттигашкахь Къилбаседа Кавказехьчул лахара го коррупци. Оцу сакхтах вай довлалур ду, ас бохург декъаза делахь а, лелориг гуш хилча, Оьрсийчохь долу низамаш мукъане а лардеш хилча.
"Хьераяьлла принтер"
– Дукха хан йоццуш Пачхьалкхан Думехь юхалиста долийна коммерцех йоцчу, "Трансперенси" санна йолчу организацешна тIехьажийна, "арахьарчу агентех" долу низам. Хьо кхетий, мел оцу низамо шайна тIеIаткъам бийр ю?
– Долуш ду иза. "Хьераяьлла принтер" шен болх беш ю. Оцу низамах чаккхенгехь хIун хир ду, муьлхачу кепехь иза арадер ду хууш дац. Оьрсийчоьнан бахархошкара бакъо дIаоьцу репрессийн низам ду иза. Амма иза ца хьакхало цхьацца Кипран паспорташ кисанахь кхобучу нахах, могIарчу бахархойх хьакхало. Цу тIе, и нах бац я политикехь а, я хьолаца а де долуш.
Оьрсийчоь 30-чу шерашкахь Германис арахьоьцуш хиллачу низамех тера низамаш арахоьцуш хьийза
Дозанал арахь цхьацца институташа гранташ латтайо Iилма кIаргдечу говзанчашна, талламчашна – дуьненаюкъара система ю иза. Цунах шен халкъ дIахадош ю Оьрсийчоь, ша-шен куьг дакхар санна ду иза. Арахьарчу институтийн гIо дойла дара Оьрсийчоь кхиорехь. Ткъа Оьрсийчоь, 30-чу шерашкахь Германис арахьоьцуш хиллачу низамех тера низамаш арахоьцуш хьийза. Германи хIетахь дикане ца кхачийна оцу боламо.
"Шайнчарна" кхоьллина низамаш
– Коррупцина цхьа а тIеIаткъам биний пандемино? Кийтарлонашна керла некъаш бевллий?
Лобби муха яьржа, муха лела ахча дIасахьежочохь ду гуш
– Пандемино цхьаццайолчу коррупцин кепийн башхаллаш гучуяьхна. Хьалха уьш гуш ца хиллехь, тахана дика го. Масала, пачхьалкхан цIарх, цхьа а конкурс а йоцуш, эцарш ян. ХIинца оцу кепехь эца йолийна кIоламна тIера беракемане кхаччалц массо а хIума.
Политикан коррупцехь лела даккхий ахчанаш, кепаш хIинца хаало протекционизман хьаьттахь, пачхьалкх цхьацца компанешна гIодан гIертарца. Лобби муха яьржа, муха лела ахча дIасахьежочохь ду гуш. Муьлхачу компанешна ахчанца аьтто бо теллина оха. Уьш хуьлу я депутаташа, я баккхийчу хьаькамийн доьзалша лелош ерш, 60% компанеш ю Iедало аьтто латточех иштанаш. Бакъал а йолу бизнесна ца кхочу 20% ахча бен. "Шайнчарна" ду деш дерриг а дика.