ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Хасаров ШаIрани. Йовхо


Йовхо

Маттана говзалла иэшна .
Ирс долчча хьаьдда бах ирс.
Дуьненчохь дагна ца хетта- кх
Йовхонал боккханиг гIирс ?!

Карийна бIаьргашна серло.
Амма мел сирла и де
Бодане хетало царна
Хьан дагчохь гIелъелча цIе.

Дуьненна къинтIера волу;
Бицбо мел хилла цатам;
Дахаро илли а олу
Цо дагтIе баржийча тIам.

И йовхо дагах а кхетта,
Цхьа маьрша дели сан са.
И дуьйцуш, денделла леста
Сан ирсан кагделла га.
1977 ш.

Хасаров Темуркъин ШаIрани вина Казахстанехь Кзыл-Ордан мехкан Терень -Узецки кIоштарчу Кокжиде юьртахь 1953-чу шеран 22-чу октябрехь.

Цо дешна Нохчийчохь ша вехачу Дишни-Веданарчу юьртан школехь. Цул тIаьхьа агрономан говзалла караерзош 1972--чу шарахь чекхъяьккхина Серноводскера юьртабахаман техникум, ткъа 1982-чу шарахь чекхъяьккхина хIинца Владикавказ олучу гIалахь хилла Ламанхойн юьртабахаман институт. 1972-1974-чу а шерашкахь гIуллакх дина Советан эскарехь.

Тайп-тайпана белхаш бина комсомолехь, "Колхозан дахар " Веданан кIоштан газетан редакцехь, юьртабахаман декъехь, КПСС-н Веданан райкомехь.

Дахаран доккха дакъа дIаделла хьехархочун балхана - дерриге а 25 шо, цуьнах 20 шо дIадахана юьртарчу школехь берашна хими а, биологи а хьоьхуш.

Кхоллараллин некъ дIаболийна 1971-чу шарахь. 1986 чу шарахь «Сатасаран сахьт» байтанчийн гуларехь стихийн цикл араяьлла.

1991-чу шарахь араяьккхина "Дашон хьоза" цIе йолу берийн стихийн гулар. Ехха зIе латтийна берийн "СтелаIад" журналца, баккхийчеран стихаш араевлла нохчийн журналашкахь а, газеташкахь а.

2010-чу шарахь дуьйна Оьрсийчоьнан яздархойн бертан декъашхо ву, 2011 чу шарахь "Республикан хьакъволу журналист" цIе тиллина поэтана.

Веданарчу "Керла дахар" газетехь корреспондентан цIарах болх бина цо.

Хасаров ШаIрани кхелхина 2020-чу шеран Зазадоккху-беттан (март) 22-чу дийнахь.

XS
SM
MD
LG