ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Американ вице-президента юхатоьхна Трамп Iедалера дIаваккхарца боьзна Конгрессан кхайкхам. YouTube блок хIоттийна президентан каналана


Трамп Дональд
Трамп Дональд

Американ Цхьаьнатоьхначу Штатийн вице-президента Пенс Майка дIахьедина ша дагахь цахиларх лаьцна, мехкан конституцина 25-чу тIетохаро шена еллачу бакъонах пайда а эцн, президент Трамп Дональд даржера дIаваккха процесс йоло.

"Иштта лелар вайн махкана оьшуш доцу хIума ду, иза конституцица догIуш ду аьлла а ца хета суна" – аьлла вице-президента ша Векалаллин чоьнан гIантдега Пелоси Нэнси дахьийтинчу кехата тIехь. Пенса дийцарехь, и тайпа гIулч "вуно ирча прецедент" хир ю. Президентера хенал хьалха Iедал дIадаккхаре кхайкхар политикан ловзарш ду аьлла цо. Пенса кхайкхам бина Конгрессан декъашхощка кхин а кIоршаме юкъаралла йоькъур йолу а, оьгIазалла кIарг йийр йолу а "акцеш ца еш сатухуш хила" аьлла.

Вице-президентан кехат арахецна Векалаллан чоь, Пенсе а, министрийн кабинетан декъашхошка а 25-чу конституцина тIетохарх пайда эца аьлла кхайкхам беш резолюци тIеоьцуш кхаж таса дагахь цхьаьнакхетале масех сахьт хьалха.

Оцуьнца цхьаьна Конгрессан декъашхоша кхаж тосур бу Дечкен-беттан 13-хь Трампана импичмент ян иза бехке вечу ша цхьана артиклехула – гIаттаме кхайкхар.

Болчу хаамашца, Векалаллин чоьнан берриг а декъашхоша-демократаша гIортор йийр ю импичментана, царна тIекхета шаьш кийча хиларх лаьцна дIахьедар дина иттех сов Республикан партин векало а, цу кепара Векалаллин чоьнан и сацам тIеэца аьтто беш.

Кхоччуш оцу хьокъехь сацам бийр бу Сенато. Ткъа тамаша бу иза реза хилахь импичмент йийцаре яр доло, Дечкен-беттан 20-хьхир йолу Байден Джо-н президентан инаугураци хилале, яздо "Настоящее время" портало.

Шинарин дийнахь Трампа шен дуьххьарлера комментари йира шена импичмент кхайкхо демократийн йолчу планашна, иза "ешапаш леца гIертарца" дустуш. Оцу планаша "оьгIазло" айъайо дуккха а адамийн, элира Трампа.

Дечкен-беттан 13-хь YouTube компанин администрацино дIахьедина, шаьш Трампан каналера керла видео дIаяьккхина, цуьнан аккаунт болх бечура сацийна сервисан политика йохорна аьлла. Компанино дIахьедар дина, Трампан контенто кхин дIа а ницкъбаре питана таса мега аьлла.

Каналан администрацино лаххара а 7 денна дихкина иштта керла видео роликаш дIахIиттор а, онлайн трансляцеш яр а. Хьалха зорбане евллачу видеошна кIеллара комментареш дIаяьхна.

Уггар яккхийчу интренет-платформаша а, социалан машанаша а блокаш хIитто йолийна Трампан агIончийн аккаунташна а, каналашна а Дечкен-беттан 8-чу а, 9-чу а деношкахь дуьйна.

Трамп Дональд реза ца хилла Демократин партин кандидат Байден Джо Лахьан-беттан 3-чу дийнахь хиллачу президентан харжамашкахь тоьлла хилар тIелаца. Трампа дуккхазза а дIахьедарш дира инзаре яккхийн харцонаш лелийна хиларх лаьцна. Цуьнан юристийн тобано 60 гергга лехам белира кхелашка, масех штатехь тесна кхаьжнаш юха дагар даре кхойкхуш. Амма уьш берш а аьлча санна тIе ца лецира федаралан а, меттигерчу а суьдхоша. Ши лехам юхатуьйхира Американ Лаккхарчу кхело. Харжамийн комиссийн а, юстицин министраллан а векалша дIахьедира Трампа дуьйцург бух болуш дац аьлла.

Дечкен-беттан 6-хь марш хилира Вашингтонехь Трампан агIончийн, царах цхьаберш Капитоли гIишлонна чу а лелахаш. Амма оццу дийнахь Конгрессо кхоччуш сацам бира Байден Американ президентан харжамашкахь тоьлла хиларх лаьцна. Цуьнан инаугураци хир ю Дечкен-беттан 20-хь.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG