ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Дерриг а - Кремлехь санна. Леррина зIе хьан хIоттийна "Путинан шахьарахь"?


  • Крутов Марк
  • Добрынин Сергей

Йиллинчу хьосташкахь Маршо Радиона документ карийна "Путинан шахьарца" доьзна – цо гойту Сочи гIалина гергахь президентанна гIосалазийн курорт еш а, Кремлехь леррина зIе хIоттош а, автоматикан "Выборы" ("Харжамаш") система юьллуш а лелла цхьа фирма юйла кху денойн протестан акцешкахь юьйцу Геленджикна уллера гIишло хIоттош дакъалаьцна.

Коррупцица къийсам латточу фондо (ФБК) Краснодар-махкарчу Прасковеевка юртанна гена йоццуш лаьтта "Путинан шахьар" гайтинчул тIаьхьа журналистийн аьтто баьлла и гIишло яйтинарг Кремль хилар тоьшаллашца тIечIагIдан. Интернетехь парггIат хьажа йиш ю карийначу документашка – уьш ду объекте йовхо йиллинчу а, беракеманашна майда хIоттийначу а, каучукан палсаш доьхкинчу а фирманийн кехаташ, цара гойту шаьш болх "президентан резиденци" еш бинийла.

Путин Владимира ша Дечкен-беттан 25-чохь динчу къамелехь аьттехьа а ца дитира "шахьар" шен хилар – амма ФБК-но ца бохура 100 миллиард мах болу гIишло Путинан долахь ю, ткъа бохура президентанна цунах пайдаэца иза йина "доттагIаша". Оппозиционера Навальный Алексейс боххург бохура 2010-чу шарахь "Путинан шахьарх" лаьцна дуьххьара къамел динчу бизнесхочо Колесников Сергейс а, оцу хьокъехь деношкахь дийцинчу Путинан биографа Коробко Александра а.

Шинарин дийнахь Путинан пресс-векала Песков Дмитрийс элира журналисташка, Кремлан цхьа а бакъо яц, я лерина а яц "шахьаран" дай бийца. Билгалдаьккхира цо, я Путин а, я цуьнан гергара нах а бац Прасковеевкерчу резиденцин "дай", церан ур-атталла "цхьа зIе а яц" оцу гIишлонца, аьлла.

Оцу юкъанна "Проект" портало, Оьрсийчуьрчу хьаькамашна юкъарчу шен хьосташна тIе а тевжаш, хоуьйту президента "шен формалехь йоцу хан алссам" оцу Прасковеевкерчу резиденцехь йоккхуш хилар.

Иза бакъ делахь, Путинна шен "шахьарахь" ша хан хьочу юкъанна тIехула кеманаш ца лоьлуьйту зона я ФСБ-н ха эшна ца Iа, ФБК-н талламо ма-баххара. Оьшу цигахь цунна пачхьалкхан гIуллакхаш дIакхехьа леррина зIе а, пачхьалкхан къайленаш хьулвелла йийца шатайпа чоьнаш а. И тайпа зIе, цунна гIирс кечбо, чоьнаш йо, оцу могIарара кхиболу белхаш кхочушбо акционерийн "Сатурн" компанино – Советийн заманахь иза ОКБ яра (Цхьаьнатоьхна Конструкторийн Бюро), приватизаци йинчул тIаьхьа юкъайогIу инвестицеш латточу "Система" компанина.

"Пансионат" – доккхачу элпаца

2012-чу шеран Стигалкъекъа-баттахь "Сатурно" бовзуьйту ша дIадахначу шарахь бина болх – и тайпа информаци яржош ду низамехь (оригинал, .doc).

Оцу документо гойту компанин говзанчаша стенгахь, муьлхачу гIишлошна тIехь къахьегна. Церан декъахь бу Москварчу Кремлехь а, "Дагомыс" курортехь а, президентан администрацин "Русь" санаторехь а, кхечу меттигашкахь а бина белхаш.

Охьаягарйинчу объекташлахь ю Прасковеевка юьртара "Пансионат" а. Иза ю массех хьосташа Путинан резиденцина тиллина цIе. Иштта йоккху гIишлонан цIе цунах лаьцна "Коммерсанте" в 20II-чу шарахь ша дуьцуш президентан гIуллакхаш дIалелочу Кожин Владимира а. Оцу интервьюхь цо бакъ ца до Прасковеевкера гIишло пачхьалкхан ю бохург, иза, цо дийцарехь, хьолахойн инвестицех еш йолу пансионат ю, тишделлачу садоIу "Туапсе" цIийнан метта еш.

Амма Маршо Радиона карийначу документо гойту юьйцу "Пансионат" еш а, пачхьалкхан объекташ "Дагомыс" а, "Русь" а тоеш а 2011-чу шарахь "Сатурн" компанино дакъалаьцна хилар. Кхузахь гучудолу деккъа дIа пачхьалкхан гIишлош еш бен дакъалоцуш йоцу компани, Кожина а, кхечу хьаькамаша а Iедалан яц бохучу "Пансионатехь" леррина зIе юьллуш хьийзина хилар.

"Сатурн" компанино, аьлча а цуьнан дакъа ларалучу АО "МТУ Сатурно", шен официалерчу сайта тIехь а гойту шаьш бен белхаш доккхачу декъанна пачхьалкхан объекташца бен ца хилар. Цо бина белхаш ган таро ло дуккха а кхечу документаша а.

"Лунная поляна"

2012-чу шарахь Немцов Бориса а, Мартынюк Леонида а дийцира "Хин каман пийсак хьоькхучу лен дахар (шахьарш, яхтанаш, машенаш, кеманаш, кхийолу а аксессуараш)" ("Жизнь раба на галерах (дворцы, яхты, автомобили, самолеты и другие аксессуары") цIе йолчу дIахьедарехь Путин Владимирца бозабелла хила тарлучу бахамах лаьцна.

Авторша 20 сов шахьар а, вилла а, резиденци а охьаягарйира, шайн талламо уьш Путина "пайдаоьцуш ю" аьлла. Оцу объектех дерг аьлча, "Сатурн" компанино 2011–2012-чу шерашкахь бинчу балхах хьакхалуш карайо массех. Хьахийна йолу Тверь-махкарчу Завидовора "Русь" санаторий а, Екатеринбургера "Рязановн цIа" а. И ший а резиденци шен хилар бакъдина официалехь Кремло.

Амма кхин а ши гIишло ю "Сатурн" компаница йозаелла: Прасковеевкера "Пансионат" (Немцовх цунах " Геленджикера шахьар" а, "Юг" проект" а аьллера); Iилманан центр "Биосфера" (иза а ю "Сатурно" ша бинчу белхашлахь хьахош).

Iилман центр "Биосфера" олу объект Сочина гергахь, Фишт ломан малхбузерчу агIор ян йолийра 2010-чу шерашкахь "Роснефть" компани декъахь а йолуш, амма хаамийн гIирсашна хIеттехь тусаделира еш ерг кхин а цхьа президентан резиденци хилар.

Шех официалехь йоцу "Лунная поляна" ("Беттасин майда") цIе а тиллина еш лаьттачу объекто жил-Iалам талхадо,аьлла, орца кхайкхийра экологаша, бохура "Дуьненан мехаллийн тептара" язйина меттигаш ю хIаллакъеш. Амма Iилман центр "Биосфера" юьллуш ю бохура Iедало "Малхбузу Кавказ" олу къевлина меттиг денъян.

"Лунная поляна" курортера коьрта цIа
"Лунная поляна" курортера коьрта цIа

Немцовн Борисан дIахьедаро бохура, "Лунной поляна" зонехь хIоттийна садоIу 4 цIа а, беракеманаш дуьссу меттиг а, зIенан антенна а, гIосалазийн некъаш тобен йиъ ратрак а, гараж а, цхьацца кхийолу объекташ а. Цигахь шен белхаш беш хилла 2011–2012-чу шерашкахь, документаша бахарехь, "Сатурн" компани а.

Маршо Радионо "Сатурн" компане электронан кехат дахьийтина ша "Пансионатехь" бина белхаш бовзийтар доьхуш. ХIара материала арайолучу ханна жоп ца деана тхоьга. Телефон туьйхира оха "МТУ Сатурн" компанин секретариате (Большая Черкизовская ур., цI. 21. гIишло 1). "Пансионатан" хьокъехь оха дина хеттарш куьйгалле дIакхачо жош деллера тхуна, амма шайгахь йитинчу тхан телефонан ноьмарехула ца ваьлла тхоьца зIене компанин цхьа а векал.

Коррупцица къийсам латточу фондо Прасковеевка юьртана уллерчу Путинан резиденцех йолчу фильме YouTube-хула хьаьжна 100 миллион гергга стаг. Ткъа Навальный Алексей хIинца а "Матросская тишина" изоляторехь валлош ву. "Ив Рошеца" доьзна цунна хьесапехь тоьхна хилла хан бакъ хене ерзор луьстур ду кхело Чиллан-беттан 2-чохь.

Томскехь шена деллачу «Новичок» дIаьвшах товалархьама Германера вахначуьра, дарба дина а ваьлла, цIавеъначу дийнахь лецира Навальный, бахьане диллира, хьалха шена йинчу кхелан тIедахкарш а дохош, вехачу махкара иза аравалар. Кху беттан 23-чохь ерриг а Оьрсийчохь наха гуламаш хIиттийра, Навальный дIахецар а доьхуш, пачхьалкхера коррупци сацаярехьа. Москвахь а, Петербургехь а, кхин а дуккха а гIаланашкахь а протестан гуламхойх лийцира полицино 4000 гергга стаг. Протестан акцеш кхин а аьлла Навальныйн агIончаша.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG