ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

КIира: лецначарна адвокаташ тIе ца буьту, Франци дIавала хьийза нохчийн мухIажар, Соьлжа-ГIалахь "хIаллакбийр бу" къаьркъанчаш


Оршот, Чиллан-беттан 8-гIа де

ГIаттамхо вара аьлла Новгородехь лаьцна шиъ

Бютукаев Асланан тобанехь дакъалаьцна ву шаьшиъ аьлла, мукIарло дина карарчу беттан 4-чохь Лахарчу Новгородехь лаьцначу Нохчийчуьрчу шина вахархочо Магамадов Салехьа а, Исаев Исмаила а, чIагIдо меттигерчу Iедалхоша. "Церан да цхьана а волуш хеттарш дира Исаевга а, Магамадовга а, информаци тIечIагIйира цара. Кху шеран Дечкен-беттан 20-чохь Котар-Юьртахь вийначу Бютукаевс куьйгалла дечу тобана юкъавогIучу Борчишвили Рустамна гIоналла дина шаьш аьлла, дийцина цу шиммо", - дIахьедо зорбанан министро Дудаев Ахьмада. Магамадов а, Исаев а дуьххьара лецира 2020-чу шеран бIаьста, Osal Nakh 95 цIе йолчу оппозицин телеграм-каналан модератораш хилла аьлла. Цул тIаьхьа видео арахийцира цара нах къинтIерабохуш – оцу чохь гуш ду царна йиттина хилар. Стохка аьхка "Российская ЛГБТ-сеть" цхьаьнакхетаралло гIодира шина кIантанна Нохчийчуьра Нижний Новгороде дIаваха. Кавказ.Реалиига лецначийн гергарчех йолчу цхьана зудчо хаийтинера хьалхо, телеграм-чат лелош хилла кегийрхой, кхетош-кхиорхьама, латтабо КъурIан а доьшуьйтуш, аьлла. Бакъоларъярхой кхоьру Нижний Новгородехь лецна нохчийн кегийнах байъа дIабигина хиларх. Иштта дара сихха гIо кхачочу "Российская ЛГБТ-сеть" программин координаторна Истеев Давидна хетарг. Кхерамах кIелхьара волуш, Оьрсийчуьра дIаваха йолчу ойланца стохка аьхка вахана хилла Нижний Новгороде Магомадов Салахь а, Исаев ИсмаьIал а, амма ца кхиина. "Оппозицехь лаьтта "Осал нах 95" телеграм-канал лелорна лецна хилла уьш а, кхиболу модератораш а кхаьбна набахтехь, кхетош-кхиабо бохуш, КъурIан а Iамадойтуш. Къуран Iамош уьш буйла хиича, Кадыров къинтIера вала там бу, олуш хилла цаьрга. Ши кIант махкара ведча, уьш тергалбеш, интернетехула зуьйш, болу меттиг къастош лелла Нохчийчуьра ницкъхой", - дийцина Истеевс. Цунна хетарехь, ши кIант бехкевечара эшна хьал лерина уьш кхиболчу божарех къаьсташ хилар. ГIалат даьлла Магомадовгара – цо доьхкина ша схьадиллина керла телеграм-канал, оцо гучуяьккхина уьш болу меттиг. Нохчийн оппозицин IADAT боламан декъашхой а кхоьру вадийна шиъ верна. Цара бинчу талламо гойту ши кIант волу меттиг хиинарг Кадыровн администрацица зIе йолуш хилар. Цунна тIехь дуккха а ю цо адамийн бакъонаш талхийна меттигаш, боху IADAT-хоша.

Шинара, Чиллан-беттан 9-гIа де

Францино Оьрсийчоьне дIавала хьийзаво нохчийн мухIажар

Страсбургехь веха Садуев Илес Оьрсийчоьне дIавала кечвеш ву аьлла, хаамбина Маршо Радиога Францехь бехачу цуьнан накъосташа. Карара кехаташ схьадаьхна, депортацин набахтехь латтош ву иза карарчу хенахь. Оьрсийчоьно экстремизмна иза бехкевеш, динчу дIахьедарна тIехула Страсбурган кхело листира цуьнан гIуллакх, амма бехкаш бух боцуш а карийна, маьршавитинера. Байначу баттахь юха а тIекхайкхина Садуев лецира, цул тIаьхьа депортацин куьпа дIа а вуьгуш. Гергарчу деношкахь иза Оьрсийоьне дIахьажон куц ду, ткъа Францехь бухабуьсуш цуьнан доьзал бу: хIусамнана а, пхи бер а, дуьйцу Садуевн доттагIаша. Цара чIагIдарехь, Нохчийчохь цунна кхерам лаьтта, хIунда аьлча, иза лехамашкахь ву. Ша Садуев Илес Нохчийчуьрчу Грозненск кIоштарчу Долинскера ву. 20I6-чу шарахь Оьрсийчуьра араваьлла Франци веанера иза тховкIело лоьхуш. Иштта, Оьрсийчоьнан арахьарчу гIуллакхийн министре Лавров Сергейга а, Инарла прокуроре Краснов Игоре а дехар дира пачхьалкхан Думан депутато Саралиев Шамсаила, нохчийн оппозицин политик Закаев Ахьмад Британига схьавеха аьлла. Ялх гIаттамхо а вуьйш, тIаьххьарчу леринчу операцех лаьцна цо дина къамелаш бахьана долуш ду и дехар, Саралиевс бахарехь. Закаевс кадам бира байъинчийн гергарчаьрга, уьш "къоман турпалхой" бу аьлла, билгалдоккхуш.

Кхаара, Чиллан-беттан I0-гIа де

"Къаьркъанчаш хIаллакбийр бу" Нохчийчохь

Къаьркъа мелла каравеана стаг "хIаллаквийр" ву аьлла, дIахьедина Нохчийчоьнан вице-премьеро Висмурадов Абузайда. Лацарал совнах, цунна гIуда а тухур ду, машен лело бакъо а схьайоккхур ю, кхин а тIе таIзарш а лелор ду аьлла цо. "Къаьркъа мелла стаг дIавахийта ца веза, иза чуволла веза, гIуда тоха деза, массо а хIума а тоха еза, цунна цхьа а пощада яц. ХIаллаквийр ву-кх вай къаьркъа мелларг, дополнительно вай еш йолу наказани а йийр ю, вай наказани муха йо, вайна ма хаьа", - элира Висмурадовс социалан машанашкахь яржийначу видео тIехь. Цуьнан дIахьедарна тIаьххье полицин белхахоша рейдаш йолийна корта бахон маларшна дуьхьал, республике чуоьху машенаш а толлуш, яздо "Кавказский узел" агенталло.

Еара, Чиллан-беттан II-гIа де

"ХIумахуург" лаьцна Нохчийчохь

Холмачалла лелош хилла аьлла, полисхоша лаьцначу Гуьмса кIоштарчу Ойсхарара яхархочуьнгара Махмудова Заремигара бехкаш даьхна исламан медицинан центран куьйгалхочо Эльжуркаев Адама. Пачхьалкхан "Грозный" телеканало дийцарехь, дарбанаш лелош, бIаьрг хилийта, тIера баккха хIуманаш лелош хилла цо. "Тоххара массаж еш хилла, хIинца дарбанхо йолу Махмудова Зарема пал а туьйсуш, зуда а, доьзал а болу стаг шена тIеверзо гIоьртина. Гуьмсан полисхоша цуьнан хIусамера суьрташ а, холмачалла лелон кеп-кепара гIирсаш а баьхна", - аьлла яздо интернете яьккхинчу публикацина бухахь. Иштта репортажехь БIачи-Юьртара ши яхархо а гойту, Махмудова Заремина тIеоьхуш хилла йолу. "Массаж яйта лела а бохуш, бозбуанчалаш леладойтуш хилла цу шиммо", - боху сюжетехь журналисто. Исламан дарбан центрерчу коьртачу говзанчас Эльжуркаев Адама дIахьедина, дино дихкина, доккха къалеташ хIума ду зудчо лелориг, аьлла. Махмудовас чIагIойина кхин иштаниг ца лело, нахе дехна цо шена къинтIерабовлар. Исламо зуламе лоруш хиларца а дузуш, лецна палтийсархой, «хIумахуурш», седа-жайна хьуьйсурш дуккхаза а гайтина махкарчу телевизионо. Церан юьхьйохург хIоразза а хуьлу Эльжуркаев Адам. Холмачалла лелош хилла цо аьлла, меттигера яхархо Махмуева Шема лаьцнера Нохчийчохь полицино кху шеран Дечкен-баттахь. Цхьана хIусаман кетIа цо туьханан кана тосучу хенахь видео а яьккхина, лулахоша Iедале хаамбина хиллера цунах лаьцна, дийцира "Грозный" телеканало. Оцу юкъанна, билгалдаккха догIу, Кадыров Ахьмадан цIарахчу Фондо латтош йолчу исламан медицинан Центрехь иштта жинаш лоьхкуш, халкъан дарбанаш леладо. Оцу Центран куьйгалхо ву Эльжуркаев Адам.

ПIераска, Чиллан-беттан I2-гIа де

Кадыровн хиллачу хадархочунна компенсаци елла

20I9-чу шарахь Владимирскан кIоштарчу колонехь велла карийначу, Нохчийчоьнан президентан Кадыров Ахьмадан хиллачу хадархочунна Тунтуев Аюбана I00 эзар евро компенсаци кхачийна Европерчу адамийн бакъонехула кхело. "Медиазонас" бо и хаам, "Правовая инициатива" вовшахтохараллана тIетевжина. Цаьрга латкъамаш бора Тунтуевс шена тIехь Iазапаш латторах а, Нохчийчохь ша лаьцча а. 2005-чу шарахь, ЧIулган-Юртахь машен эккхийтарх лаьцна Тунтуевга Теркйистерчу милцойн декъехь хеттарш дарх материалаш листира Страсбургерчу кхело, дуьйцу бакъоларъярхоша. Милцоша йиттинера цунна, ток йоьттуьйтуш, куьйгех гIоьмаш тоьхна, коьртах пластикан тIоьрмиг боьллина, тховх хьалаоьллина а латтийнера иза. Шена тIехь къизаллаш лелийначул тIаьхьа бехк тIелецира Тунтуевс. Лаьцначул тIаьхьа, бакъоларъярхоша дийцарехь, шина баттахь электрошокер йиттинера цунна, шаьш хьийзор ву бохуш, кхерамаш а туьйсуш. 2008-чу шарахь колонехь даккха 24 шо хан кхайкхийра Тунтуевна, ЧIулга-Юьртахь динчу терактан бехкевина. 20I7-чу шарахь кхин а II баттана яхъйира цуьнан хан, 2000-чу шарахь Псковерчу десантхошна Нохчийчохь тIелетта ву аьлла. И бех Тунтуевс тIе ца лецира. Лурчах Зазадокху-баттахь колонехь велла карийра Тунтуев. Цуьнан гергарчара дийцира, дегIа тIехь йиттина таммагIаш дара бохуш, амма Талламан комитетан эксперташа иза харцдира.

Шотт, Чилан-беттан I3-гIа де

Адвокаташ тIе ца буьту шина модераторна

Нижний Новгородехь лаьцна Нохчийчу валийначу телеграм-чатан модераторийн Исаев Исмаилан а, Магамадов Салехьан а ши адвокат кхин царна тIе ца витина, дIавахна махкара. Оцу юкъанна кхеле латкъам бина цара, шаьшиммо Iалашван тIелаьцначу шинца цхьанакхетар ца хилийтарна, яздо "Кавказский узел" агенталло.

"Нохчийчуьра дIаваха адвокаташ Алексеев Марк а, Немов Александр а. Де хьалха кхозлагIа адвокат Бадаев Ваха юкъавеара оцу гIуллакхна, амма цуьнан а аьтто ца баьлла изоляторе кхача. Нагахь санна, иза царех кхетахь, цунна а дуьхьло йийриг хиларх дIахаийтина. И дойла яцара церан, хIунда аьлча, Исмаилан гергарчех бакъо йолу векал Нохчийчохь висина ван а вац", - аьлла, дийцина Оьрсийчоьнан ЛГБТ-машанан координаторо Истеев Давида. Лаьцначу шиммо яздина дац мукIарло дарх аьлла, хаам бина Истеевс.

"Цуьнан да, вай хьалхо ма-дийццара, Нохчийчуьра дIавахна, шена тIеIаткъам барна. КIанте Хьалха-Мартанахь хеттарш дечу хенахь цу чохь вара да. Бераша цхьа дош ца элира цигахь, кхерийначу дега куьйгаш яздайтира", - аьлла цо.

Террорхошна гIо латтош вара шаьшиъ аьлла, къаро йина лаьцна латточу шина кхиазхочо Магамадовс а, Исаевс а бохуш, чIагIдо Нохчийчуьрчу Iедалхойн векалша.

КIиранан де, Чиллан-беттан 14-гIа де

КIиранан дийнахь Нохчийчуьрчу Роспотребнадзоро Iораяьккхинчу информацица, верриг а 649 119 вахархо чекхваьккхина коронавирус зуьйчу тестех.

"Царех тIаьххьарчу дийнахь-буса йина 3 273 тест. Эпидеми яьржичхьана ун кхийтира 11 100 вахархочунна, ткъа тIаьххьарчу 24 сахьтехь 15 стагаца гучуяьлла COVID-19 вирус", - яздо хаамехь.

Цул совнах, 10 337 стаг товелла, тептарера дIаваьккхина, 110 дархо кхелхина уьнах.

Билгалдаккха догIу, шо доладелчхьана Нохчийчохь дуьххьара ду цхьана дийнахь-буса 15 стаг цомгаш хилар.

Карладоккху, дахначу кхаарин дийнахь эпидемиологин хьал дIанисдаларна, меттигерчу Iедалхоша сацам бира, масканаш лелор юкъара даккха а, республикера араволуш а, чувогIуш а диттина хилла дозанаш даста а.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG