ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

КIира хиламашкахь: Маьрша нах а, маршонах баьхна нах а хIаллакбарх жоп лучу метта…


Чиллан-бутт, 15, оршот

"Евроичкерихой" кегийрхошна къахьбархьама

Нохчийчуьрчу Гуьмсан кIоштан полицин буьйранчас Чалаев Исхьакъа Инстарграмехула яржийна кхаа жимчу стаганна дов деш яьккхина видео. Цо кегийнах бехкебо Нохчийчуьрчу Iедална критика еш бхьийза "евроичкерихой" къобалбарна.

«Кхетош-кхион» Чалаевна тIебигинарш бара, цо ша бовзийтарехь, Азиев Жебар, Эскиев Юсуп, Тахиров Бекхан.

"Евроичкерийцашкахьа мел волчунна хаа деза церан идеологино вайн халкъанна зулам динийла.

Цара магадора муьлххачу а туканахь къаьркъа дохка, дукха хьолехь кафешкахь буса хелхарш дан, кегийрхоша вайн къоманна мегаш доцу духарш леладора", - аьлла даржийна Чалаевн къамел "Грозный-Информ" агенталло.

Набахтехь вийна кхин а цхьа нохчо - Хугуев Халид

Приморскан махкарчу № 27 набахтехь велла карийна, 1999-чу шарахь Москварчу "Интурист" хьешан цIийнахь а, йохк-эцаран "Охотный ряд" базарахь а лелхийтарш кечдарна бехкевина хилла, Хугуев Халид.

2009 шо, Хугуев Халид
2009 шо, Хугуев Халид

Талламо бахарехь, конфликт иккхинчохь кхечу тутмакхо вийна Хугаев. Оцу хьокъехь хаам баржийна Оьрсийчоьнан Талламан комитетан регионерчу урхаллин сайто. Бехктакхам айбина стаг верца доьзна.

"Новая газета": Нохчийчохь нах байъина хилар бакъду

"Новая газето" бинчу талламан жамIо гайтарехь, документаша тоьшалла до Нохчийчохь 2016 шо доьрзуш, 2017-гIаниг долалуш лаххара а 109 стаг лаьцна хиларх.

2017 шеран Охан-баттахь "Новая газето" Оьрсийчоьнан Талламан комитете кхачийра оцу махкахь вийначу 30 стеган цIе. Оцу нахах 27 вара Нохчийчохь 2016 шеран ГIуран-баттахь а, 2017 шеран Дечкен-баттахь а полицино лерина операцеш дIахьош лецначаралахь.

Талламан авторийн аьтто баьлла лецначарна хадеш хиллачу нахалара теш карон. Цо даредина "Новая газето" вийцинчу 27-ннах лаххара а 13 вийна хиларх, боху Чиллан-беттан 15-чохь зорбанеяьллачу артикло.

Чиллан-бутт, 16, шинара

Окуева Амина ерах йолчу шеконца лаьцнарг дахецна

Киеверчу апелляцин кхело, изоляторера мукъа а ваьккхина, цIахь Iайта сацам бина Окуева Амина а юьйш, цуьнан цIийнда Осмаев Адам а лазош кIелоъярх шеко йолуш лаьцна хилла Каспийск г1алара схьаваьлла Редькин Игорь. Оцу хьокъехь хаам бина Осмаевс.

Окуева Амина герз карахь Украинехьа лаьттира Дебальцево гIалахь тIом боьдуш, эскархочун декхарш кхочушдира Луганскан кIоштахь.

  • 2017 шарахь ГIадужу-беттан 30-чохь Глеваха юьртахь, Киевна гергахь, бевзаш боцучара герзаш диттира Окуева а, Украинан духьалонан экархо Осмаев а чохь доьдучу машенна. Коьртах герз кхетта кхелхира Окуева.
  • Хьалхо кхело лаьцначуьра дIахийцира Окуева Амина ерца доьзна йолчу шеконца лаьцна хилла кхин а масех декъашхо.

Чиллан-бутт, 17, кхаара

Къилбаседа Кавказехь нах лоьцуш ю ФСБ

Кхарачой-Чергазийчохь, Ростовна гонах, аннекси йинчу ГIирмехь, Краснодар-махкахь шаьш 19 стаг лаьцна, уьш террорран тохарш дан кечлуш бара, дIахьедира ФСБ-н белхахоша.

Оьрсийчоьнан Лакхарчу кхело 2010-чу шарахь зуламе леринчу "Ат-Такфир вал-хьиджра" тобанехь хиларна бехкебо лецнарш.

Навальный хьем ца беш мукъаваккха аьлла Страсбургерчу кхело

Европан адамийн бакъонашкахула йолчу кхело сихонца Навальный Алексей набахтера мукъаваккхар тIедожийна Оьрсийчоьнна, цуьнан дахар кхерамна кIел хилар тидаме а оьцуш.

Кхелан регламентаца а догIуш, цо шатайпанарчу хьелашкахь тIеоьцуш хуьлу стагна кхерамзалла кхачош болу сацамаш. Стаг баккъал а кхерамна кIел нисвелла хилар шена гучудаьлча бо цо и тайпа сацам. Амма Оьрсийчоьнан юстицин министралло дIахьедина хьалхо, ша дагахь яц и тIедожор кхочушдан, аьлла.

Оьрсийчоьнан юстицин министраллин пресс-векалтан белхахочо ТАСС агенталле дIахьедина, стаг сихха дIахеца аьлла сацам бар "бух боцуш, суверенитетехь йолчу пачхьалкхан кхелан системина балха юкъагIортар" лору шайн урхалло, аьлла.

Чиллан-бутт, 18, еара

Навальный д1ахеца бохуш дечу дIахьедаршна реза яц Оьрсийчоь

Европан адамийн бакъонашкахула йолчу кхело Навальный сихонца мукъаваккха аьлла дина дIахьедар "эвххьаза кхелийн балханна юкъагIертар" ду аьлла Оьрсийчоьнан юстицин министра Чуйченко Константина.

Министра бахарехь, прецедент йоцу омра ду иза. Европан адамийн бакъонашкахула йолчу кхелан документ бух боцуш ду, низамца ца догIу, аьлла Чуйченкос.

Кхаарин дийнахь хаам баьржира, Европан адамийн бакъонашкахула йолчу кхело Оьрсийчоь декхаре йина сихонца Навальный изоляторера мукъаваккха, аьлла – Кхелан регламенто, "агIонийн аьттонна а, къовсам оьшшучу хьесапехь листархьама а" магадо Страсбургана иштта сацам тIеэца.

2000 шарахь тIом бина нохчий хIинца а бу лоьцуш

Нохчийчуьра кхо вахархо зуьйш ву 2000-чу шарахь махкахь Пермерчу полисхошна тIелатарх йолчу шеконца. Бекхтакхаман гIуллакх гIаттийна ницкъхойн дахарна тIекховдарца доьзна. Хьалха набахти текхна ву кхуьй.

Нохчийчохь тIом, 1999 шо
Нохчийчохь тIом, 1999 шо

2000-чу шеран Зазадоккху-беттан 29-чу дийнахь тIемалой тIелетира ницкъхойн ковранна Джани-Веданна гергахь. Велира цигахь 33 полисхо, итт йийсар а вина, тIаьхьо вийра, верриг а зен хилларг вара 102 ницкъхо.

  • Оьрсийчуьрчу адвокаташа а, бакъоларъярхоша а билгалдоккху, кхеле кхаьчча, наха шаьш талламхошна дина дареш шайгара етташ даьхна, олий, дIахьедеш хилар.

Песков: Газето Нохчийчохь нах байъина бахар тоьшалла лорийла дац

Оьрсийчоьнан президентан пресс-векала Песков Дмитрийс комментари елла "Новая газето" Нохчийчохь кхел а йоцуш нах байъарх лаьцна биначу талламан хьокъехь.

"Газетан материал лорийла дац тоьшалла, йина кхел а йоцуш, нах байъина бохучун", дIахьедина цо. "Материал [газетан] тIекхочийлехь ю вайн массо а низам лардечу урхаллашна, церан деза, дерг къастош, и информаци листа", - аьлла Песковс.

  • Хьалхо, Чиллан-беттан 16-чохь, Песков Дмитрий реза ца хилира "Новая газетан" материалана комментари ян.

Чиллан-бутт, 19, пIераска

"Персеверанс" йоьссина Марса тIе

Американ дуьне толлу "Персеверанс" аппарат хьовзам боцуш охьахиина Марса тIе. Американ аэрокосмосан агенталлан (NASA) сайтехула ойлайнехь гайтина иза охьаюссуш.

Аппарато лоьхур бу оцу планети тIехь ширачу заманашкара дахаран битамаш, Лаьтта тIе дIаяхьа схьаоьцур Марс кхоллалуш йолу коьчал. "Персеверанс" хIаваъ-четаршца ворхI минотехь йоссийра Марса тIе. Дукха хан ялале цигара дуьххьарлера суьрташ дахкийтира цо Лаьтта тIе.

"Персеверанс" Марса тIе хьажийра стохка Товбецан-баттахь. "Марс-2020" программа кхочушъеш цо планети тIехь доккхур ду лаьттан 700 де-буьйса.

  • Чиллан-беттан юьххьехь Марса тIе шен талламбен зонд хьажийна Китайно а. Стигалкъекъа-баттахь йосса еза и аппарат Марса тIе. Китайрчу Iилманчаша толлур ду, мел таро ю адаман Марс долаэца.

Нохчийчохь лаьцна латточу адвокатан 71 шо ду

Нохчийчуьрчу Ленинан кIоштан кхело кхин а баттанна, Зазадоккху-беттан 20-гIчу дийнналц дIаяхйина 71 шо долу адвокат Мараков Сергей лаьцна кхаба магош йолу хан – наркотикаш лелорна бехке во иза.

  • Мараков лецира ГIуран-беттан 8-чохь. Бахьане диллира «жимма хулиганалла» лелор. Тоьхна 10 де-буьйса чекхдаьлча, иза бехке вира наркотикаш лелорна. Мараковс ша дийцарехь, ГIуран-беттан 8-чохь иза цIенна хьалха сацийна могIарчу духарахь хиллачу кхаа стага, дIавигина полице, цигахь бухакхоьссина наркотик.

Чиллан-бутт, 20, шотт

Гуьржийн журналист тергалвеш леллачу гIалгIачунна хан тоьхна

ПIераскана Гуьржийчохь кхело 4 шо хан кхайкхийна набахтехь яккха Оьрсийчуьрчу вахархочунна Гуциев Мохьмадна, иза гуьржийн "Мтавари архи" телеканалерчу журналистанна Габуния Георгийна вен кIело кечъеш хилла аьлла айдинчу бехктакхаман девнан лорах. Цунна бехкедина пачхьалкхан доза хадор, харц паспорт кечдар, низамехь йоцчу кепехь журналист тергалвеш хьийзар.

Адвоката дийцарехь, Гуциевс аьттехьа а ца дитина ша журналист верхьама тергалвина бохург.

2020-чу шеран Мангал-беттан 15-чохь Тбилисехь лецира Гуциев, цуьнгарчу харц паспорто бохура иза 38 шо долу ГIалгIайчоьнан вахархо Боков Васамбек ву. Низамхой тешна бу иза Габуния Георгий вен араваьлла лелла хиларх. Габунияс болхбечу "Мтавари архи" каналан инарла директора чIагIдарехь, журналист вен стаг араваьккхинарг ву Нохчийчоьнан куьйгалхо Кадыров Рамзан.

Оьрсийчоьнан президентан пресс-векала Песков Дмитрийс маьIна доцу шеконаш ю элира Тбилисехь Гуциев лацар. Кадыровс а ца дитира герга гуьржийн дIахьедар, бохура, "цхьамма сан цIарх хIума деш делахь, цо иза чекхдоккхур ду".

Патрушев ларвеш, "къевлина" латтийна нах Ставрополехь

Актрисин Топольницкая Юлиян инстаграм-аккаунтехь видео ю, полисхочо неI а къевлина, масех стаг туькан чуьра ара ца волуьйтуш гойтуш. Видео яьккхина Чиллан-беттан 19-чу дийнахь Ставрополь юккъехь, Къилбаседа федералан гоне халкъан кхерамзалла йийцареян Оьрсийчоьнан кхерамзаллин кхеташонан куьйгалхо Патрушев Николай веъначу хенахь.

"ЛадогIийша, ма хьийзадайша тхо. Адамийн бакъонаш эшор ду хIара", - мохь бетта туканара ара ца йолуьйтучу Ставрополерчу яхархочо.

Адвоката Вертегель Феликса ша Кавказ.Реалиина в комментари луш бохура, хIоьттина ситуаци йогIуш яц адамашна кхайкхийначу

бакъонашца, цо талхадо низам, ткъа полисхой нах къевлина латторца совбелла шайна даржо лучу бакъонел, цара нах маршонах баьхна латтийна цхьана меттехь.

"Iазапна дуьхьалояран комитетан" Краснодарерчу декъан куьйгалхочо Романов Сергейс хиллачуьнца доьзна хьоьху Ставропол-махкарчу чоьхьарчу гIуллакхийн министраллин урхалле а, прокуратуре а полисхошкара яьллачу харцонан хьокъехь арз яздар.

Чиллан-бутт, 21, к1иранде

Навальныйн хьокъехь ша лаьцначу позицица Германино "доккха халахетар дина " Оьрсийчоьнна

Оьрсийчоьнан Инарла прокуратуро дIахьедина, Навальный Алексей шен махкарчу дарбан хIусаме кхачарх лаьцна шега динчу хеттаршна жоп дала юха а реза ца хилла Германи, аьлла.

Deutsche Welle ("Немцойн тулгIе") радионо хоуьйту Германино юридикан гIо кхачош, хьалха маситтазза Москва жоьпаш хьийсийна хиларх лаьцна.

Германин федералан юстицин гIуллакхашкахула йолчу урхалло дIахьедо, Навальныйна дIовш даларх лаьцна Оьрсийчоьно динчу хеттаршна ша доьазза жоп делла хиларх лаьцна. Цхьана декъехь аьлча, Москвага дIаделла Берлинан прокуратуро Навальныйгара эцначу тоьшаллийн протоколаш – иштта хаам баржийна DPA агенталлехула Чиллан-беттан 15-чохь Германин юстицин министраллин векало. "Бехктакхаман гIуллакх доло мел оьшург Оьрсийчоьнан карахь ду – Навальныйн цIийн а, дилхан а, бедарийн а анализаш", - дIахьедира хIетахь Германин юстицин министралло а.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG