ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Шема дехьавала лаам хиллачунна 2,6 шой хан тоьхна набахтехь даккха


Нохчийчуьрчу къайлахчу сервисийн хаамца, листина дели ГIалгIайчуьра схьаваьллачу вахархочунна Хайхароев Ахьмадна дуьхьал даьккхина хилла бехкзуламан гIуллакх.

"Интернетехь мила ву ца хуучу стага Iехийна хилла иза, цуьнан къамелаш Iаткъам бина Хайхароев реза хилла Шема дIавахана, даIишхойн могIаршкахь тIом бан", - аьлла, хаам бина ФСБ-н пресс-гIуллакххоша.

ТIехьа-Мартанан кIоштан кхело бехке хилар тIе а чIагIдина, колонин шогачу хьелашкахь даккха ши шой, ялх буттий хан кхайкхийна Хайхароевна.

Хьалхо хаам баьржира, лерина операци дIахьош Марсхьокху-беттан 23-чохь ГIалгIайчоьнан Соьлжан кIоштахь вийна экстремистийн ДАIИШ тобанера кхо тIемало, аьлла.

Коьрта теманаш

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG