ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

"Адам ден Iалашо а йолуш". Зуда ерна набахте хьажийна полисхо лаьттинарг


Алеева Лилия

Шегахь марехь хилла Гагиева Регина цхьа шо ахшо хьалха ерна БуьритIехь кхело 16 шарна луьрачу хьелашкахь набахти такха кхачийна полицехь болх бинчу Техов Вадимна. Иштта бина сацам Чиллан-беттан 24-чохь Советски кIоштан кхело. Бехктакхаман кодексера биъ бехк хьарчийна цунна тIе: еттар, стаг вен кхерамаш тийсар, шиъ я сов стаг вен гIортар, стаг вер. Хан тоьхна ца Iаш, кхело Техов декхаревина Регинин доьзална бинчу цатоманна дуьхьал кхо миллион сом такха.

Къиза йийра 22 шо долу Гагиева Регина 20I9 шеран Гезгамашин-беттан 18-чу дийнахь, и ирча сурт лецира видеокамераша. Майра хилларг кхечира зудчун белхан метте, дехха дов динчул тIаьхьа дуккхаза а урс диттира. Кхетамчу ца йогIуш, кIира даьлча елира Регина. Лоьраша дийцарехь, денъяла де ца хилла цуьнан – логах дийна йисина меттиг яцара боху. Ша урс диттинчу дийнан сарахь полицина тIевахана Техов, цигахь лаьцна иза. Кхелан медицинан экспертизо кхетамчохь вац иза аьлла бина сацам. Изоляторехь Iачу юкъанна шозза гIоьртина иза ша-шен вен.

Зуламо ир-кара хIоттийра юкъаралла: махкахь дуьххьара болам кхоьллира цIахь лелачу къизаллина дуьхьал - "Хотае". Журналисташ, блогераш, юристаш бахана цунна юкъа.

Йирзийнчу кхелам сацаман хьокъехь Кавказ.Реалиин корреспондента къамелдира йиначун йишица а, доьзалан адвокатца а.

Ша гIалатваьлла, элира

"Бехк цо тIеэцна шена, иза Iовдал ма ваций. Юхаваьллехь, алссам тухур яра хан. Видеогайтамо шеко йоццуш схьа ма ухьу: иза ма-варра гуш ву. Тхоьга къинтIера довлар а дийхира. Вацара дера доггах доьхуш-м, шена таIзар кIаддайтархьама бохура-кх", – дуьйцу Гагиева Регинас. Иза реза ю кхелан сацамна, яц цунна арздан лерина.

"Сайга хаьттича, ас тоьпаш тухуьйтур яра Теховна", – боху йийначун йоккхахйолчу йишас.

Набахтин луьрачу хьелашкахь 16 шо даккха Теховна кхайкхийна цо динчу деа зуламна дуьхьал – низамаш талхо иза волавелла шегахь хилла зуда ша еле дуккха а хьалха. Цу тIе, Регина ен иза вахна ша кхелан сацамца цIера аравала дихкина воллушехь. Иза парггIат гIалахула ваьлла лелийтарна, зулам дан хецна витарна жоьпе озийна Федералан таIзар кхочушдаран урхаллин ши белхахо.

Сайга хаьттича, ас тоьпаш тухуьйтур яра Теховна

Теховна бехке дуьллу хьалхара зулам цо дина 2018 шеран гурахь БуьритIерачу цхьана барна уллехь, летта ГIалгIайчуьра веъначу шина стагах. Талламо бахарехь, маситтазза урс тоьхна цо царна. Кегийнах орцан медицина бахьанехь бисина дийна.

ШозлагIа зулам – Регинина гIелояр, оцу бахьаница цуьнан йиша Роксана полице яхана а лелла, амма зулам тергамза дитина Iедалхоша.

Роксанас дийцарехь, Техов бехказвийла а ца гIиртина кхелехь: "Элира, ша галваьлла лелла, массо а хуьлу галволуш, цхьанненна а ца хаьа ша кхана дендерг".

Иза адам ден Iалашо йолуш лелла

Шевелева Викторияс, ГагиевгIеран доьзалан адвоката бохарехь, кхелехь Теховс ца гайтира ша дохковаьлла: "Iаткъамбеш дара кхелехь хезашдерг, цундела иза къевлинчу хьелашкахь дIаяьхьира. Роксанина а, суна а атта дацара Теховс лелориг ган. Кхел йоьдучу юкъанна цо цкъа бен ца дийхира шена къинтIерадовлар, иза а шен тIаьххьарчу дашехь, юрисдикцица а догIуш, таIзар малдайта. Дохковаьлла ша бохура шен кIант нана йоцуш витарна. Доьхура ша йийначун нене кIант дика кхиор. Амма доггах дацара цуьнан къинтIерабовлар дехар. Иза я воьхна а ца гора. Кхечу ерриг а хенахь, воьлуш, везавеш, кхел хабарца юкъахйохуш хьийзира. Ца вешаш къежар дара иза, самукаъдолуш вацара".

Адвоката билгалдоккху, Техов ша йийнарг бехке еш, кхелехь луьйш хилла хилар: "Регина дика ца лелара, соьга хьагI латтайойтура, ас цундела йийра, бохура. Иза цо дуьйцура шаьш цхьаьна ца деха ши шо даьллашехь".

Кхеле Теховн гергарчу нахах цхьа нана бен ца еара, тоьшалладеш цо хIоразза а сийсазйора Регина, дуьйцура иза вон нана яра, вон зуда яра, бохуш, дуьйцу Шевелевас. Ткъа Регин амал вон гойтуш далош долу дареш хилла, адвоката довзийтарехь, нус спорт езаш яьхна хилар.

Регина дика ца лелара, соьга хьагI латтайойтура, ас цундела йийра

"Цо Регинина 2I-зза урс тоьхна дагах а, логах а. Хаа а хууш, дахарх иза яккхархьама. Адам ден Iалашо а йолуш", - тешна ю адвокат.

Гагиеван а, Теховн а кIант бохам хиллачул тIаьхьа ваха висина ненахошца. "Йишин кIентан пхи шо ду кхочуш. Хиллачух иза кхетар ву кестта. Оха дуьйцур дац цуьнга хилларг, амма шенна хуур ду цунна иза. Ца хиича дика-м дара", – сагатдо Роксанас.

Теховн гергарчаьрца къамел дойла ца хилира Кавказ.Реалиин.

Полицин балабацар

Техов кхелах чекхваккхийтар ГагиевгIеран адвокатан гIоьнца нисделла, элира бакъонларъярхойн "Хотае" ("Йижарий") юкъаралла кхоьллинчу Бекоева Агундас.

Амма иза реза яц юкъараллах дIакъастийна кхобуш хилла Техов нахана юкъавалийтинчу Федералан таIзарш кхочушдаран урхаллин белхахошна.

"Уьш муьлш бу? Царна хIун бехкам бийр бу? Техов ерриг а пачхьалкханна гайтина, ткъа хIун ду хууш цунна зулам дан некъ битинчех лаьцна?", –хеттаршка юьйлу Бекоева.

Цо бахарехь, коьрта проблема юьсуш ю йоллучохь – зудашца лелош йолу харцо:

"Вон болх бечу полисхошна таIзар хила деза деш, уьш зулам динчу метте сихха дIахьалха Iаммалц, нехан хIусамашкахь лелачу Iазапца къийса Iаммалц суна тоам хир бац цхьа наггахь кхело къиза нах чубохкара аьлла".

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG