ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Хьалха баледаьллера Iожалла йохьу "Сийна кит", ткъа хIинца бераш лардан дезарг ю TikTok


TikTok
TikTok

Социалан машанан низам дохош йолу контент, шена юкъахь ша-шен тоьхна валар марздеш пропаганда йийриг а йолуш, дIайоккхуш ю TikTok. Оцунах лаьцна хаам бо РБК агенталло, оцу компанин зорбан-векалтана тIе а тевжаш. Де хьалха оцу социалан машано кхайкхамаш беш бу берашна тIехьажийна, ша-шен тIе куьгдахьарца боьзна, бохург хезна таллам бе аьлла омра деллера Оьрсийчоьнан Талламан комитетан куьйгалхочо Бастрыкин Александара.

TikTok-хула кхиазхой Iожаллана тIекIабеш материалаш яржош хиларх лаьцна хиира, Москварчу масех школо цунах лаьцна берийн дай-наной варе бинчул тIаьхьа. Школаша хаамаш дIасабахьийтинера дай-нанойн чаташкахула, берашна тIе тидам бахийтар доьхуш.

Шинарин сарахь ша-шен тоьхна баларшка кхойкху видеороликаш яржораш лаха аьлла дехар динера Талламан комитете Оьрсийчоьнан Пачхьалкхан Думан депутата Яровая Иринас.

TikTok-ан векалша чIагIдарехь, цара хIинца блокаш хIиттош ю оцу кепара контент яржочу хештегашна. "Оха дIа а яьхна, хIинца а сихонца дIайохуш а ю тхайн платформера ша-шен тоьхна валарца йоьзна йолу видероликаш", - билгалдаьккхина TikTok компанино, хаам бо РБК-но.

2016-чу шарахь "Новая газетехь" араелира социалан машанашкахь кхоьллаеллачу ша-шен тоьхна валар хаздечу "Iожаллин" тобанех лаьцна материал, дагадоуьйту ВВС-но. Царах цхьаъ яра "Сийна кит" тоба. Дукха хан ялале Нохчийчу а, ГIалгIайчу а кхечира 12 шарера 16 шаре кхаччалц йолу хан йолчу кхиазхойн и къиза ловзар.

Маршо Радионо ма яздарра, мехкаршна коьрте дуьллура, шу хаза а дац, кIентий шух ца беша, хиндерг къаьхьа ду шун, дита хIара харц дуьне, олий. Шу дена-нанна ца оьшу, массо а таронаш шул хьалха дIалецна, къен, миска дахар ду шуна кхача дуьсург, дуьйцу кIенташка…

Нохчийчоьнан дешаран департаменто сихонца кхайкхам баржийра республикерчу бахархошка. "Терго елаш, дай-наной, машенашлелорхой! «Вада я ле!» аьлла ловзар ду моде даьлла. ТIекхоччуш йоьдучу машенна хьалхахула некъ хадор ю ловзучу беран Iалашо. И ловзар даьржина ерриг а Оьрсийчухула. ДIахаийта массарна а!» - бохура кехато.

Цул сов, Нохчийчоьнан куьйгалхочо Кадыров Рамзана а даьккхира орца мехкан телевизионехула. Иза Iалашбан гIоьртира кхерамечу ловзаре берзале къона нохчий.

Цуьнгара орца шен кара эцна, кхайкхамаш бира меттигерчу муфтийс Межиев Салахьа а, ша-шен тоьхна валаран Iесаллах лаьцна дуьйцуш. Кхин далийна терахьаш дацахь а, наха дуккха дийцира беллачех я оцу новкъа бевллачех а лаьцна.

TikTok -ке кху деношкахь бинарг дуьххьарлера кхайкхам бац Оьрсийчоьнан Iедалша, шайна товш доцург дехкар Iалашонца бинчерах. Кхушара Дечкен-баттахь Оьрсийчохь дуьхьалонан акцеш дIайоьлхуш Роскомнадзоро кхайкхам бира оцу компанега бераш дуьхьалонан акцешна юкъаийзор Iалашонца кхайкхамаш бар сацаде аьлла. Урхалло билгалдаккхара низамашца догIуш доцург лелоро берашна вон тIаьхьалонаш йохьуш доьрзур хилар.

Цул сов, Оьрсийчохь йихкина йолчу "Исламан пачхьалкх" тобано а пайда эцна меттигаш яьхкира музыкан видеош кхуллучу TikTok программах. The Wall Street Journal газето яздарехь, тIемалоша шайн пропаганда еш йоца видеороликаш яржош хиллера оцу социалан машанехула. Уьш а сихонца дIаяхийтира TikTok-е.

TikTok программа гучуяьлла 2017 шарахь. Иза кхоьллинарг ю Китайра ByteDance цIе йолу компани. Уггар дукха цунах пайда оьцурш бу кхиазхой а, жима бераш а. Царах дукхахаболчара TikTok лелайо йоца беламан видеороликаш йохуш.

Амма кхин цхьана агIор а пайда оьцуш меттиг беъна TikTok-ца боьзна. Китайрчу TikTok машане видео йиллира стохка ГIуран-баттахь Америкерчу Азизи Фероза цIе йолчу йоIа. Ша цIоцкъамаш далош гойтуш йолуш санна кеп а лелош, цо дийцира шайн пачхьалкхехь бусалбанаша ловш йолчу гIелонех лецна.

ЙоIа къамел дина дукха хан ялале компанино сихонца дIакъевлира Ферозин аккаунт, амма хьовсархой къар ца белча, схьаяьстера иза юха а. Цул тIаьхьа оцу кепах пайда эца болийна кхечу блогерша а.

Перевод статьи на русский язык можно найти здесь.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG