ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

"ШолгIачу дийнахь баьпкан цхьацца булка елира тхуна". Нохчаша дагалоьцу Сталин велла де


Сталин Иосиф, Зазадоккху-бутт, 6-гIа, 1953 шо

Нисса 68 шо хьалха, 1953-чу шарахь Зазадоккху-беттан 5-чу дийнахь, велира Советан Пачхьалкхана 30 шарахь куьйгалла деш хилла Сталин Иосиф. Цуьнан цIарца юзу Советан Пачхьалкхехь адамашна репрессеш яран истори: дIалецар, каторгехь бацор, доьзалех хадийна бахийтар, кхелан а, кхелан йоцу а органаша сацамаш беш байар. Тоьпаш тоха бинчу дуккха а сацамашна кIеллахь ду Сталинан куьг.

Репрессеш лайначу адамашна юкъахь бара 9 шо хьалха махкахбаьхна Даймахке сатуьйсуш хан йоккхуш болу нохчий. Тахана Сталин велла 68 шо кхочуш кIеззиг нах бен ца бисна Сибрех баьхначу нохчашна юкъахь и де дагадогIуш. Царах ву Соьлжа-ГIалахь веха Сайдулхаджиев Iумар. Иттех шо долуш хилла иза, Сталин велла аьлла хаам кхаьчча. И де иштта дагалоьцу цо.

Сайдулхаджиев Iумар: "ХIетахь, 4-чу я 5-чу классехь вара со. Казахстанехь Нижняя Аларча олучу эвлахь школехь доьшуш вара со а, Янорс олуш волу кIант а. Сталин вала воллу бохуш школана уллохь болчу кедачухула дуьйцуш хезира тхуна. Школехь линейка а йина, вайн Сталин вочу хьолехь ву бохуш, дуьйцуш дара.

Юха цу линейкера класс чу а дигина, хьалхара хьехархой а боьлхуш, тхо а доьлхуш иштта хIума лелийра-кх оха. Дуккха а хьалха хилла хIума ду иза. Вай дохор бахьана долуш холчахь вайнах а бара. Нах чIогIа кхоьруш бара. Сталинах лаьцна хIумма а ала а ца бахьара уьш. И тхан школа йоьлхуш яра-кх, догIанах йоьлхуш".

Сталин веллачул тIаьхьа вайнехан дахаре хийцамаш дукха сиха кхечира бохуш, дагалуьйцу, 1953-чу шарахь жима хиллехь а, Сталин велла де дагахь лаьттачу Сайдулхаджиев Iумара.

Сайдулхаджиев Iумар: «1954-чу шарахь, Сталин велла шо а кхачале, тхо цигара дIадахара. Цул тIаьхьа ши шо кхочуш хан яьккхира оха. 1956-чу шарахь Гезгмашан-беттан 20-чу дийнахь тхо цIадаьхкира. Хасав-юртахь цIерпоштана тIера охьадиссира тхо. Юхадерза деза шу а, элира тхоьга Хасав-юьртарчу милицино. Оцу Хасав-юртахь, баIар а даьккхина, оцу баIаран хьожа йохуш... вилхина-кх со... ХIинца а, иза дагадеача, велха дог догIу сан».

77 шаре яьлла Магомадова Лайлаъ Шелахь ехаш ю. Сталин велла де иштта дагалоьцу цо.

Магомадова Лайлаъ: "Сан 8 шо хир дара, Сталин веллачу шарахь. Иза велла де дика дагадогIу суна. Деца-ненаца Казахстанерчу Джамбулан областехь Кордайн кIоштахь цхьана рудиникан герга йолчу эвлахь дехаш дара тхо. Могуш йоцуш Iуьллуш яра со оцу дийнахь. Тхан де йиша яра Бажу цIе а йолуш. Со а тхан нана а йолчу чуиккхира «ва устаз, Сталин велла бах» аьлла. Юьртан юккъехь бIогIумна тIе тоьхначу радион кедачухула хаамаш бора хIора сахьт масоззу долу Сталин валарх лаьцна. Оцу хааме ладогIа йигира со тхан дейишас, шен ги а йоьллина.

Магомедова Лайлаъ (аьтту агIорхьара шолгIа)
Магомедова Лайлаъ (аьтту агIорхьара шолгIа)

Дерриг а адам оцу радиога хьалахьоьжачех дисна дара-кх. Дукха хан ялале тхан нана а, ненанана а тIаьхьа еара тхойшинна. Сталин валарх кхаъ хиллачу тхан де йишас юх-юха а оцу хааме ладогIа йигара со, мало ца еш. Цундела делахь а, тахана а сайн лергахь декаш санна хета суна Сталин валарх лаьцна дина къамел. Сталин веллачул тIаьхьа шолагIчу-кхолагIчу дийнахь цхьацца бепиг булка елира нахана, къаьсттина нохчашна. Бепиг доькъучу стага сан мара йоьллира бепиган булка, цхьанна а ма лолахь, хьайна яъалахь, элира со соьга".

Шамаев Шисуди 5 шо долуш хилла Сталин веллачу шарахь. Шена дагахь лаьттинарг иштта дуьйцу цо.

Шамаев Шисуди: "Тхан кетIара дIахьажча гуш рудник яра. Iуьйранна белхалой кхойкхуш «гудок» екара цигахь. Тхо кегийра дара. КетIахь ловзуш дара тхо. Цхьа а раж а йоцуш и "гудок" екайолаелира. Иза хIун ду те аьлла, баккхийчерга хаьттича, Сталин велла бохуш, цунна кадам беш екаш ю иза элира тхоьга. Со жима вара. Сталин баш мила ву а ца хаара суна, амма баккхийчеран леларца кхеташ дара цхьа дагахь доццург хиллий".

1944 шарахь Шелара махкахяьккхинчу Уманин 14 шо хилла Сталин велча. Казахстанерчу Верх-Березовский кIоштахь Рудник олучу эвлахь бехаш хилла церан доьзал.

Умани: "Тхан да школехь болх беш вара. Вай Сибрех дахийтале а школехь хьехархо хилла вара иза. Х1инца санна дагадог1у суна дийнахь иза балхара ц1авеъна, пхьарсах дихкина 1аьржачу каденан цуьрг а долуш. Ас хаьттира, дада, иза х1ун ю ахь пхьарсах йихкинарг, аьлла. Сталин велла, цундела хIара кIаденан цуьргаш дехкар тIедожийна тхуна, массанхьа а байракхашна тIе а дехкийтина хорш, элира тхан дас.

Жимма ойла а йина, тхан дас элира: "Да виса кху дуьненан, вайн Амма валале вала ца мегар-те и Сталин, ма чIогIа оцуьнга сатуьйсуш вехира иза". Амма тхан деден шича вара. Тхо махкадаьхна Сталин йовсар лорура цо. Сталин валале вала ма лойла ша, олуш хиллера Аммас. 1952 шарахь кхелхира иза Сибрех. Юьртарчу кешнашка д1авоьллинера иза.

13 шо махкахбаьхна даккхийтинчул тIаьхьа цIа боьрзуш бу нохчий, 1959 шо. Гайтаман сурт
13 шо махкахбаьхна даккхийтинчул тIаьхьа цIа боьрзуш бу нохчий, 1959 шо. Гайтаман сурт

1959-чу шарахь, нохчий цIаоьхуш а болуш, меттигерчу 1едалша сацам бинера нохчийн кешнаш долчехула керла некъ баккха. Меттигшерчу юьртан дас къайлаха хаам бинера нохчашка и кешнаш кестта дIахьокхур долуш хиларх лаьцна. Буьйсанна бахана цигара цуьнан дакъа схьа а даьккхина кхечанхаь даадоьллира тхан дас а, девежарша а.

Тхо цIадирзина дуккха а шераш девлча, ша валале хьалха, тхо Казахстанехь Iийначу эвла вахана шен дешичан Аммин а, тхан хеназа кхелхинчу вешин а, шина йишин а кешлаш лийхира тхан дас. Амма цунна уьш ца карийнера. И меттигаш а, кешнаш а девзар доцуш хийца делла, бохуш вара иза ша цIавеъча".

Перевод статьи на русский язык можно найти здесь.

Коьрта теманаш

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG