ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

"Нах хьийзорехь керлачу тIегIане йирзина Нохчийчоь". Интернетан Маршо - 2020


"Интернетера маршо 2020: репрессийн шолгIа тулгIе" аьлла, рапорт арахецна бакъонашларъяран "Агора" тобано. Оцу тIехь билгалдаккхарца, журналисташна ницкъбар а, интернет-цензуран меттигаш а алсам хуьлу Нохчийчохь.

"ЦIечу зонехь" къастийна иштта Дагестан а, ГIалгIайчоь а, Краснодаран кIошт а, Адыгей а.

Нохчийчоь: координатийн кхин система

Интернетехь "эладитанаш" даржораш "хIуъа а дай" совцабе аьлла, Нохчийчоьнан куьйгалхочо Кадыров Рамзана кхайкхам бинчул тIаьхьа, социалан машанашкахь тIеIаткъам бар совдаьлла цIеххьана.

Масала, 2018-чу шарахь цуьнца доьзна "Агорас" вовшахтуьйхира 12 къепе йохор, ткъа 2019-чу шарахь 23, стохка - 66.

Йоллу Оьрсийчохь 2020-чу шарахь 103 инцидент билгалъелира, машанехь шена хетарг аьллера аьлла, дуьхьал гIуллакхаш даьхна. Царех 40 меттиг Нохчийчохь нисбелла, яздо рапортехь.

Дуьйцу "Новая газетан" журналистна Милашина Еленина а, адвокатна Дубровина Маринина а стохка Дечкен-баттахь дина тIелатар а, IАДАТ телеграм-каналан жигархо Тепсуркаев Салман лачкъор а, иштта, мессенджерашкахь Кадыров килсарчу мозгIарх тарвеш, коллаж йина, иза яржорна лаьцна 25 меттигера вахархо а.

ХIинца Нохчийчоь керлачу тIегIане яьлла нахана тIаьхьабевлла леларехь, шена тIаьхьа цхьа а Оьрсийчоьнан регион кхуьур а йоцуш, дIахьедо "Кавказский узел" агенталлан коьртачу редакторо Шведов Григорийс.

"Махкахь а доцуш, цул а арахьа информаци зорбане йохучарна тIаьхьабовлар ду иза. Карладоккхур вай стохка хиллачух коьртаниг - Тепсуркаев Салманан гIуллакх. Массарна а евзачу телеграм-каналан автор Краснодаран кIоштахь лачкъийра, Нохчийчохь Iазап хьегийтира цуьнга.

"Новая газетан" зорбане яьккхина публикаци хьахор вай. Кхелехула а, бакъоларъяран органашкахула а материал фейк ю аьлла, тIечIагIдайтира нохчийн Iедалша (юьйцург ю, Нохчийчохь коронавирус марсаяларх язйина артикл. -Редакцин билгалдаккхар.). Муьлхачу Оьрсийчуьрчу регионан аьтто бу дозалла дан, республикерчу хьолах арахьарчу ресурсаша яздича, царна тIеIаткъам бина шаьша аьлла?"

Рапортехь юьйцучу кхечу регионашца а юстийла дац Нохчийчохь, хIунда аьлча, меттигера Iедалхой махкал арахьарчу дешан маршонна юкъагIоьртина ца Iаш, пачхьалкхал а арахьа а дика ларош бу.

"Нохчийчоьнах а, цуьнан урхаллехь болчу нахах а лаьцна критикаца материал зорбане яьккхина ши блогер стохка вийра Европехь, - дагадоуьйту Шведовс. - Ткъа кхозлагIчунна, Iаламат гоьваьлла иза воллушехь, Европехь тIелатар дира. Мел деха ду куьйгаш, шаьш емал дечу нахана оццул тIеIаткъам бечу нехан, Оьрсийчоьнан кхечу регитонашка кхаьчна ца Iаш, кхечу пачхьалкхашка а кхочуш хилча? Оьрсийчохь рекордсмен лара ца оьшу Нохчийчоь, координатийн кхечу системехь ю иза".

Краснодаран кIошт: "фейкньюс" яржорна гIуданаш

Рапортан авторийн зерашца, 2015-чу шарера схьа дуьйна цкъа а "цIечу зонера" яьлла йоцчу исс регионашлахь ю Кубань. Стохка Краснодаран махкахь журналисташна дуьхьал даьккхира ялх зуламан гIуллакх, 31 интернет-цензураца доьзна дара, 35 административан тIеIаткъамца.
Оцу фактийн доккхах долу дакъа - интернетехь фейкаш яржор, Iедалхошка ларам цахиларна бехкаш дахкар а ду.

"Хаамийн гIирсийн бакъонаш Iалашъечу Центран директоро Арапова Галинас бахарехь, Кубанехь журналисташна тIаьхьабевлла лелар жигара даьлла ала бух бац. Ала догIу, Араповас куьйгалла ден Центр Оьрсийчоьнан Iедалша "арахьара агент" лерина, амма Центр реза яц цунна.

"Кубань - мел а консервативе меттиг ю, дешан маршоне а, адамийн бакъонашка а диллича, реакцин регион ю-кх, - боху Араповас. - Фейкан хаамашца а, Iедале боцчу ларамца а доьзна гIуллакхаш йоллу пачхьалкхехь а тIетаьIIина нахана дуьхьал ийдеш ду тIаьххьарчу шарахь. Цхьа керла, моде баьлла ши гIирс бу и, регионалан полисхой вовшашца къийса а луш гайта гIерта шаьш федералан Iедалхошна муьтIахь хилар. Краснодар а, Нохчийчоь а, масала, даим а оцу тIехь билгал яра. Ишта регионаш оцу сохьта юьйлало жигара цу гIирсех пайдаэца. Амма, бакъду, оцу тайпа хьал, хала хеташ делахь а, пачхьалкхан дуккхаъчу регионашкахь тусаделла. Масала, Нижний Новгородехь, Хабаровскехь, Кемеровохь.
Кест-кеста хьоьшуш ю журналистийн бакъонаш, цара протестан акцех лаьцна дуьйцу дела, бакъонаш талхайо информацина тIе ца буьтуш а, керла некъаш карийна машанерчу ресурсашна дуьхьалонаш латто а, масала, информаци яржош болчу нехан реестр, блок тохар".

Араповас билгалдаккхарехь, стохка фейкан хаамех хIиттон протоколаш совдийлар доьзна коронавирусан пандемица.

"Тхуна хаарца, 2020-чу шарахь фейкньюсца доьзна гIуллакхаш журналисташна дуьхьал дахар алсамдаьлла, - кхин дIа дуьйцу Араповас. - Пандеми яржан йолаелча, коронавирусан историн гурашкахь, чIагIдан буьйлабелира фейкньюсах лаьтта административан низам. Зуламан кодексехь жоьпалла тIедожийра харц хаамаш Iорабохучарна. Цул тIаьхьа Оьрсийчоьнан йоллу регионашкахь гIуллакхаш ийдар марсаделира. Краснодарехь даим а цуьнца доьзна хьал кхин дIоггара маьрша дацара, цундела, низам юкъадаьккхинчул тIаьхьа кхин а чолхе дирзира цигахь хьал.

Пачхьалкхо шен лерина терго журналисташна тIехь латтийна ца Iаш, могIарерчу наха пандемица латтточу къийсамах яздарна тIехь а терго латтайора. Оперативан штабо яздочуьнца бIостане информаци гучуялахь, фейкньюс олий, гIуллакхаш дуьхьал дохура.

Дагестан: кхерамаш а, тIаьхьабовлар а

"Агоран" рапортехь Дагестан, къаьсттина ситуаци ледара йолчу регионашлахь хьахийна ю. 2020-чу шарахь бехкзуламан гIуллакх дуьхьал айдина а, тIехь ницкъбина а 4 меттиг хаабелла цигахь, ткъа интернет-цензураца доьзна 27.

"Дагестан оха билгалъяьккхина, хIунда аьлча, дуккхаъчу дахначу шерашкахь оцу кепара дукха инциденташ цигахь хааелла цахиларна", - аьлла, кхетийна "Интернетера маршо 2020: репрессийн шолгIа тулгIе" аьллачу рапортан цхьахволчу авторо, адвокато Селезнев Станислава.

2018-чу шарахь республикехь дуьйцучех тайпа "низам дохийна" 4-зза хааделира, 2019-чу шарахь - 8, 2020-чу шарахь - 45.

"Оцу хиламех 27 - сайташна блок тохар а, зорбане яьккхина материал йихкинчех хилар а дара, ткъа йисина 18 - социалан машанашкахь наха вовшашца дечу къамелийн терго яр алсамдалар.

"Агора" Центро арахецначу рапортехь билгалдаьккхина, "Даптар" порталан коьртачу редакторна Анохина Светланина кхерамаш тийсарх а, "Черновик" газетан сайтера прокуроран кIантах лаьцна а, Кавказерчу зударийн бакъонаш Iалашъечу блогеран Алиева Марьяман инстаграм-аккаунтна блок тохарх а язйина материалаш дIаяхар Роскомнадзоро тIедожорах а.

Дагестанехь Iедалхой тIаьхьабовларх публикацехь хьахийна кхин а цхьа агIо ю, иза йоьзна ю йихкина информаци интернетехь Iораяккхарца. Масала, экстремистийн организацийн символикаш.

"Къайле яц "гIожан система" юкъ-кара лелош хилар, бакъоларъяран органаша, жамIаш гайта Iалашонца интернет толлу, хIуъа а хилла а, пIелг тассал дерг лоьхуш. Шаьш теллина цхьа зулам долуш санна дIагайта, - дуьйцу "Черновик" газетан коьртачу редакторан гIовса Магомедов Магомеда. - Экстремизмна дуьхьало латточу Центран белхахошна "дукхаезачу" темех ю - Оьрсийчохь магийна йоцучу террорхойн ДаIиш тобанан символика гучуялар. Шога аьлча, цхьаммо "АллахI" я "Мухьаммад" тIе яздина байракх зорбане йоккху шен агIонехь. Ца хьа царна, и байракх террорхойн организацин флагах тера хиларх а. ТIаккха терроризм яржор лорий, гIуллакхаш ийдан аьтто хуьлу церан. И байракх шен аккаунте эцначунна хала ду, ша иза стенна хIоттийна кхето, ткъа бакъоларъяран хьукматаша бехкаш дохку, террорхойх доглазар ду олий, туьдий.
***
Стохка Охан-баттера Гезгамашин-батте кхаччалц схьа Оьрсийчохь интернетера маршонан индекс харцхьара ю. Интернет ларъечу Оьрсийчоьнан юкъаралло далийна ишта зераш.

Коьрта теманаш

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG