Д1адахначу дийнахь а, буса а Къилбаседа Кавказехь кхелхина коронавирус кхетта хилла 25 пациент, цомгуш хилларг ву 538 вахархо.
Оьрсийчоьнан уьнна дуьхьалоечу Оперативан штабан хаамца, в Краснодар-махкахь велла COVID-19 цамгарх 13 дархо, Ставропол-махкахь - ялх, ГIебарта-Балкхаройчохь - шиъ, ГIалмакхойчохь, Адыгейхь, Нохчийчохь - цхьацца. COVID-19 цамгарх пандеми яьржичхьана велла Къилбаседа Кавказехь 7 978 стаг.
Массанхьачул дукха бу дийнахь-буса ун кхеттарца билгалбевлла нах Ставропол-махкахь – 154 стаг.
- Ставропол-мохк + 154 (47 849 пендемин берриг муьрехь)
- Краснодар-мохк + 142 (39 155)
- ГIебарта-Балкхаройчоь + 68 (21 333)
- Дагестан + 43 (29 988)
- ГIалмакхойчоь + 35 (19 182)
- Кхарачой-Чергазийчоь + 32 (19 224)
- Къилбаседа ХIирийчоь + 25 (15 837)
- Адыгей + 13 (13 841)
- ГIалгIайчоь + 13 (14 818)
- Нохчийчоь + 13 (11 356)
Таханенна COVID-19 цамгар хааелла Къилбаседа Кавказехь 232 583-зза. Ерриг Оьрсийчохь шайца коронавирус гучуяьлларг ву, Оперштабан Зазадоккху-беттан 5-чу денна йолчу информацица, 4 301 159* стаг.
*Оьрсийчоьнан официалан статистико шена чулоцу аннекси йинчу Г1ирмера хьал.