ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

UFC-н массо а рейтингашкара дIаваьккхина Нурмагомедов Хьабиб


UFC-н массо а рейтингашкара дIаваьккхина ийначу кепехь латаран чемпион волу дагестанхо Нурмагомедов Хьабиб, цо шен спортан карьера ерзорца доьзна, хаам бо Спорт агенталло.

32 шо долчу чемпионо спорт йитарх дахначу кIиранах официалехь дIахьедина UFC-н куьйгалхочо Уайт Дэйна.

Лурчаха ГIадужу -баттахь UFC-н рейтинган коьртехь вара Нурмагомедов, ткъа хIинца оцу могIаре юхавеана Американ латархо Джонс Джон.

32 шо долчу Нурмагомедовс ша эйинчу кепийн летаршкахь волуш дIадаьхьина 29 цхьаьнакхетар, ца эшна цкъа а. UFC-хь 2012-чу шарахь дуьйна вара иза, цигахь 13-зза тоьлла иза.

Стохка ГIадужу-баттахь Нурмагомедовс дегIан лахарчу йозаллехь кхозлагIа яьккхира чемпионан титул, эшийра америкахо Гейджи Джастин. И латар дирзича кхайкхийра цо ша профессионалан спорт ютуш хилар. Шен нанна дош делла ша иза тIаьххьара латар хир ду шен аьлла, цунна ца лаьа тIера да, Нурмагомедов Iабдулманап, дIаваьлча ша лиэтийла, элира Хьабиба (ткъа да велира цуьнан коронавирусах стохка аьхка).

Оьрсийчоьнан самбо чемпион велира Нурмагомедов Хьабиб 2009-чу шарахь, эскаршкахь леташ а, Европан панкратионан чемпионатехь а туьйлира иза, 2012-чу шарахь хилира цунах NAGA Grappling кепехь дуьненан чемпион а.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG