ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Школехь хьехархочунна а, берийн гергарчарна а юкъадоьлла дов луьстур ду Нальчикерчу кхело


ГIебарта-Балкхаройчохь талламчаша кхеле делла Нальчикерчу цхьана школехь стохка Лахьан-баттахь хьехархочунна а, дешархочун гергарчарна а юкъа, герз а детташ, доьлла дов. Махкарчу Талламан комитетан урхаллин официалерчу сайто бахарехь, "могашаллина, дан ларам а болуш, юккъерчу барамехь зен дар" аьлла бу меттигерчу шина вахархочунна тIебаьхьина бехк.

"Талламан версица, Нальчикерчу "Лицей №2" доьшийлехь волчу кIентан гергарниг 2020-чу шеран Лахьан-беттан 27-чохь цхьаьнакхетта шен накъостаца, дехна цуьнга шеца школе вар, цигахь и шиъ дагахь хилла историн хьехархочунна етта, цо гергарчу кIантаца дов даккхарна. Оцу шимма новкъахь бартбина, хьехархо девне валахь, цхьамма иза лоцур волуш, вукхо еттар йолуш, эшахь, ший а летар волуш. Цхьа а дуьхьало йоцуш, доьшийлина чу а кхаьчна, хьехархо балха юкъара а ваьккхина, аракхайкхина цушимма. Цхьамма масийттазза тухучу юкъанна, шолгIачу лаьцна латтийна хьехархо", – боху Талламан комитетан ГIебарта-Балкхаройчуьрчу урхаллин сайта тIехь.

Ткъа ша хьехархочо оцу юкъанна хIун лелийна, дуьйцуш а дац. Амма хьалхо Кавказ.Реалиино хаийтира хьехархочо Мальбахов Заурбека дов дохьуш веъначу шиннах цхьанна, беран гергарчунна, травмат-тапча еттарх а, цул тIаьхьа урс даьккхина хьийзарх а лаьцна. Цул кIира хьалха иккхина хилла хьехархочун дешархочуьнца конфликт.

Беран гергарчийн версица, историн хьехархочунна классан журнал ца карош хилла уьссалгIачу классехь дешаран сахьт долош, иза мохь хьекха ваьлла дешархошна тIе. Цхьа дешархо дIатеттина, партанашна тIе охьавиллина. Цунах тоьшалла до классерчу бераша. Кхечу дешаран сахьтехь, Мальбахов шеца девне ца валийта, кIант тIехьарчу меттигашка охьахиина, амма хьехархо юха а воьлла кIантана лен, цо тIаккха, дешаран сахьт чекхдаьлча, телефон тоьхна шен гаргарчуьнга, дуьйцу нанас.

КIентан девашас Гацалов Артура а, цуьнан доттагIчо Темукаев Тамерлана а шаьш хьехархочуьнга "деккъа дIа къамелдан" вахара боху школе. Амма дов иккхина хьехархочуьнца, Гацалов директор волчу вахана. Иза цигахь а волуш, Мальбаховс, чу а иккхина, травмат-тапча етта йолийра, патармаш кхачийча, урх лесто велира, чIагIдо Гацаловс а, Темукаевс а. Хьехархочуьнгара герз дIадаккха гIертачу цушинна чевнаш йина.

Гацаловна а, Темукаевна а набахтехь такха хан тоха мега 5 шаре кхаччалц.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG