ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Познер Владимир Тбилисера дIавахна шена дуьхьал иккхина протест бахьанехь


Оьрсийчуьра журналист, телевиденин программа лелорхо Познер Владимир дIавахна Тбилисера, ша воьссинчу хьешан цIенна гонаха протестан акцеш хIиттинчул тIаьхьа. Оцу хьокъехь хаийтина Гуьржийчуьрчу телевиденин "Хьалхарчу канало".

Познер Гуьржийчу варна дуьхьал протест йолаелира Тбилиси юккъехь кхаарин сарахь шашаха.

И саннарг нисделира тхан Гавриловца а. Юха а и кеп хаьржина цара

"Интерфаксо", меттигерчу хаамийн гIирсашна тIе а тевжаш, довзуьйту полицин белхахошний, протестхошний юкъаиккхина дов. Гулбеллачийн аьтто баьлла Познер чохь волчу хьешан цIа чу йоьду серло дIаяккха. Хьешан цIа чу протестхой ца кхачийта гIерташ, го лаьцна лаьттина полици, боху агенталло.

Гуламхой маьхьарий хьоькхуш, шакарш етташ лаьттина, цара дийцарехь, баьхкинчарна "дискомфорт" хIоттош, шаьш сахиллалц лаьттар ду бохуш.

Гуьржийн оппозицин векалша махкара араваккха бохура Познер. "Со политика йийца ца веана, сайн вина де даздан веана", - аьлла ша журналиста аэропортехь. "Эхо Кавказа" сайтан хаамца, Москвара веана Познер, шеца 40 гергга накъост а волуш.

"Иштачу ситуацехь лартIехь йолчу цхьана а пачхьалкхо вуьтур вац шайн дозанашна чу шена луьйш верг, Абхази Гуьржийчоь цкъа а хир яц аьлла волу Оьрсийчоьнан системера стаг ву иза. И саннарг нисделира тхан Гавриловца а. Юха а и кеп хаьржина цара", - аьлла, "Эхо Кавказа" сайто бахарехь, оппозицин "Хан кхьачна" боламан лидера Хоштария Эленас.

Гуьржийн сатийсам" язъеш хьийза оккупаци йина лела Оьрсийчоьнан режим

2019-чу шеран аьхка, Тбилисе Оьрсийчоьнан Пачхьалкхан Думин депутат Гаврилов веъча, ша диннарг юха а дина Iедалерчу "Гуьржийн сатийсам" партино, леткъа оппозици. Гуьржийн парламентан спикеран гIанта Гаврилов хиича, йолаелира хIетахь протест, иза леринчу ницкъаша дIасалохкучу а долуш.

"Гуьржийн сатийсам" язъеш хьийза оккупаци йина лела Оьрсийчоьнан режим", - аьлла журналисташка протестхойх волчу Тбилисерчу жигархочо Рухадзе Нодара.

2008-чу шарахь Гуьржийчохь 5-дийнан тIом хиллачул тIаьхьа Оьрсийчоьно тIеийцира Абхази а, Къилба ХIирийчоь а йозуш йоцу пачхьалкхаш кхайкхош долу документ. Дуьненаюкъарчу Цхьаьнакхеттачу Къаьмнийн организацерчу пачхьалкхаша Гуьржийчоьнна оккупаци йинарг лору Оьрсийчоь.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG