ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

КIира хьалха Германино цIахьажийна Мамуев Нурмохьмад вайна Нохчийчохь


Нохчийчуьрчу Хьалха-Мартанан кIоштарчу Шалажера схьавалла 32 шо долу Мамуев Нурмохьмад вайна, Германин Iедало депорт а йина, цIахьажийначул тIаьхьа. Оцу хьокъехь хаам баржийна адамийн бакъонаш ларъечу "Мемориал" центро (Оьрсийчоьнан Iедало арахьарчу агентийн могIара язйина "Мемориал", амма цо и статус тIе ца эцна шена – редакцин билгалдаккхар).

Мамуев Берлинехь ваьхна шен зудчуьнца, деа бераца 9 шарахь. 2009-чу шарахь дуьйна вара иза Европехь.

Зазадоккху-беттан 24-чохь, буса, полицин белхахоша неIарш а йохош, чубевлла, дIавигина Мамуев, аьлла бакъоларъярхошка цуьнан зудчо Матас. Мачашший, тIехула кхолла хIумий бен схьа ца эцийтина цуьнга.

Берлинерчу полицехь лехна Мамас шен майра Iуьйранна, амма ца хаийтина цунна Нурмохьмад волу меттиг, я иза стенна лаьцна а. ТIаьхьо полицино дIаэцна цуьнгара мухIажир Германера дIахьажор вац аьлла ханна делла документ, хаийтина цуьнан майра Оьрсийчу дIакхачийна вуйла. Муьлхачу бахьаница депорт йина ца аьлла зудчунна.

Москвахь Мамуев Нохчийчоьнан Iедалшка дIавелла. Зазадоккху-беттан 25-чохь Хьалха-Мартанарчу полицино шен ненан Шалажерчу хIусамах дIакхетийна иза. ШолгIачу Iуьранна могIарчу нехан духарахь баьхкинчу наха, шаьш муьлш ду ца дуьйцуш я документаш а ца гойтуш, дIавигина Мамуев.

Нурмохьамадан гергарчара тIаьххье телефон тоьхна Хьалха-Мартанарчу полицин декъе, хаийтина иза дIавигинийла. Делла жоп ду: уьш ницкъаллин декъан белхахой бу, Мамуевн цаьрца къамел дан деза.

Шалаже баьхкинчу наха ца хаийтина шаьш стенга вуьгуш ву Нурмохьмад. ШозлагIа гергарчара шаьш хаьлха тоьхнначу полицин декъе телефон тоьхча, Мамуев вац шайгахь, аьлла. Цул тIаьхьа цунах хилларг хууш дац.

  • Германино 2019-чу шеран Зазадоккху-баттахь депорт йира ГIалчуьра схьаваьллачу Орханов Тимурна а, цуьнан кхиаза долчу кхаа беранна а. Даймахка кхоччушехь лецира иза ФСБ-но. Талламо чIагIдарехь, "Кавказ Имаратан" Несарарчу жамаIатан амир ву иза.
  • 2020-чу шеран аьхка Германера тховкIело йоьхучу Абдурахманов Мухьаммада дIакъовлийтира ша экстремистийн "Исламан пачхьалкхехьа" ву аьлла айдина бехктакхаман дов. И дов гIаттадайтинарш Оьрсийчуьра къайлах сервисаш хила тарло аьлла хета цунна.
  • Австрерчу нохчийн диаспоро Холакостах тардо нохчийн мухIажиршна депорт яр – даймахка дIахьовсийча, тIехь Iазап латтадо царна, хIаллакбо.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG