ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Стамбулехь нохчо вийначул тIаьхьа ялх стаг лаьцна


Гайтаман сурт
Гайтаман сурт

Байначу беттан 31-чу дийнахь стаг вуьйш хиллачу тийсадаларшкахь дакъалаьцна ялх стаг лаьцна Туркойчохь. ГIажарийчуьрчу бизнесхочух Гафаров Эриках воьзна ву лаьцна шиъ. Кхечу шеконашлахь болчарлахь ву, "Бизнес-онлайн" гIирсо дийцарехь, Гафаровн компаньон Сухоплюев Владимир а, ишта цуьнан доттагI Филиппов Николай а.

Маршо Радионо яздира, Стамбулехь Зазадоккху-беттан 3I-чохь, сарахь, герзаш а детташ, вовшахлетта нах, лазийна масех нохчо, велла царах цхьаъ, аьлла. Хаамийн гIирсашкахь яздарехь, дов иккхина ахчан декхар бахьана долуш гуьржашний, нохчашний юкъахь, гуьржийн агIоно шайца ахча дIадеха кхайкхина хилла "Хусейн Слепой" шех олуш волу "тутмакхийн эла" Ахмадов Хьусайн а.

Герзашца леташ вийна нохчо Iабдул-Малик, шолгIачу нохчочунна – цуьнан цIе Хайрулла ю - еза чов йина. Билгалбаьлла боцчу хаамца, герз кхеттачу гуьржех цхьаъ велла тIаьхьо. Еза чов йина чохь дов иккхинчу ресторанан дена а.

Туркойн зорбанийн хаамашца, инцидентехь вийна 40 шо долу Нохчийчуьра вахархо а, Азербайджанан вахархо а. Чевнаш йина кхин а шинна: Оьрсийчуьрчу 36 шо долчу вахархочунна а, 39 шо долчу Мухьаммадна а.

"ТIаьххьарчу хаамаша Iадийна дуккхаъ нах. Хаамийн гIирсашкахь 99 процент аьшпаш бу. Сайн аьтто ма хилли- ма-дарра дуьйцур ду ас",- аьлла, йоза дитина Гафаровс шен инстаграмехь.

Набережные Челны гIалара совдегар ву Гафаров Эрик. Цо кхоьллина ю Gafarov and Partners LTD фонд.

ГIажарийчоьнан чоьхьарчу гIуллакхийн министраллан сайтехь еллачу информацехь, бизнесхо дуьенаюкъарчу лехамашкахь велла, финасийн пирамида кхолларна. Иза а, цуьнан ши партнер Ахметшин Денис а, Сухоплюев Владимир а Интерполехула лоьхуш ву, лаца а, экстрадици ян а. Кхуьй а Туркойчохь ву.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG