ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Кадыровна дина арз толлур ду Лаккхарчу кхелехь кхаарин дийнахь


Кадыров Рамзан
Кадыров Рамзан

Соьлжа-ГIаларчу Старопромыслан кIоштан кхело кху шеран Чиллан-беттан 15-чохь бинчу сацамна дуьхьал бакъоларъяран "Мемориал" центро а, Москварчу Хельсинкан тобано а бинчу латкъаман хьокъехь хьалхара ладегIарш дIахьур ду Нохчийчоьнан Лаккхарчу кхело тIедогIучу кхаарин дийнахь. "Эхо Москвы" радион эфирехь "Мемориалан" декъашхочо Орлов Олега дIахьедарехь, шен режимна критика йиначарна Нохчийчоьнан куьйгалхочо Кадыров Рамзана тийсина кхерамаш таллийта хьийза бакъоларъярхой.

"Дуьхьало ярна кхана Нохчийчоьнан Лаккхарчу кхелехь латкъам а беш, талламаш а беш, диллина Кадыров Рамзана бакъоларъярхошна а, журналисташна а, шена критика мел ечарна а кхерамаш тийсарх аьрзнаш тIе а оьцуш, болх бан дезаш ду тхо", - аьлла Орловс.

Бакъоларъярхочо карладаьккхина, 2019-чу шарахь министрийн кабинетца а, ницкъаллийн структурийн векалшца а дIахьочу шуьйрачу кхеташонехь Кадыровс кхерамаш а туьйсуш, шен режимна критика йийраш байъа беза бохуш, кхайкхамаш барх.
Цо дийцарехь, стохка Лахьан-баттахь бакъоларъярхоша Оьрсийчоьнан Талламан комитетан куьйгалхочуьнга Бастрыкин Александре дIахьедира цунах лаьцна. Хьалхарчу инстанцин кхело бакъоларъярхошна дуьхьало йира арз листа.

"1,5 шой хан ю Кадыров Рамзанна дуьхьал бехктакхаман гIуллакх деллийта тхо хьийза, хIунда аьлча, оцу кепарчу дIахьедаршкахь мостагIалла а даржадо, бакъонел а сов вуьйлу иза.
Кханалерачу кхеташонехь хир ду тхо, Кадыровн дешнашца билггал кхерамаш хилар тIечIагIдан а хьовсур ду тхо", - аьлла Орловс Олега.

Нохчийчоьнан куьйгалхочо Кадыров Рамзана динчу дIахьедаршна тIехула Соьлж-ГIаларчу Старопромыслан кIоштан кхело гIуллакх листа дуьхьалоярна мехкан Лакхарчу кхеле апелляцин латкъам хьажийнера бакъоларъяран "Мемориал" центран кхеташонан куьйгалхочо Черкасов Александра а, кхеташонан декъашхочо Орлов Олега а, Москварчу Хельсинкан тобанан куьйгалхочо Бахмин Вячеслава а.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG