ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Бакъоларъярхоша хIинца а лоьхуш ву Нохчийчохь вайна Мамуев


Германино Оьрсийчоьне схьавеллачул тIаьхьа нохчийн полисхойн каракхаьчначу Нохчийчоьнан вахархочух Мамуев Нурмохьмадах хилларг хууш дац, хIетте а иза лоьхучуьра севцца бац бакъоларъярхой аьлла "Мемориалан" кхеташонан (Оьрсийчоьнан Iедало арахьарчу агентийн могIара язйина "Мемориал", амма цо и статус тIе ца эцна шена – редакцин билгалдаккхар) декъашхочо Орлов Олега.

Хууш ма-хиллара, лачкъийна вигинчу стаге бертаза бехкаш тIелоцуьйту, тIехь ницкъбеш, кхерамаш туьйсуш, цул тIаьхьа бен аьтто ца хуьлу цуьнан гергарчийн шайн вайначун кхолламах хаа, аьлла Къилбаседа Кавказерчу "Iазапашна дуьхьало латторан Комитетан" декъан куьйгалхочо Аламов Мохьмада.

"Суна дага а догIуш, дукха хан яра Европано депорт йина, Нохчийчу схьабалийна нах къайлабахаза. Амма цхьа бакъ ду, кхерамаш а туьйсуш, тIехь ницкъ бой, мукIарло дойту цаьрга, цул тIаьхьа цуьнан гергарчашна хоуьйту уьш латточу меттигах", аьлла, билгалдаьккхина бакъоларъярхочо.

Масална хьахийна цо Байдуев, Нохчийчу схьакхаьчначул тIаьхьа лачкъийна дIавигина, тIаьхьо цхьахйолчу кIоштан полицин декъахь карийна волу. Оцу хеначохь, шена дохку бехкаш тIелаьцна хиллера цо, дийцина Аламовс.

Маршо Радионо яздира шен агIонехь, Нохчийчуьрчу Хьалха-Мартанан кIоштарчу Шалажера схьавалла 32 шо долу Мамуев Нурмохьмад варах, Германин Iедало депорт а йина, цIахьажийначул тIаьхьа.

Мамуев Берлинехь ваьхна шен зудчуьнца, деа бераца 9 шарахь. 2009-чу шарахь дуьйна вара иза Европехь.

Зазадоккху-беттан 24-чохь, буса, полицин белхахоша неIарш а йохош, чубевлла, дIавигина Мамуев, аьлла бакъоларъярхошка цуьнан зудчо Матас. Мачашший, тIехула кхолла хIумий бен схьа ца эцийтина цуьнга. Москвахь Мамуев Нохчийчоьнан Iедалшка дIавелла. Зазадоккху-беттан 25-чохь Хьалха-Мартанарчу полицино шен ненан Шалажерчу хIусамах дIакхетийна иза. ШолгIачу Iуьранна могIарчу нехан духарахь баьхкинчу наха, шаьш муьлш ду ца дуьйцуш я документаш а ца гойтуш, дIавигина Мамуев. Цул тIаьхьа цунах хилларг хууш дац.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG