Оьрсийчоь декхаре ю Нохчийчохь 27 стаганна тоьпаш тохар, 2017-чу шеран Дечкен-беттан 25-26-чу буса кхел а йоцуш хIаллаквар зен йозуш йоцу дуьненаюкъара талламчийн тоба чуйита. Иштта ду бакъоларъяран "Мемориал" центро (Оьрсийчоьнан Iедало «Мемориал» арахьарчу агентийн тептара язйина, ткъа «Мемориало» тIе ца оьцна и статус – ред.) ша Европан адамийн бакъонашкахула йолчу кхеле хьовсийначу обзервацешкахь бохург.
Документо бахарехь, иза хила еза Цхьанакхеттачу Къаьмнийн организацин ницкъаша а, лааамза а байначу наханна орца кхачош йолу белхан тоба.
Обзервацешца гайтина "Мемориало" "Новая газетан" журналист Милашина Елена декъахь а йолуш хIоттийна тоьшаллийн база.
Нах муха хьийзийра, байъира Милашинага Зазадоккху-баттахь дийцира лечкъийна нах ларбеш Кадыров Ахьмадан цIарх йолчу патрулан-хан №2 полкехь (ППСП-2) гIуллакх деш хиллачу Гезмахваев Сулимана. Вийначу масех стеган цIе яьккхира цо. Лецна хиллачийн суьрташ тIехь долу таблица а кхаьчна журналисташка.
Коьртаниг ду гIуллакхехь "шина а агIонера" тоьшаллаш хилар, уьш цхьана а догIу, билгалдоккху "Мемориало". Зен хиллачу I6 стага тоьшалла дина, царех цхьаболучийн цIерш яьхна Гезмахмаевс а. Оцу нахана полисхо Iийна Гезмахмаев вевзина суьрташ тIехь.
- Европан Кхеташонан адамийн бакъонашкахула йолчу комиссара Миятович Дуняс Оьрсийчоь декхарейина "сихонца, озабезам боцуш, йозуш йоцчу кепехь талла" Нохчийчохь, кхел а йоцуш, нах хIаллакбарх лаьцна "Новая газето" яржийна информаци. Журналисташа бина хаам "дегIе зуздоуьйтуш " бу, аьлла Миятовича.
- Газето информаци Iораяьккхинчул тIаьхьа царна дуьхьал информацин кампани йолийра Нохчийчоьнан Iедалхоша.
Беттан I8-чохь мехкан коьртачу шахьарахь дIахIиттийра Кадыров Ахьмадан полкан полисхой. Царех цхьаммо Оьрсийчоьнан президенте Путин Владимире дIахьедира, шаьш журналисташна таIзар дийр ду аьлла. - Нагахь санна, газето дуьйцург харц делахь, кхеле довла аьлла, хьехар дира Кремло, шайга бинчу латкъамна дуьхьал.