ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Шемара 44 бер даймахка далийна


Оьрсийчуьрчу берийн бакъоларъярхо Кузнецова Анна
Оьрсийчуьрчу берийн бакъоларъярхо Кузнецова Анна

Оьрсийчоьнан тIеман министраллан кеманца Шемара шина шарера ялхийтта шаре девлла 44 бер далийна. Подмосковьерчу Чкаловскийн аэропортехь оршотан дийнахь охьадоьсина кема. Берийн могашалла зийначул тIаьхьа Дагестанерчу а, ГIебарта-Балкхаройчуьрчу а, Ставрополан кIоштарчу а церан гергарчаьрга дIакхачор долуш ду уьш. Бераш цIа дало Шема яхначу Оьрсийчоьнан берийн обудсмено Кузнецова Аннас бина цунах лаьцна хаам.

"ХIинццалчул а дукха бераш далийна оха хIинца - 44 бер. Масех беран могашалла дика яц, гаьргаш еттаелла чевнаш ю цаьрца, уьш лоьрех чекхбаха оьшур ду. Дисинчу берашца цхьа а цамгар ца хааелла, тIейогIучу заманахь церан гергарчу нахе дIакхачор долуш ду уьш", - аьллачу берийн бакъоларъярхочун дешнаш далийна ТАСС агенталло.

2017-чу шарера схьа дуьйна Гергарчу Малхбалерчу тIеман кофликташ лаьттачу меттигашкара Оьрсийчу далийна 274 бер, царех 122 Иракъехь карийнера, 152 Шемахь. Оцу юкъанна юьйцучу пачхьалкхашкахь хIинца а эзарнаш Оьрсийчоьнан бахархой буьсу. Доккхачу декъанна, "Исламан пачхьалкх" шайх олучу организацин тIемалойн зударий а, церан баккхий доьзалш а бу уьш. 2013-чу а, 2015-чу а шерашкахь шайн хIусамдайшна тIаьхьа бахна дукхахболу Къилбаседа Кавказера зударий.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG