ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Навальныйгахьа акци хIотточу дийнахь студенташ кино хьовса декхаре бина


Оппозицин политикан Навальный Алексейн штабе хаам бина Ставрополан пачхьалкхан аграран университетан дешархоша, дуьхьалонан митинг кхайкхийначу дийнахь шаьш аудитори чохь кино хьовса дуьтуш ду - хIун филм ю хууш дац аьлла.

"Кхана суьйранна ялх сахьт даьлча хьалхарчу аудитори чохь цхьа фильм ю гойтур йолуш. Йоллу курс цигахь хила еза, цабаьхкинчаьрга уьйтIе цIанйойтур ю аьлла", - ишта информаци яржийначу группан кураторан хаам жигархошка дIахьажийна цхьахволчу студенто.

Нуьцкъаша кино хьовса дешархой совцош хиларх комментари ца йина цкъачунна доьшийлан администрацино. Делахь а, жигархой тешна бу, студенташна билггал бекхам беш тIаьхьабовла тарло аьлла.

Дечкен-беттан 23-чохь кхайкхийна акци герга кхочучу хенахь ишта даржийра, Ставрополерчу аграран университетан студенташ дIабаха куц ду, нагахь санна, Навальныйгахьа уьш арабовлахь аьлла. ХIетахь университетан куьйгалло дIахьедира, политикаца "доьзна дац" шайн дехар, йа кхерамаш "ца баржийра" аьлла.

"Навальныйна Маршо!" акцин интерактиван картан зерашца, Ставрополерчу Крепостная гора олучу меттигехь гулбала лерина бу Охан-беттан 21-чохь ши эзар гергга бахархой.

Карладоккху, Дечкен-баттан 23-чу денна кхайкхийна митинг герга кхочучу заманчохь Кубанерчу пачхьалкхан университетан а, Плехановн цIарахчу университетан а, кхин а цхьа могIа доьшийлин студенташа а латкъамаш бира, администрацино шайга дIахьедина хиларх, нагахь санна, оцу акцехь дакъалацахь, шайн проблемаш хир ю аьлла.

Чиллан-баттахь дуьйна Владимирскан кIоштарчу Покровка гIаларчу номер 2 йолчу колонехь латтош ву Навальный Алексей. Цуьнан хьокъехь йина кхел харцо ю аьлла, дIахьедина Европерчу адамийн бакъонийн кхело.

Набахтехь Навальныйн могушалла цIеххьана галъелира. Зазадокху-бутт бовш мацалла кхайкхийна цо, шена тIе лоьраш ца битарна. Де хьалха таIзарш кхочушдаран федералан урхалло (ФСИН) хааме даьккхира, Навальный дарбан цIийнан стационаре охьавуьллуш ву шаьш аьлла.

Коьрта теманаш

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG