ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Терроран артиклехь бехке бинчу Дагестанерчу бахархошна тIехь ницкъбина


Гайтаман сурт
Гайтаман сурт

Дахначу кIиранах терроран гIуллакхашна бехкевинчу пхеа Дагестанерчу вахархочун адвоката Бородкина Надеждас дIахьедина, талламаш дIахьочу юкъанна царна тIехь ницкъ бина аьлла. "Кавказский узел" гIирсо бина и хаам.

Бородкинас дийцарехь, 2016-чу шеран гурахь уьш лацале хьалха вовшашна бевзаш ца хилла, гIуллакх толлучу заманчохь шаьш аьшнаш дарх а, шайна еттарх а дIахьедина цара, амма и хаамаш зен а ца зийра, царна герз полисхоша шаьш тесна хиларх бина латкъам а санна, тесна дитира.

"ТIехь ницкъабарх талламан барамаш муха дIахьо? Талла а ца толлу. Цхьана хIуманна гIуллакхан материалийн копеш а яьхна, цу юкъа полисхойн шиъ дIахьедар а тоьхна, изоляторе дIахьажорах документ юкъа диллина. Стенна ца йина кхелан-медицинан экспертизаш?",- даредо адвоката.

Бородкинан дIахьедарх комментари ца йина бакъоларъяран органаша.

Охан-беттан 14-чохь Къилба федералан гонан Ростоврчу тIеман кхело сацам арахийцира террорхойн тоба кхолларна пхеа дагестанхочун дов дерзош. 18,5 шо хан тоьхна набахтехь яккха Абдулкеримов Мурадана, 17,5 шо кхайкхийна Пирвелиев Феликсана, 18 шо – Нарчавов ИсмаьIална, 17 шо – Меджидов Бахьавдина, 17,5 – Рамазанов Гусейнна. Набахтин халчу хьелашкахь такха декхаре бу уьш шайна тоьхна хенаш, хаам бира "Интерфаксо".

Талламо бахарехь, бехкебинчара ягийна йий духку туька, кечлуш хилла полисхочунна тIелата. Амма Iалашо кхочуш ца йина цара, шаьш лецар бахьана долуш.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG