ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Тайсон Майкца а, Iела Мухьаммадца а вуьстина ша UFC-н латархочо Чимаев Хьамзата


Чимаев Хьамзат а, Кадыров Рамзан а
Чимаев Хьамзат а, Кадыров Рамзан а

Ийначу кепехь латаршкахь ша Тайсон Майк а, Iела Мухьаммад а ву аьлла нохчийн UFC- н латархочо Чимаев Хьамзата. Оцу кепара дIахьедар дина цо, шен инстаграмерчу агIоне язбеллачу цхьаболчара ша UFC-хь боху толамаш тешош бац аьллачул тIаьхьа.
"UFC -хь со кхозза бен летта вац, со мила ву дIахаийта ларийна а вац хIинца а. Наха юх-юха а дуьйцу, гIарабовлазчу латархойх тийсавелла со, амма хIинца ас гойтур ду со мила ву. Ас берш эша а бина, сайн доьхка схьаоьцур ду. Дуьненахь а тоьлларг мила ву ас дIахоуьйтур ду оцу нахана. Со Тайсон Майк ву ММА-хь, со Iела Мухьаммад ву ММА-хь", - аьлла, дIахьедина Чимаевс ингалсан маттахь.

Ша ММА-хь яьккхинчу йоццачу хенахь Чимаев Хьамзат гIаравелира турнирашкахь цIехьана баккхий толамаш бахарца. Уьссаза леташ уьссазе а туьйлира иза, царех кхо толам баьккхира UFC-юкъараллехь – рекорд хIоттийра 66 дийнахь хенал хьалха кхузза толарца.

Американ Цхьаьнатоьхначу Штаташкарчу спортан комментаторша бехкбиллира UFC-н Швецерчу латархочунна, нохчочунна Чимаев Хьамзатна, иза Соьлжа-ГIала вахарна а, цигахь мехкан куьйгалхочуьнца цхьанакхетарна а, цо шена совгIатйина "Мерседес" схьаэцарна а.

ТIаьхьо коронавирусан инфекци хьакхаелла, халла оцу лазарх велира Чимаев. Зазадокху-беттан юьххьехь дIахьедира спортхочо, ша шен спортера карьера дIатосу, аьлла.

"Хетарехь, со ваьлла, кхета, ас доьхка схьа ца даьккхина, амма иза бац кху дуьненахь коьрта толам, хаьа, шуна иза новкъадогIур дуйла, амма сан даго а, дегIо а боху соьга: чекхдели", - яздинера спортхочо.

Цул тIаьхьа Нохчийчоьнан куьйгалхочо Кадыровс доларчу кеманца Швецера Нохчийчу валийра Чимаев. ДIахьедира, тIейогIучу хенахь "Ахмат" клубан цIарх цо летаршкахь дакъалоцург хиларх.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG