ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Германино депортаци йинчул тIаьхьа вайна хилла Мамуев маьршаваьккхина


Дийнна баттахь лаьцна латтийна Нохчийчуьрчу Шалажера 32 шо долу Мамуев Нурмохьмад цIа валийна Хьалха-Мартанан кIоштарчу полицин декъан белхахоша. Мамуевн гергарчара тIечIагIдина кху беттан 19-чохь Мамуев маьршаваккхарх, иштта цара дехар дина "Мемориал" центре (Оьрсийчоьнан Iедало арахьарчу агентийн тептара язйина "Мемориал", амма и статус шена тIе ца эцна "Мемориало" – редакцин билгалдаккхар)шайн кIант бахьана долуш кхин хIуммаъ а ца лелор, хаам бина "Мемориало".

Маршо Радионо яздира шен агIонехь, Нохчийчуьрчу Хьалха-Мартанан кIоштарчу Шалажера схьавалла 32 шо долу Мамуев Нурмохьмад варах, Германин Iедало депорт а йина, цIахьажийначул тIаьхьа.

Мамуев Берлинехь ваьхна шен зудчуьнца, деа бераца 9 шарахь. 2009-чу шарахь дуьйна вара иза Европехь. Зазадоккху-беттан 24-чохь, буса, полицин белхахоша неIарш а йохош, чубевлла, дIавигина Мамуев, аьллера бакъоларъярхошка цуьнан зудчо Матас. Мачашший, тIехула кхолла хIумий бен схьа ца эцийтина цуьнга. Москвахь Мамуев Нохчийчоьнан Iедалшка дIавелла.

Зазадоккху-беттан 25-чохь Хьалха-Мартанарчу полицино шен ненан Шалажерчу хIусамах дIакхетийна иза. ШолгIачу Iуьранна могIарчу нехан духарахь баьхкинчу наха, шаьш муьлш ду ца дуьйцуш я документаш а ца гойтуш, дIавигина Мамуев. Цул тIаьхьа цунах хилларг хууш дацара.

Хьалхо дийца даьккхира, Охан-беттан 9-чохь Францино депорт ярх Гадаев Мохьмадна. Депортацин набахтехь, ша Оьрсийчоьне дIалуш вуй хиъча, протест кхайкхош, шен гай цистира Гадаевс.
Нохчийчохь Охан-беттан 10-чохь Гадаевна дуьхьал бехктакхаман дов гIаттийна низамехь а доцуш герзаш лелорна. Талламан урхаллаша цо герз къайладаьккхина меттиг карийна боху.

Коьрта теманаш

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG