ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Украино Оьрсийчоьне дIавелла Тумгоев набахтен роже ваьккхина


Саратоверчу Балашовскан кIоштан кхело сацам бина, Украинано Оьрсийчу экстрадици йина гIалгIа Тумгоев Тимур шога хьелаш долчу колонера набахтен режиме ваккха кхаа шарна. Цуьнан йишас Тумгоева Маринас бина и хаам Кавказ.Реалиига.
Цо дийцарехь, кхелан кхеташо хилла Охан-беттан 19-чохь.

"Цунна лаьцна адвокат вара, юха кхин цхьаъ а лецира, хIунда нисделла хууш яц со ишта, кхелехь царех цхьа а вацара. Ша цхьаъ висинера иза, тIехIотта стаг а воцуш", - аьлла Тумгоева Маринас.

Цуьнан ваша набахтен роже ваккхаран бахьана ду, Маринина хетарехь, таIзар токхучу меттигехь иза къепе вон йохош ву аьлла, цара тIечIагIдарна. Тумгоевас дийцарехь, ду оцу бахьанашлахь дин лелор а, доккхачу декъанна, маж яша дуьхьал валар, шен-шен хенахь дийнахь пхоьазза ламаз дан лаар, иштта, мархийн баттахь марханаш кхабар а.

Тумгоев Тимурна дуьхьал бехкзуламан гIуллакх даьккхина, колонин болх галбаккхарна, йишас бахарехь. Оцу артиклехь цунна кхачайо набахтехь яккха пхи шо гергга хан.

Маршо Радионо яздира, 2018-чу шарахь Украинас Оьрсийчоьне дIавелира Тумгоев Тимур. Оьрсийчоьнан ФСБ-но бехкевора иза Шемахь Асад Башаран ражна дуьхьал тIемашкахь дакъалаьцна ву аьлла. Ростоврчу тIеман кхело 18 шо хан тоьхна цунна, набахтехь луьрачу хьолехь такха.

Ткъа Тумгоевс Шеман территори тIехь ша хилла а вац аьлла, дIакхайкхийра.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG