ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Францера бакъоларъярхо:"Нохчаша интеграци тIе ца оьцу бохург бакъ дац".


Европерчу нохчийн гулам
Европерчу нохчийн гулам

Красно Андрей

Францерчу йозуш йоцчу цхьаьнакхетараллаша дIахьедар арахецна политикан мухIажарна Гадаев Мохьмадна Оьрсийчу депортаци яр а, оцу бахьаница иза Нохчийчуьрчу ницкъхой каракхачийтар а шайн Iедална бехкедеш. Оцу документа буха куьйгаш яздина Comite Tchetchenie ("Нохчийчоьнан комитет") а, Amnesty International-ан Францерчу декъан а векалша.

"Францин Iедало Гадаев махкахваккхарца шога талхийна кхераме йолчу, тIехь Iазап а, гIело а латтор йолчу пачхьалкхе стаг дIа цахьажоран принцип", боху дIахьедаро. Цул совнах, авторша билгалдоккху, "адаман дахар а, цунна тIекховдар юхадаккхар а" дуьйцучохь цхьа а юкъарадахарш дан йиш яцар. И принцип "массо а пачхьалкхаш ларъян декхаре хилар, дуьненаюкъарчу могIарчу бакъонийн императив иза хилар" билгалдоккху цара.

Гадаевн историно сингаттаме баьхна Францера а, Оьрсийчуьра а бахархой. 2010-чу шарахь Нохчийчуьра ведда иза, ша вадорах а, тIехь гIело латторах а, пхеа баттахь Соьлжа-ГIаларчу ОМОН олучу ницкъхойн базехь кхабарх а дIахьедар а деш. Гадаевн доьзална политикан тховкIело елла хилла Польшехь, ши шо даьлча цигара уьш дIабахна Франце. Ша эмиграцехь волуш цо тоьшалла дина Нохчийчохь ницкъхоша низамехь а доцуш, лаьцна латтош волчу кхечу вахархочун, Умарпашаев Исламан гIуллакхан хьокъехь.

Францехь Гадаевс юкъараллин болх дIакхехьна, накъосталла латтийна ша санна болчу муIхажаршна, декъахь хилла "Европерчу нохчийн ассамблеян а", "Барт-Маршо" юкъараллийн а. Мигранташна дуьхьал Iедалехь гIаьттина болам юьхьаръоьцуш, Лакхарчу Вьеннин департамент 2019-чу шарахь шозза гIоьртира иза Оьрсийчу дIахьажо, амма административан кхело юхабехира и сацамаш. Масийтта бутт баьккхира мухIажара депортацин лагерехь. 2021-чу шеран Зазадоккху-беттан 10-чохь мухIажаршна тховкIело ялар къасточу Халкъан кхело юхабаьккхира цунна депортаци кхайкхош бина сацам, амма иза Охан-беттан 9-чохь махкахваьккхира, Оьрсийчу дIакхачийнначу дийнахь Нохчийчуьрчу ницкъхоша бехктакхаман дов айдира цунна дуьхьал, цо низам а дохош герзаш лелийна аьлла. ХIинца лаьцна латтош ву Гадаев Нохчийчохь.

Кавказ.Реалиига Францерчу бакъоларъяран "Нохчийчоьнан комитет" цхьаьнакхетараллин куьйгалхо Шодо Паскаль ю Гадаевна хилла бохам стенна кхетта дуккхаъчу нехан дагах, Францерчу юкъаралло мел къобалбо мигранташна дуьхьал гIаттийна болам, кхидIа мел дахлур ду, даймахкахь низамехь боцу тIеIаткъамаш ловш хиларх шеко йоццушехь, нохчий махкахбахар дуьйцуш.

– Францерчу кхечу бакъоларъярхошца цхьаьна Гадаев Мохьмадна депортаци ярна ахь хьо резайоцийла хаийтина. И ситуаци ша къастийна схьаэцча, хьуна хIун ца тайна?

– Цхьаъ делахь, "Нохчийчоьнан комитето" нохчашна депортаци яр хIоразза а тидаме оьцу, депортаци йинчу хIораннах дог а лозу, Гадаев Мохьмадна лозуш санна. Шиъ делахь, Мохьмадах дерг: депортаци кхайкхош бинчу сацамна дуьхьал говзалла шайгахь йолччу эксперташа бархI агIонтIехь яздина документ дара, цо ма-дарра, аргументаш а ялош хоуьйтура, стенна мегар дац цунна депортаци ян. Амма Iедало хIетте а сацам бира иза Францера дIавахийта, ша эксперташа а, бакъоларъярхоша а бохучух ца дешаш санна.

Паскаль Шодо, Францера бакъоларъярхо
Паскаль Шодо, Францера бакъоларъярхо

Хууш ду, 2010-чу шарахь Мохьмадна мухIажаран статус елира Польшехь, иза цигара веанера Франце. Политикан статус луш, буьззина бух болуш карийнера даймахкахь иза низамехь йоцчу гIелонна бухахь валлор ву бохург. Нохчийчуьра, Оьрсийчуьра ситуаци хийца ца елла, цIахь цунна низамехь боцу тIеIаткъам бийр болуш бара.

– КхидIа леллачу хиламаша гайтира иза: Шереметьевохь Гадаев ФСБ-н белхахоша шайгахь латтийра, цул тIаьхьа Новый Уренгой гIалара Нохчийчуьрчу ницкъхоша дIавигира. ТIаьххьара болчу хаамашца, Гадаев чоьхьарчу гIуллакхийн министраллин ТIехьа-Мартанарчу декъехь ву, реза ца хилла бакъоларъярхошкара гIо тIеэца.

Мохьмад депортаци йинчаралахь дуьххьара вац, тIаьххьара ца хиларна кхоьру тхо.

– Йозуш йоцчу прессин а, бакъоларъярхойн а тидам цунна тIехь мел бу, вониг ца хила там бу. Амма тидам лахлушшехь, цунна вуно ирча таIзар дийр ду. Европан Бартан пачхьалкхашкхахь депортацеш дIаяхъяларх кхоьру тхо. Мохьмад депортаци йинчаралахь дуьххьара вац, тIаьххьара ца хиларна кхоьру тхо.

– Францерчу цхьаболчу политикаша а, хаамийн гIирсаша а популизман гIирс юкъабаьккхина, эмигранташкара вониг бен ца долу, уьш Францина хьашт бац, цара зулам дохьу, бохуш даржадо. Цунна хIун жоп лур дара ахь?

– Массо а эмигрантийн хадабойла дац цхьа мах – ша-ша ву хIора стаг. Массо а нохчех а оьшуш дац юкъахь ала – стага ша-ша шех жоп царалахь а. Уьш вуно тайп-тайпана нах бу шайн амалшца, дешна хиларца, леларца, кханене гIертарца. Францера дахар дика тIеэцнарш бу нохчашлахь, иза хала тIеоьцурш а бу. Амма аьттехьа а ала йиш яц нохчаша интеграци хала еш ю. Уьш аьшпаш бу, вон цIе тIекхоллар ду.

Низамехь йолчу интеграцина XXI бIешера чохь дуьхьал ца латтало, вайн массарна а делладелла лаьтта дуьне. Нехан бакъо ю дехьа-сехьа бийла, адамийн адамех хьулдала йиш яц. Кхеташ ду, уьш декхаре бу шаьш баьхкинчу меттигера низамаш а, ламасташ а лардан, амма низамехь йолу миграци тахана сацалур яц.

– Хьуна хаалой Францерчу юкъараллехь мигранташна дуьхьалояр шагделча санна, иза Францерчу бахархойн лаамца лела болам болуш санна?

– Халахеташ делахь а, хаало. Франци а, дерриг дуьненона а хала зама ю хIара. Iедале кхоччуш ца ялуш юьсу экономикан, социалан дукха проблемаш. Муьлххачу чолхечу заманахь а санна, проблемашна кхин нах бехкебан атта ду. Атта ду ала: "Вайн дерриг а телхина мигранташ бахьанехь".

Амма атта ду атта жоп дала, бехк кхечарна тIебахьа, оьгIазалла, догдатIар, кхерамаш царна тIебассо.

Хаамийн гIирсаша, схьаоьций, дестадо хилларг, масала, Ниццехь а, Дижонехь а лелла сингаттам санна, бусалба нах зуламхойх а, террорхойх а тарбой. Юьйцурш ю нохчийн диаспора гучу а ялале проблемашкахь еха кIошташ. Амма атта ду атта жоп дала, бехк кхечарна тIебахьа, оьгIазалла, догдатIар, кхерамаш царна тIебассо.

Нохчех оцу ситуацехь дискриминацина кIелбахьа атта ду, хIунда аьлча, 1990-чу шерашкахь, маршонехьа гIертачу Нохчийчохь тIемаш боьлхучу хенахь дуьйна а кхолладелла деха церан негативан васт, уьш тIеман бIо, террорхой болчуха. ТIе вон цIерш а кхуллуш, цхьаболчу наханна атта дийца лаьа чолхечу хIуманех лаьцна. Оцо хьалха дIа ца йоху проблемаш.

– Тахана Францин а, Европан Бартан а Iедалша хIун дан деза нохчийн а, кхиболчу мигрантийн-бусалбанийн а интерграци аттачу яккха?

– Масех момент ю, суна хетарехь, парггIат нохчийн хьовха, ца ваьлла мухIажир хилларг массо а парггIат интеграци ян ца вуьтуш. Уьш дукха хьолехь мегаполисашка дIатарбо баха, масала, Парижан йистехь, буьту цхьа а гIо я терго йоцуш. Суна хетарехь, яккхий гIаланашкахь хал оду интеграци ян, кегийчу, юккъерчу бараман гIаланашца дуьстича. Йоккха гIала – иза иэеллачу культурийн бен бу, цигахь гIоьртина хьал лаьтта меттигаш нисло, цундела францойн юкъараллин мехаллаш, культура, ламасташ довза атта кегий меттигашкахь хуьлу.

ШолгIа гIалат – мигранташ иэбой, цхьаьна дIатарбо, оцо аьтто ца буьту уьш тIеэцначу мехкан дахар, коьрта мехаллаш йовза, и нах шаьш-шайлахь лела буьсу, гонахарчу дахарца дIаиэн кIезиг меттиг ло. Доьшучу хенахь школехь, колледжехь юкъарло лаьтта кегийрхойн, цара атта йо интеграци, баккхийчаьрца дуьстича.

– Нохчий а къастийна, царна гIодан стенна лиина хьуна?

– 20 шо хьалха девзина суна Нохчийчуьра хьал, цигарчу къоман векалша радиочухула шайн даймахкара тIом буьйцуш. Суна оьрсийн мотт хаьа, цундела со кхетара къамелах, суна довза лиира дерриг а. Журналистан Нива Аннин Chienne de guerre: une femme reporter en Tchétchénie («Заддийн тIом») книга со инзарйоккхуш яра, суна цо гIодира хиламаш зен, алссам нохчий, церан дахар довза.

Францехь массо а шена-шена ву, оццул бертахь адам гаро цец ца воккхийла дац.

Ас "Нохчийчоьнан комитетна" хаийтира сайна волонтер хила лаьийла. Юхьанца гIодора ас тIамах кIелхьара бевллачарна, администрацешна церан гIуллакхаш довзуьйтуш, дарбан хIусамашка лелаш, деша хIиттарца накъосталла деш, мигрантан статус йоккхучохь хьаьвзаш. И нах бевззашехь, церан къоман хазачу амало дог дузийра сан. Уггаре хьалха, церан бертахь хиларо, шайн махкахойх церан балакхачаро, шайна бевзаш боцчу нохчийн а тIехь. Кхечу шайн нехан доьзалшкахь проблемаш лилхича, орцахбовлу уьш, гIодан гIерта. Францехь массо а шена-шена ву, оццул бертахь адам гаро цец ца воккхийла дац.

Къена чкъор нохчаша айдаро, муьлххачу а воккхачуьнга церан ларам хиларо цецъяьккхира со. ЧIогIа хьаша-да везаш, шен дог схьадиллина дехаш къам ду иза. Кхечу пачхьалкхашкахь наггахь а нислуш йоцу башхалла ю церан хаза амал.

– Хьуна муха хета, Францехь мигранташна дуьхьалояр дуьжур ду я дестар ду? Нохчашна депортаци яр лаьттар дуй кхидIа а?

– Иза дозу дуккха а хIуманех. Суна теша лаьа тхайн политикаша, Оьрсийчу дIахьажийча, Нохчийчоьнан ницкъхошка Гадаев Мохьмадан дIаваларх йолу истори тидаме оьцийла, диц дойла дац Франци дерриг а дуьненан кхетамехь адамийн бакъонаш, кехат тIехь а доцуш, баккъал а Iалашъярца гоьяьлла пачхьалкх хилар. И кхетам вайх дIакъастабалур боцу кхетам хила беза. Даймахкахь баха кхераме долчу нахе а хила беза къинхетам.

***

Гадаевн агIолоцуш дIахьедарш дина кхечу дуьненаюкъарчу а, Оьрсийчуьрчу а цхьанакхетараллаша. Гадаев махка юхавогIур волу гIулчаш яхаре кхойкху цара Францин Iедал, сацор доьху, бух а болуш, шайна тIехь Iазап хIотторах кхоьручу нохчашна Оьрсийчу депортаци а, экстрадици а ян йолчу Iалашонца йолийна процедураш.

Хаамийн гIирсаша дицарехь, хьехархо Пати Самюэль вийначул тIаьхьа Франци депортаци ян дагахь ю 231 мигрантанна, царалахь цхьа дакъа ду нохчий. Радикалан исламехь хилар до царна бехке. Буьйцучу нахах 180 стаг цхьацца зуламаш дарна набахтешкахь бохкура Пати вуьйчу хенахь.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG