ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Британино Оьрсийчуьра 14 стаг язвина санкцийн "Магнитскийн тептара"


Оршотдийнахь Британино Оьрсийчуьра 14 вахархо ваьккхина сакцийн "Магнитскийн тептара". Москварчу талламан изоляторехь юрист Магнитский Сергей верца доьзначу гIуллакхан декъахь бу и нах, хила тарло Магнитскийс Оьрсийчоьнан бюджетера 230 миллион лачкъорна тIе шеко йожийначех. Санкцеш кхайкхийна Америкерчу "Магнитскийн низам" санна йолчу Британин аналоган буха тIехь – санкцех а, ахча лечкъорах а ду 2018-чу шарахь, Британи Европан Барта юкъара яьллачул тIаьхьа, цигахь тIеэцна низам.

ЦIерш йовзуьйтуш ю Британин арахьарчу гIуллакхийн министраллин сайта тIехь. Верриг а 22 стаг ву керлачу тептарахь – Оьрсийчуьра нах боцуш, коррупци лелорна а, ахчанаш доладахарна а шеконе эцна Iаьрбийн Эмираташкара пхи стаг а, иштта Гондуресера а, Никарагура а, Гватемалера а нах а.

Оьрсийчоьнан бахархойх тептара язвина Магнитский лоцуш а, бехкевеш а хьийзина талламча (хилла волу) Карпов Павел а, йолаца доьзна ден зуламаш толлучу Москва гIалин полицин департаментан куьйгалхочун гIовс лаьттина Кузнецов Артем а, Москварчу ялгулъяран №28 инспекцин куьйгалхо Iийна Степанова Ольга а, цуьнан майра хилла Степанов Владлен а, Москварчу прокуратурин талламча Гордиевский Станислав а, кхиберш а. Сакцеша оцу нахана доьхку Британе кхача, цигарчу банкашкахь ахча латто. Британино дуьххьара юкъаяьккхина и тайпа таIзаран кеп.

Лондонан гIулч къобалйина Магнитскийца цхьаьна болх бинчу, иза вийначул тIаьхьа цхьацца пачхьалкхашкахь "Магнитскийн низам" юкъадоккхуьйтуш хьийзинчу финансиста Браудер Билла.

Оьрсийчоьнан бюджетера коррупцин машанехула ахчанаш дозанал арадоху некъ Iорабаьккхина ша аьлла, Магнитскийс дIакхайкхийча, Оьрсийчоьно иза лецира, Браудеран Hermitage Capital фондо шегара йогIу ял охьа ца йиллина аьлла айдинчу гIуллакхца доьзна. 2009-чу шарахь талламан "Матросская тишина" изоляторехь велира иза. Цуьнан кхалхарна бехкеберш таIзарна кIел хIитто гIертачу тобано чIагIдарехь, изоляторехь цунна эшна дарба ца деш, леррина лечу кхачийна иза.

2012-чу шарахь Американ Цхьаьнатоьхначу Штаташа тIеийцира "Магнитскийн низам", цо таIзаре ийзабо Оьрсийчохь адамийн бакъонаш талхош болу нах. Цунах тера низамаш арахецна цхьамогIа пачхьалкхаша а, оцу низамца таIзар до адамийн бакъонаш талхочу кхечу мехкашкарчу бахархошна а.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG