ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

"Буха йиллина Iалашо - кхерамех пайдаэцар". Видеокамерашца адамаш тергалдар муха туьду  бакъоларъярхоша


Навальный Алексейн агIончийн протестан акцеш хилла кIира даьллачул тIаьхьа Оьрсийчоьхь 115 гергга стаг лаьцна. Уьш бехкебо Iедалхошкара пурба доцуш митингаш хIитторна я социалан машанашкахула акцеш кхийкхорна, цхьацца меттигашкахь гIуданаш детта протесташ дIаяхьа лерина хиларх репосташ ярна.

Акцешкахь хуьлучух дийцина журналисташ а цхьана бу жоьпалле ийзош: полицин белхахоша церан цIа а оьхуш, тIедожадо, шаьш митингехь редакцин тIедиллар кхочушдеш дара алий, тIечIагIде бохуш.

Акцийн декъашхой лецархьама Москвахь полисхоша пайдаэцна, адамийн яххьаш къастон аьтто бечу системех тийсинчу видеокамерех.

2020-чу шеран юьххьехь информационан технологийн Департаментехь дIахьедира, Москвахь оцу тайпа камераш 100 эзар сов ю, бохуш.

"МБХ медиа" гIирсо хаам бора, видеокамераша дIаяздинарг къайлаха духкуш ду аьлла

Бакъоларъяран Amnesty International организацино емал дира, акцешкахь дакъалаьцнарш гучубахархьама оцу технологех пайдаэцар.

Оьрсийчуьрчу Amnesty International юкъараллан векалтан директор йолчу Звягина Натальяс боху, видеокамераша дIаяздинчух пайдаэца полицин бакъонан база яц. Настоящее Время телеканална еллачу интервьюхь дийцира цо цунах лаьцна.

- ГIуллакхан материалшна юкъа дохуьйтура камераша дIаяздинарг, амма ма-дарра дийцича, цхьа къаьсташ доцу таммагIаш бен ца хуьлура уьш. Цунах пайдаэцале хьалха цхьа стандарташ дIахIиттон еза. Цара кхетош хуьлу, и дерриг а диканна, къаьстачу низамашца, эххар а, оьшуш хилахь, хьуо бехказваккха даим а хьуна таро а юьтуш хирг хиларх.

Тахана йолчу технологешца, юьйцу ас deepfake технологи а, Волков вара хьоьца къамел динарг я цхьаммо тIейоьллина цуьнан туьтмIаьжиг яра хаа - аьтто ца хуьлу.

Оцу маьIнехь аьлча, муьлхха сурт, муьлхха а фото-видеоматериал иштта тера кечъян йиш ю. Цундела къовсийла ду, билггал хьан сурт ду и я дац. ХIаъ, юьхь хьайниг ю, амма билггал цигахь хиллий-те хьо? Дуй хьан кхин тоьшаллаш? Хьо цигахь хиллехь а, ахь цхьа къепе йохийна олийла дуй?

Кхерамех пайдаэцар ду хIара, нахе олу: "Хьовсал, го баьккхина камераш ю, ларлуш хилалахь. Нагахь санна, тIаккхахула хьо ураме валахь, цигахь хIуъа а хуьлуш делахь а, хаа мегар ду, хьуна тIехь терго йой. И ю-кх и буха йиллина коьрта Iалашо - кхерамех пайдаэцар.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG