ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Дозанера хьал. ГIалгIайчохь, Дагестанехь, Нохчийчохь юха а къийсамаш бу латтанаш тIехула


Гайтаман сурт
Гайтаман сурт

Кху шарахь Охан-бут юккъе баьлча болабелла Стигалкъекъа-беттан юккъе кхаччалц бахлур болу Рамадан бутт, бусулбанашлахь беза лоруш бу. Къаьсттина терго ян еза хIораммо а шен багара долучун дешан а, шен леларан а. ХIетте а, дозанашна тIехула вовшашна бехкаш дахкар, къийсабалар хIинцца ирделла догIу Къилбаседа Кавказехь.

Лезгистан vs ГIалгIайчоь

Дагестанхойн политолога, юкъаралхочо Курбанов Руслана, шайн автономи кхоллийтар тIедожийначу лезгинех дуьйцучу хенахь масална, ГIалгIайчоь ялийра, 1990-чу шерашкахь Нохчийчохь тIом боьдучу юкъанна "ларамза кхоллаелла республика" ю аьлла.
И дешнаш гIалгIайн юкъараллах хьакхаделира.

Курбанов Руслан
Курбанов Руслан

Меттигерчу "Мехк-кхел" юкъаралхойн организацин векалша Султыгов Сараждина а, Албогачиев Мусас а тIедиллира Курбановна, гIуллакх къастон Охан-беттан 27-чохь ГIалгIайчу шарIан кхеле вар. Шен къамелца политолога доллу гIалгIайн къам аьшнаш дина аьлла, хийтира царна. "Къонахчо санна" жоьпалла тIе а лаций, ша аьллачу дешнех жоп далар тIедожийра Курбановна. Шен ма-хуьллу хьал дайдан гIоьртира политолог, мархийн бутт бирзинчул тIаьхьа луьстур ду вай кхолладелла хаттар аьлла.

ШарIехь хаттаран йист яккха реза хилира иза, амма гIуллакх ГIалгIайчохь а ца луьстуш, Оьрсийчоьнан низамашца исламан кхелаш цигахь ян бакъо цахиларна, Гергарчу Малхбалехь кхеле хIиттар хьийхира цо - СаIуда Iаьрбийчохь я Катарехь.

Дукха ца Iаш жоп делира Султыговс а, Албогачиевс а: Курбанов провокатор ву а олуш, цуьнца дозанал арахьа дов листа реза ца хилира уьш. Шайн лаам цахиларх кхетийра цара, гIалгIайн а, дагестанхойн а, нохчийн а Iеламчашна оцу кепара хеттарш листар карадирзина хIума ду аьлла. "Мехк-кхело" юха а Наьсара билгалъяьккхира шарIан кхел вовшахтоха.

Цул тIаьхьа, ша ГIалгIайчоь муьлхачу контекстехь хьахийра кхетон гIерташ, юха а Курбановс видео дIаязйина, Iораяьккхира.
Политолого шен къинтIера довлар доьху оцу видео тIехь гIалгIашка а, доллу Къилбаседа Кавказехь дехачу кхечу къаьмнашка а.

Охан-беттан 26-чохь ГIалгIайчоьнан Конституцин кхелан суьдхо Доскиев ИбрахIим юкъа а валийна, видеохула зIене а бевлла, Дагестанерчу политологан бехказло тIе а лаьцна, шайна а, шина республикана юкъара а конфликт дIайирзи аьлла, дIахьедира Султыговс а, Албогачиевс а.

Нохч-гIалгIайн хаттар

Курбановн къамелна тIехула иккхина дов доьдучу юкъанна, Нохчийчохь бехачу орстхойн тайпа-тукхуман массо а векалша тIедожийра, шаьш нохчех схьадевлла хиларх лелон спекуляци сацае аьлла. Орстхой бехачу хIора эвлахь дIаязбинера бен кхайкхамаш. Тайпанийн цIарах бистхуьлура къаной. Царех хIораммо а дIахьедора, луларчу ГIалгIайчохь цхьана Iалашонца "нохчий бекъа дагахь болийна болх бу", шаьш садеттар дац, цхьаммо "шайна тIехь политика еш" аьлла. ХIора тайпанан къаноша дIахьедора, шаьш дукха шерашкара схьа дуьйна дан а ду, хилла а ду нохчийн къоман дакъа, бохуш.

Даудов Мохьмад
Даудов Мохьмад

И дерриге а нисделира, мархийн бутт болалучу муьрехь, дуккхаъберш цец а бохуш, Нохчийчоьнан парламентан спикеро Даудов Мохьмада луларчу мехкийн векалшка вовшах а кхетий, къийсаме девллачу дозанех долчу хеттарийн йист яккха вай аьлла, кхайкхам бинчу хенахь. Султыгов Сараждин а, Албогачиев Муса а реза хилира цхьанакхета.

"Латта цхьана тукхамна я цхьана къомана тIечIагIдина хилча, цунна тIехь дола дар сий лардар санна лору

Охан-беттан 26-чохь нохчийн спикеро рогIера кхайкхам бира, Къилбаседа-Кавказан федералан гонийн шахьарахь - Пятигорскехь- цхьанакхетар дIадахьа. Доллу организацин хеттарш шена тIелаца чIагIо йира Даудовс.

Бина барт боллушехь, оцу кепарчу цхьанакхетарна реза бацара ГIалгIайчохь цхьаберш. Махкарчу Тайпанийн Кхеташонан декъашхочо Бузуртанов Хьамзата бахарехь, дийца леринарг маьIне хилийтархьама, ша Нохчийчоьнан парламентан спикер хиларе терра, Даудовс "видеокхайкхамаш а ца беш, официалехь кехат даийта деза ГIалгIайчу".

Кхечу гIалгIайн юкъаралхочо Беков Мохьмада дIахьедира, дозанех лаьцна шена хетарг дIаала ша "тIедожийна дацара" Султыговна а, Албогачиевна аьалла.

"Я къомо а, я съездо а, я тайпанийн Кхеташоно а, кхин болчу бахархойн дакъа ас дуьйцур а дац, хьалхатеттина боцучу юкъаралхойн цхьанакхетар чулацаме ду аьлла суна ца хета", - аьллачу Бековн дешнаш далийна "Фортанга" гIирсо.

2018-чу а, 2019-чу а шерашкахь ГIалгIайчоьно а, Нохчийчоьно а дозанаш къастош бинчу бертана реза ца хиллачу бахархоша митингаш йолийра Магасехь. ТIаьхьо Оьрсийчоьнан Конституцин кхело тIечIагIдира, документна куьйгаш яздар низамашкахь хилар, бина сацам юхабаккха бакъо цахилар дIа а кхайкхийра.

Глобализацин эпохехь латтанийн девнаш

Дозанех лаьтта хаттар оццул лазаме тIеэцаран бахьанех дуьйцучу, гоьваьллачу дуьненаюкъарчу юкъаметтигийн Кавказан проблемийн а, регионан кхерамзаллан а Центран Iилманчана этнографна Ярлыкапов Ахьмадна хетарехь, и хаттар ирдаларан бахьана ду, Къилбаседа Кавказехь кху заманан къаьмнийн проекташ шога ехкаелла хиларна латтанца.

"Регионехь национализм кхиар таханалерачу дийнахь лахдан ницкъ бац я малхбузен а, я исламан а глобализацин

"Таханалерачу дийнахь кегийрхой национализман авангард хилла дIахIоьттина. Ала догIу, цхьа тамашена оцу доллучо а исламах дIа а ца хадош, мел а оцу хаттарехь исламан тIеIаткъамбар алсамдоккху", аьлла, хета къамел дечунна.

Ярлыкаповс тергалдо, девне евллаччу агIонаша кест-кеста исламан аргументех пайдаоьцуш хилар, шайн оппоненташ шарIан кхелашка а кхуьйкхуш. Регионехь национализм кхиар таханалерачу дийнахь лахдан ницкъ бац я малхбузен а, я исламан а глобализацин.

Прагерчу дуьненаюкъарчу юкъаметтигийн Институтан Iилманан директор, профессор Аслан Эмиль тешна ву, тIаьххьарчу шерашкахь латтанашна тIехула кхолладелла хеттарш листар кхин тIе а чолхе даьлла хиларх.

"Къилбаседа Кавказехь а, кхечу меттигашкахь а глобализацин заманахь адамашна лаьа шайн мацах дуьйна долчу дозанашца, шайна дайн латтанашца шаьш билгалдаха. Дайшкара схьадогIург кар-кара дIалуш хилар а, маьIне хилар а хаало царна цуьнца", - кхетадо Аслан Эмиля.

Цо дийцарехь, латта цхьана тайпанна, я цхьана къомана тIеяздина делахь, цуьнан доладар - сий Iалашдар санна лору: "Iаламат билгалоне ду иза, хIунда аьлча, цхьана тайпанан, я къоман дозаллица доьзна хиларна. Цхьаъ хьайна тIелетча, хьо кийча хуьлу, хьайн дахар а ца кхоош, хьайн латта Iалашдархьама цуьнах тасавала. ХIунда аьлча, хьайн а, хьайн ворхIе дайн а сий лору ахь иза, хьуна хетарехь, дукха заманшкара схьа дуьйна латта церан долахь хиларна".

Политологна, стратегийн инициативийн Агенталлан экспертна Оздоев Мохьмадна хетарехь, латтанаш тIехула девнаш дийларан бахьанех цхьаъ ду, "Къилбаседа Кавказан къаьмнаш карадерзош, шайна хеттачу агIор регионера латтанаш цоьстуш, цхьангара схьадохуш, кхечунна дIалуш "Оьрсийчоьнан империно а, Советан Iедало а лелийнарг".

Стохкалера шо довш Оьрсийчохь низам тIеийцира, пачхьалкхан дозанашна тIехула херонаш йоху кхайкхамаш бинчарна дуьхьал бехкзуламан гIуллакхаш дохуш. Бакъду, документ хьакхалуш ду пачхьалкхан арахьарчу дозанех, махкахь лаьтта латтанийн конфликташ тергал ца йо цо.

XS
SM
MD
LG