ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Сочи гIалин коьрта архитектор лаьцна 20 миллион сом кхаъ оьцуш


Коррупци лелорах йолчу шеконца лаьцна Сочи гIаларчу архитектурин а, гIалахIотторан а департаментан директор. Краснодар-мехкан Талламан комитетан урхалло бечу хаамца, гIалин Адлеран кIоштахь хьешан цIа дар сихдойтург 75 миллион сом доьхуш хилла цо.

Ахчан дакъа – 4 миллион сом гергга – Сочин коьртачу архитектора схьаэцна ах шо хьалха. Охан-беттан 30-чу дийнан сарахь дIаделла цуьнга кхин а 20 миллион. Оцу муьрехь иза лаьцна, сов боккхачу барамехь кхаъ эцарх болу бехк тIе а хьош. Оцу бехканна низамо набахтехь такха кхачадо 15 шо.

Айдинчу девнехь жоьпе озийна архитектора хьешан цIа хIотто аьтто беш хилла лаьттан декъан да а. Иза бехкево кхаъ луш юкъарло лелорна. Оцу бехканна Оьрсийчоьнан низамо кхачадо набахтин 12 шо.

Лецначийн цIерш ца йоху талламо. Карарчу хенахь Сочи гIалин архитектурин а, гIалахIотторан а департаментан директоран декхарш ханна кхочушдо Петухов Михаила, боху хьукматан сайто. Амма Google хостинган архивехь йисинчу информацица, дукха хан йоццуш департаментан куьйгалхо хилла Добромыслов Сергей.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG