ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Кадыров Рамзанан декларацеш: доккху ахча шина шарахь дебна 50-зза


Нохчийчоьнан куьйгалхочун официалерчу порталехь гучуяьлла 2020-чу шарахь Кадыров Рамзанан долара хьал довзуьйту деклараци. Оцу документо бахарехь, цуьнан хьал лурчахчул шозза сов дебна.

Стохка Кадыровс даьккхина 381 миллион сом – лурчах даьккхинчу 147 миллионна дуьхьал, ткъа 2018-чу шарахь цо гулдинера 7,5 миллион сом. Терахьаша гайтарца, тIаьххьарчу шина шера чохь Кадыров Рамзана шен хьал дебийна 50-зза сов.

Нохчийчоьнан куьйгалхочун долахь гойтуш ду 32 эзар квадрат метр долу шиъ лаьттан дакъа, 2344 квадрат-метр цIа. Цул сов Кадыровн зудчунна тIеязйина ю 209 метр петар.

Официалехь Нохчийчоьнан куьйгалхочун яц цхьа а машен, цо кест-кеста шен гонна совгIаташ деш еза машенаш лахь а, шен гIагIадиллинчу машенийн кортежах дозалла дахь а.

"Лакхара хьаькамаш миллионераш хилар къайле яц. Уьш "Пятерочка" туьканашка лела безаш бац, таксешца дIахехкабала безаш а бац", – аьлла ю Кадыров декларацина Кавказ.Реалиина политолога Косачев Константина йина комментари.

"Информаци къевлина хиларе терра, официалехь чулуш йолу декларацеш мел бакъ ю хьожийла дац. Хеттарш-м хIуьтту дуккха а. Масала, еза машенаш езаш волчу, некъан инспекторо бакъо талхорна гIуда а тIехь тоьхна волчу Кадыровн официалехь машен янне а яц бохург хIун ду? ", – цецвуьйлу политикан аналитик Решетов Андрей.

Кадыровн хьал 2019-чу шарахь дуьйна сов ган доладалар доьзна хила тарло Малхбузено цунна кхайкхийначу санкцешца – хIинца Оьрсийчохь латто деза цо ахча, арахьа иза кхобийла дац., аьлла хета Решетовна.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG