ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Радиона а олуш хилла хьарам ю. Мегар дуй бусалбанашна биткоинаш эца?


Интернетехь цхьаъ лахаран системехь (масала Google-хь) "мегар дуй бусалба нахана…" дешнаш чуяздича каро аьтто бу бокс а, йога а, ур-аттал Iадатан гIуллкхаш а. Делахь а оцу могIарехь карайо инвестицеш а, трейдинг а, криптовалюта а. Ши кIира хьалха ГIалгIайчохь криптовалюта хьарам ду аьлла дIахьедар динера. Ткъа муха хьоьжу бусалбанаш биткоинашка?

Ислам динца йоьзначу гIараяьллачу динан сайташкахь, криптовалюта лело мегар ду-дац бохучух лаьцна дуьйцуш, Iелам наха дIахьедарш до шаьш цунна дуьхьал хиларх лаьцна. Атта тIеоьцу иза махкал арахьа, дуккха а бусалбан пачхьалкхашкахь.

Иштта ГIажарийчохь майнинг ян бакъо елла индустрин элекростанцешна, ткъа ша криптовалюта тIеэцна дуьненаюкъара мах баран гIирс санна. Индонезерчу исламан Iилманчаша дIакхайкхийна биткоин дино магийна хилар, ткъа Саудийн Iаьрбийн пачхьалкхехь кхуллуш ду noorcoin цIе йолу шайн электронан ахча.

Амма Мисарахь 2018-чу шарахь мехкан коьртачу муфтийно, шейха Аллам Шавкис фетва арахийцира, криптовалюташца операцеш яр емалдеш. Цо хаам бира биткоин "исламехь йихкина ю", цунна гонаха лелаш "бозбунчалла а, Iехор а, бодане хилар а" ду аьлла.

Кадыровна - хьанал

Оьрсийчьуьра бусалбанаш дукхачу хьолехь дуьхьал бац криптовалютина. 2018-чу шарахь криптовалюташ дийца волавелира Кадыров Рамзан. Шен телеграм-каналехь цо хаам бира, биткоинаш эца дагахь ву ша аьлла. Шен лаам цо кхетабора криптовалюта даржар тидамехь латто дагахь ву ша, ткъа "даим а хийцалучу технологин дахарехь кхиа веза хIора а, керла юкъадаьлларг хууш хила везаш хиларна" аьлла.

Биткоинашна инвестици яр, дера, шеконе хIума ма ду

"Ас хьалха а аьлла Нохчийн республикехь блокчейн юкъайоккхур йолуш ву со. Суна хазахета инновацин махбаларан машанаш", - яздира Кадыровс.

"Биткоинашна инвестици яр, дера, шеконе хIума ма ду, ахча дайна виса а мега, цхьа а страховка яц. ТIехула тIе оцу сегментехь яьржина ю хьарамлонаш. Амма сан ойланца и гIуллакх а низамашца дIанисдина хила дезаш ду, дехка оьшуш дац иза. Коьртаниг бахархой финансийн пирамидех а, кхечу курхаллийн схемех а ларбар ду, - тIетуьйхира цо.

Амма, оцу хенахь дуьйна майнингехь Кадыровс кхин кхиамаш баьхна аьлла хаам бина бац зорбанан гIисаша.

2017 шарахь биткоин дош юкъадаьллачу хенахь, Россельхозбанкан ГIалгIайчуьрчу филиалан директоро Мальсагов Ахьмада дийцира шайн республикехь йоккха потенциал хиларх лаьцна криптовалюташ кхиийта.

ГIалгIайчохь – хьарам

Амма кхин а диъ шо даьлча ГIалгIайчохь и риторика хийцаелира, ткъа Охан-беттан 12-хь хиира динах тешаш болчу нахе майнинг лелалур ца хилар республикехь, къа а ца латош.

ГIалгIайчоьнан муфтийн когаметто Хаштыров Мохьмада дийцарехь, "гIалгIайн дешна нах дуьхьал бу криптовалютица йоьзна пирамидаш ярна: "Таханлерчу денна дуккха а меттигаш ю криптовалютех пайда оьцуш пирамидаш ярна адамаш шайн ахча а дайна бисна хиларан. Дикаллах а, кхерамазалла хиларх а пачхьалкхо жоьпалла шена тIеэццалц, тхуна хетарехь, оцу шеконе операцешна исламо гIортор ца йо".Хаштыровна хетарехь, оцу ахчанна гIортор ян еза пачхьалкхо.

Оьрсийчоьнан кхечу регионашкарчу бусалбан диндайшна оццу хенахь бусалбачу нахана мегар доцуш хIума ца хета криптовалюташ лелорехь.

"Дуккха а хуьлучух кхетор доцуш ду дIаяхначу заманчохь Iелам наха язбинчу белхашкахь, - кхетадо ислам дин дика девзаш волчу Сулейманов Раиса. – Масала, изза коронавирусан пандемия. Цунах лаьцна дийца аьтто бу вайн дин девзачу наха Ӏаьржа ун, я, масала, чоьнан ун гучудаьлча дийцинчуьнца. Ас хьалхо теллира 20-чу бIешеран 20-чу шерашкахь хилла динца йоьзна политика. Документашна юкъахь карийра суна, хьалха молланаша дийцина хилар, исламо доьхка радиога ладогIар бохуш. ХIунда дуьйцуш хилла цара иза? Дера хилла, шайна иза хIун ю хууш ца хиларна".

Сулеймановна хетарехь, криптовалюташна дуьхьал болчу наха дуьйцучуьнан логикан бухехь ду иза вуно тешам боцуш финансийн инструмент ю, акцеш эцар санна йолу бохург.

ГIалгIайчуьрчу Iелим наха бина сацам ша цхьаъ нийса болуш санна тIеэцалур бац, тешна ву эксперт. "Тамаш бу кхечу регионаша иза тергоне эцахь", - боху Сулеймановс.

2019-гIа шо чекхдолуш ГIалгIайчохь криптовалютан майнинг йон ферма карийра, низам а дохош тоькана тIетесна йолу. Къайлахчу криптофермин гIишло яра Несаран кIоштарчу Плиево эвлан йистехь. Криптовалюта доккху 1 651 аппарат а, системан ши блок а, ноутбук а, видеон терго йон аппарат а, ткъа иштта хIора а 1600 киловат ницкъ болу трнформаторан ши пункт а яра цигахь лелош.

Бакъо йоцуш тоькан серешна тIетесна ферма карийнера оццу шарахь Сунжехь а. Цуьнан барам дуккха а жима бара, цуьнан долахочо ГIалгIайчуьрчу Джейрахан кIоштахь кIиранах, ткъа республикан дарбан цIийнехь баттахь ягош йолу электроэнерги мехаза ягийна ток латточу компанина доккха зен дина хиллехь а.

Коьрта теманаш

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG