ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

"Вежаршна юкъахь товш доцург"


Сталинан бюст
Сталинан бюст

ХIун аьлла хета лулахошна Дагестанехь Сталинна бюст хIотторах?

Сталин Иосиф вон маьIница тIеоьцуш ву Къилбаседа Кавказерчу дукхаха йолчу къаьмнийн республикашкахь. Иза коьртачу декъана доьзна ду 1943-1944-чу шерашкахь дуккха а адам махкахдаьккхина хиларца. Амма цуьнга хьаьжна доцуш 30 эзар стаг вехачу Дагестанские Огни гIалахь КПРФ (Оьрсийчоьнан Федерацин коммунистийн партин) меттигерчу декъан жигархой масийтта шо ду советан баьччанна хIоллам (памятник) хIотто гIерта. Кхушара иза дан аьтто балланза бевлира уьш. Сталинан бюст шина дийнахь а бен ца лаьттинехь а, коммунисташ дагахь бу гергарчу деношкахь иза оццу метте юхадIахIотто, меттигерчу Iедалшца дагабевллачул тIаьхьа. Кавказ.Реалиино хIун ду къастийра оцунна тIехьа лаьттарг.

Сталинан хIоллам Дагестанские Огни гIалахь гучубелира Охан-беттан 29-хь. Бюст дIахIотточу белхалойх цхьаъ баккъалла а цунна тIера ченалгаш дIайохуш хьийзара. Бетонан баьччанца цхьаьна меттигерчу бахархоша цунна уллехь схьайиллира юкъараллан транспортан социйла.

Сталинан депортацино эшам бина къаьмнаш дехачу Нохчийчохь а, ГIалгIайчохь а, ГIебартойн-Балкхаройчохь а, Кхарачой-Чергизийчохь а и керланаш тIеийцира эргIадбахарца. Реза боцуш бара шаьш Дагестанера бахархой а.

"И хIоллам а хIоттийна цара барт бохабо вайна а, вайн вежаршна нохчашна а, гIалгIашна а, балкхарошна а, лаьзгошна а юкъахь… Оха бехк цабиллар доьху, тхан гIалин куьйгаллан коьртаца цхьа проблемаш хилар бахьана долуш и чолхе гIуллкх эккхарна, - яздинера Дагестанские Огни гIалин бахархойх цхьамма, социалан машанашкахь яьржинчу видео тIехь.

Стигалкъекъа-беттан 2-хь Сталинан бюст дIаяьккхира бух тIера. Амма КПРФ партин гIалан декъан хьалхарчу секретара Рустамов Эседуллас дIахьедира иза цхьана ханна бенна дина дац, иза доьзна ду хIоллам хIоттор хьокъехь меттигерчу администрацица дагадовлар садоIу денош хиларна дахдаларца аьлла.

"Иза дIахIотто оьшуш долу дерриг а кехаташ гулдина дара. Амма 10 де мукъа денош кхайкхийна хиларна документана тIе куьг ца таIийнера гIалан гуламо. ДIахIоттийначул тIаьхьа иза гайтира тхуна… Сатесна ду, дерриг а къобул дийр хиларе, ткъа Сталинан бюсто дIалоцур ю Дагестанские Огни гIалахь лоруш йолу меттиг", - дIахьедира Рустамовс.

"Хайп ян ойла хилла"

Кавказ.Реалиина еллачу комментарехь КПРФ партин гIалин декъан куьйгалхочо кхетийра, меттигера коммунисташ Сталинан хIоллам хIотто гIерташ дуккха а хан хилла хиларх – лаххара а 2018-чу шарахь дуьйна, Джугашвили Иосиф вина 140 шо кхаьчначу дийнахь дуьйна. Амма иза дарх гIуллакх ца хилара: "Я бюст ца карайора, я меттиг ца лора".

Кхушара хIоллам дIахIоттор Рустамовс кхетадо, 100 шо хьалха Сталина "даггара дакъа а лоцуш" Дагестанан АССР республика кхоьллина хиларца.

Изилов Ахьмад
Изилов Ахьмад

Ресбупликан Халкъан гуламан хилла депутат а, Дагестанские Огни гIалан мэран декхарш кхочушдеш а хиллачу Изилов Ахьмадна хета, цу тайпа бахьанаш далор догIуш доцуш ду аьлла. Цунна хетарехь, горга терахь хилар бехказалла хила йиш яц дуккха а Къилбаседа Кавказерчу къаьмнашна шаьш сийсаз дар хета Сталинан бюст хIотто.

"Сталинан фигура цхьамаьIна долуш яц. ХIаъ, хилла цуьнан толамаш: тIамехь толам баьккхина цо. Амма кхин а цо бIеннаш эзарнаш адамашна депортаци йина. Бала хьегна вежараллин халкъаша – нохчаша, гIалгIаша, кхарачоша, балкхархоша. Махкахбаьна зударий, бераш баккхийн нах, иттаннаш эзарнаш адамаш делла. Сан дуккха а доттагIий бу нохчашна а, гIалгIашна а юкъахь. Цунах лаьцна цара дуьйцуш, церан бIаьрхиш оьхуш хуьлу, уьш гIематтахIоьттина божарий боллушехь", - дийцира Изиловс.

Ма дарра аьлча, советан баьчча виц цавалийта гIертар Дагестанские Огни гIалахь доладелира кхин а хьалха – цигахь Галимов Галим мэр волуш. Билггал цо 2002-чу шарахь Сталинан цIе тиллира, хIинца КПРФ партин жигархоша дашо басар хьаькхна бетонах йина бюст хIоттийначу урамна.

Изза стаг вара 2015-чу шарахь баьччан хIоллам хIоторах лаьцна дийца волавелларг. ГIалин хилла волу да ша а ву советан баьччах тера сибат долуш а, иза шен кумир хеташ а, дуьйцу Изиловс.

ТIаьхьо Галимов юхавелира монумент хIотто гIертарх. Цу тайпачу монументо депортацех чехкбевллачу нехан тIаьхьенаш аьшнаш йийр хилар даре а дина цо.

"Дагестанан бахархойх доккхаха долу дакъа иза хиллачу хенахь репрессеш лайна бу, ткъа цара муьлхха а дикачу агIор Сталин хьахош шайн дайн сий дайар санна тIеоьцу. Дагестанехь бехаш бу депортаци лайна нохчий, гIалгIай, кхидолчу къаьмнийн векалш. Цундела оха сацам бина кху тIехь совца, кхузехь цуьнан цIарах урам бу, ткъа хIоллам - дукха тIех хир ду", - дIахьедира оцу хенахь гIалин дас.

2015-чу шарахь Галимов балхара дIавелира. Амма Сталинна хIоллам хIотторан идей ехаш яра Дагестанские Огни гIалан керлачу куьйгалхоша гIортор ярна.

Изиловс бахарехь, карарчу хенахь йолчу администрацина коьртехь волу Алирзаев Джалалутдин а ву "Сталинан луьра агIонча", ткъа КПРФ партин гIалан декъан хьалхара секретарь Рустамов Эседулла цуьнан гIоьнча ву, коррупцица къийсам дIабахьарехь.

"Ткъа иштта хап ян дагадеъна хир ду царна 9 Май тIекхочуш а долуш, Гезгмашин-баттахь хир болу харжамаш тIекхачале", - боху Изиловс. Цуьнца цхьаьна, нагахь гергарчу хенахь Сталинан бюст оцу бух тIе юхадIахIоттаяхь а, масех де далале иза юха вовшахйоккхур ю аьлла хета цунна.

"Кавказерчу къаьмнийн юххера уьйраш ю. Вовшашка хьошалгIа оьху нах, бусалба-вежарий хета шаьш. Цундела мегар дац Сталина дина зуламаш дицдан, оцу кепара хаттарш кхочуш деш, ларлуш хила веза оцу теманах. Тидаме эца деза Дагестанские Огни гIалин бахархошна хетарг. Ас-м лур яцара и тайпа бюст хIотто бакъо", - дерзийра шен къамел Дагестанан Халкъан Гуламан хиллачу депутато.

Меттигера маьIна долу хаттар?

Рустамов Эседуллана хетарехь, советан баьччана Къилбаседа Кавказехь бюст хIотторна реза боцуш "истори ца хуурш" бен бац. Цунна хетарехь, репрессеш лелорна а, депортацеш ярна бехке Сталин вац, "ямартхой" бу.

"Цо цхьана дийнахь школе вахнера, цигахь 11-чу классехь доьшучу йоIа элира паччахьан доьзал бийна Ленина аьлла. Ас хаьттира: "Таккха нисло вайн Дагестанехь вежарий ГасангусеновгIар Путина байина хилар (ши ваша Наби а, Гасангусейн а ГасангусейновгIар герз диттина вийна уьстагIий дожийлера шайн юьрта цIавогIуш 20I6-чу шарахь, и шиъ "тIемало" хилла аьлла дIа а кхайкхош". – Ред.) "? Цо боху: "ХIан-хIа". Бехке ямартхой бу, уьш тахана а болуш бу", - дуьйцу Рустамовс.

Оьшуш ду аьлла хетий хьуна, хIоллам хIоттор хьокъехь луларчу республиткашчу бахархошна хетарг тидаме эца, аьлла шега хаьттича КПРФ партин декъан куьйгалхо жоп ца луш кIелхьарвелира. Цо дийцарехь, маьIна дерг уггар хьалха бюст хIоттор йолчу урамехь бехачу нахана хетарг ду.

"Иза оццул глобалан хаттар а дац, ерриг а Оьрсийчухала дIасаозо. Ерригоьрсийчоьнан я Кавказан юкъара маьIна долу хаттар дац иза. Иза меттигера маьIна долу хаттар ду", - боху Рустамовс.

Цуьнца цхьаьна цо мукъарло до Дагестанские Огни гIаларчу бахархошна юкъахь шаьш официалан таллам бина ца хиларна. Цуьнан метта коммунисташ "цхьацца къамелаш дина" Сталинан урамерчу бахархошца.

"Вежаршна юкъахь товш доцург"

Нохчийн историк Вачагаев Майрбек эргIадвахна ву Сталинан режиман оцу кепара Рустамовс юьйцучу кепехь мах хадорна. Иза ванне а реза вац, советан баьчча жоьпаллехь вац рересеш дIаяхьарна бохучунна.

Вачагаев Майрбек
Вачагаев Майрбек

"ТIаккха Сталин корта боцуш, цхьа а хIума лело хьакъ доцуш нисло-кх? Гонаха тоьпаш етташ бойуш нах а болуш, ГУЛАГ-ан лагерш а йолуш кхуллуш, динна къаьмнашна еш депортацеш а йолуш, ткъа иза - цхьа хьоме стаг а, цIена стаг а - хиъна Iаш хилла-кх Кремлехь, хуьлучух а цакхеташ?", - эргIадоьху Вачагаев.

Цо дийцарехь, Сталинан режиман историн мах хадош адамаш Iехадаларан коьрта бахьана ду говзалла цахилар.

"Тидаме эца деза, Къилбаседа Кавказерчу бахархойн цхьайолчу контингенто, кIеда аьлча, дукха кIезиг хIума ешна хилар. Книгаш ешна цахиларан кхачамбацар дузу цара советан хенахь яьхначу исбаьхьаллин фильмашкахь гойтучуьнца. Цу фильмашкахь Сталин турпалхо ву, кIелхаьрйоккхуш хилла иза Советан Союз.

Цундела адамаш ду, оцу стеган кхин агIо ца евзаш. Цара иза тIеоьцу, фашизмах пачхьалкх кIелхьаръяьккхина а, тIамехь толам баьккхина а стаг ву иза бохучу контекстехь", - дуьйцу историка, СССР пачхьалкх йоьхна 30 шо даьллачул тIаьхьа а оцу агIор хIумма а хийца делла ца хилар билгал а доккхуш.

ГIебартойн-Балкхаройчуьрчу "Бакъонашарйон центран" куьйгалхочо Хатажуков Валерийс а боху, Сталин алссам репрессеш ярна декъа вац бохург "гIенаха харцлер" ду. Цо дийцарехь, ГIебартой-Балкхаройчоьнан республикехь баьччах йолу ойла цхьаъ ю.

Хатажуков Валерий
Хатажуков Валерий

"И тема гергара ю балкхарошна, гIебартой а бу депортаци лайна, оццул дукха бацахь а. Бала лайна бу репрессийн, кхин цхьана а къомо ца лайна ала а мегар долуш. Иза ирча хьал дара хилларг. Цундела кхузехь берриг а бахархоша эгIадбахарца тIеийцира Дагестанехь хIоллам хIоттийна бохург", - элира Хатажуковс, Кавказ.Реаллина ша еллачу комментарехь.

Цуьнца цхьаьна цо билгалдаьккхира ГIебартой-Балкхаройчохь Дагестанан халкъ бехке деш цахилар, хIунда аьлча кхеташ ду, бюст хIотторна бехке Iедалш хилар, аьлла.

"Иза Дагестанехь хилла Iан? Цу тайпа масаллаш ерриг а пачхьалкхехула ду. Иза ерригоьрсийчоьнан процесс ю, сталинизм денъялар ду дIадоьдуш. Суна хетарехь, иза доьзна ду пачхьалкхан чоьхьарчу политикица. Цундела со хIуттур вацара ша Дагестан я Къилбаседа ХIирийчоь къасто, цигахь цуьнца къиийсам дIахьуш, Сталинан цIарах урамийн цIераш хуьйцуьйтуш а, хIолламаш дIабаха бохуш а нах хиларна а, - боху Хатажуковс.

Муцольгов Мохьмад
Муцольгов Мохьмад

ГIалгIайчуьрчу бакъонашларъярхочунна Муцольгов Мохьмадна догIуш дац аьлла хета советан пачхьалкх хиллачу территорина тIехь Джугашвили Иосифна хIолламаш хIиттор, амма къаьсттина - Къилбаседа Кавказехь: "Ца хаьа суна, цхьанха режимаш ю Гитлера а, Сталина а динарг къобалдеш, амма вайн хьолехь иза мегар доцуш хIума ду".

Бакъонашларъярхочунна хетарехь, Сталинна бюст хIоторна метта Дагестанские Огни гIаларчу коммунисташна бахархошна пайденна хир долу хIума динехь дика хир дара.

"Цуьнан метта тIехьажабайша шайн ницкъ Дагестанерчу цхьана эвлахь цхьа жима электростанци йилларна, бигиша цига Ильичан чиркх! Иза уггар аттаниг ма ду… Со кхета кестта харжамаш хиларх, амма гIоле хир дара цара майданехь буц йийча, охьахаъа гIант хIоттийча, я серло ялийча шаьш бюст хIоттийначу ураме, я некъ хадош меттиг кечйинехь, некъа йистош тойинехь, дитташ дийнехь, адамаша реза хиларца алсам баркалла эр дара", - боху Муцольговс.

Муцольговна хетарехь Сталинна бюст хIоттор Дагестанан бахархойн гIуллакх ду, амма "оьздангаллан хаттар" а ду. Цунна хетарехь, Дагестанские Огни гIалахь динарг "вежаршна юкъахь товш дац", луларчу къаьмнашна гергахь. Делахь а, бакъонашларъярхочо билгалдаккхарехь, ГIалгIайчохь кхеташ бу, и бюст хIотторах лаьцна сацам бинарш шаьш меттигера бахархой цахиларх.

Изза хеташ бу коммунисташ лелочух Нохчийчохь а. "ХIоьттинчу хьолехь нохчий а, кхарачой а, балкхарой а, гIалгIай а кхеташ бара дуккха а дагестанхой реза боцуш хиларх, бехк ца биллар доьхуш Дагестанские Огни администрацино леkориг бахьана долуш. Цундела ас эр дацара Сталинна хIоттийна бюст бахьана долуш къаьмнашна юкъахь цхьа мостагIалла даьржар ду аьлла. Мелхо а, нохчашна а, гIалгIашна а гира, Дагестанехь шайна гIортор еш хилар, цигахь, комментареш ешча ойла кхоллаяларца, дукхаха берш вочу агIор ойла йолу хилар Сталинах,- бохуш вара историк Вачагаев.

"Сталине безам тIебар"

Дагестанерчу политолого Курбанов Руслана а хьахадо Дагестанские Огни гIалахь эс хIотор, Iедалца доьзна доцуш наха шаьш дина хIума хилар сагнна: "Бевлла-кх нах карзах, Сталине безам тIебар иккхинна-кх церан".

Курбанов Руслан
Курбанов Руслан

Цу тайпаниг дан аьтто хилар Курбановс кхетадо, республикехь советан баьччан хьокъехь массера а цхьа позици ца хиларца: "Дагестанехь нисса бIостанехьа кхетамаш болуш нах бу оцу хьокъехь. Дагестанехь иштта тайп-тайпа политикан ойланаш йолуш нах а бу, коммунисташна тIера ЛДПР патина тIекхаччалц а, дин чIогIа лелочу наханна тIера формалан йоцу кегийрхойн субкультурашна тIекхаччалц".

Сталинан репрессех лаьцна дуьйцуш, Курбановс дагадоуьйту лулара къаьмнаш хилла ца Iаш царах эшам хилла шаьш дагестанхой а хилар.

"Ткъа 1944-чу шарахь Дагестанерчу дерриг а къаьмнашна ца еш, цигарчу цхьана декъана депортаци йина хиларна, инзаре дукха Дагестанера бахархоша, башхалла а ца хеташ, тIеоьцу иза, къаьсттина кхузаманахьлерчу чIоро. Дукхаха болчарна ур-аттал хаа а ца хаьа Дагестанерчу къаьмнийн а, лулахойн а депортаци хиллий. Ткъа Дагестанан коммунисташна иза коммунистийн партин кхиам хета – Сийлахь Даймехкан тIом боьдуш кхераме юкъараллан элементашца къийсам латтор. Вуьшта аьлча, уьш бехаш бу депортаци йина , Советан пачхьалкхан кхерамазалла ларъяр Iалашонца, вайнаха а, кхарачоша а, балкхароша а Гитлеран эскаршца лелийна бохуш юьйцу коллаборационизм бахьана долуш бохучух тешаш. Иза цIена хабар ду", - элира цо Кавказ.Реалиига.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG