Омск-махкахь тахана а лохуш ву регионан могашаллин министр Мураховский Александр. Буса лехамаш совцийра шаьш, билгалдоккху мехкан чоьхьарчу гIуллакхийн министраллин урхалло.
Стигалкъекъа-беттан 7-чохь вайна Мураховский. Квадроцикл тIехь вахана иза талла, Большеуковски кIоштан Поспелово юьртарчу таллархойн базера араваьлла, амма юха ца веана. КIирандиIйнахь хиина иза вайнийла. "Интерфаксо" бахарехь, шаьш лехна иза цуьнан накъосташа дийнахь-буса, ткъа Стигалкъекъа-беттан 8-чохь хаийтина полицина. Стигалкъекъа-беттан 9-чохь таллархойн базина 6,5 километр юьстах карийна министран квадроцикл, ткъа иза ша вац карийна цкъачунна.
Мураховский Александр вара стохка оппозицин политик Навальный Алексей, иза Берлине вигале, чувиллинчу дарбан цIийнан коьрта лор. Марсхьокху-беттан 20-чохь, кеманца Томскера Москва воьдуш, лазаро а лаьцна, иза чувиллинчу Омскерчу дарбан цIийнан лоьраша диагноз хIоттийра: "дегIаца кхача нийса дIаса ца лелар". Ша оппозиционер а, цуьнан го а тешна бу Навальныйна тIеман "Новичок" дIовш делла хиларх – цуьнца иза карийра тIаьхьо Европерчу лабораторешна а, Берлинерчу лоьрашна а.
Мураховский Александр Омск-мехкан могашаллин министр хIоттийра 2020-чу шеран Лахьан-бетта юьххьехь, цул хьалха оцу даржехь Iийна Солдатова Ирина балхара дIаяьккхича. Медицинан гIирс оьцуш дуккха а миллионашкахь ахча лачкъорна бехке а йина, лаца кхайкхийна ю иза.
2021-чу шарахь велла Мураховскийн гIовс лаьттина анестизиолог, реаниматор Максимишин Сергей а, Оьмскерчу дарбан цIийнахь травматологин, ортопедин декъан куьйгалхо Iийна Агишев Рустам а, дагадоуьйту "Коммерсантъ" газето.
Оьрсийчу юхавеъча лаьцначу Навальный Алексейна цхьа хан хьалха "Ив Роше" бахаьнехь тоьхна хилла хан, иза набахте а хьажош, меттахIоттийра кхело. Навальныйна хетарехь, Оьрсийчоьнан къайлах сервисаш ю цунна дIовш делларш. Иштта бехкево цо шена дIовш даларна Оьрсийчоьнан президент Путин Владимир а. Кремло тIе ца оьцу бехк. Оьрсийчоьнан территори тIехь Навальныйна дIовш делла бохург а дуьллу лакхарчу куьйгалло шеконе.